ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинна гIаролехь кадыровхой. ЧВК "Вагнерна" дуьхьалойан муха йахара "Ахмат" тоба


Т-72 танк тIехь ву Кадыров Рамзан. Нохчийн куьйгалхочун пресс-гIуллакххойн видео тIерайина скриншот
Т-72 танк тIехь ву Кадыров Рамзан. Нохчийн куьйгалхочун пресс-гIуллакххойн видео тIерайина скриншот

Мангал-беттан 24-хь, шоьта-дийнахь Ростов-на-Дону гIаланна чувуллучохь хаайелира Нохчийчуьрчу батальонийн машенаш - гIала дIалаьцначу ЧВК "Вагнер" тобанерчу йолахошна дуьхьало йан баьхкина бара уьш, бохура республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Машанашкахь йаьржинчу видеоша, телеграм-каналаша бинчу хаамаша а дийцарехь, кадыровхой цхьана ханна гIалин чу ца богIуш, йисттехь севцина лаьттира. Уьш цига бахар Путинна ша муьтахь хилар дIагайта оьшуш дара Нохчийчоьнан куьйгалхочунна. Амма ЧВК "Вагнерца" церан лата дезарах кхоьруш а вара иза, билгалдоху Кавказ.Реалии сайтаца къамелаш динчу политологаша.

Кадыровн вист цахилар а, "Ахматан" парталла а

Мангал-беттан 24-хь, Iуьйрана "вагнеровхоша" Къилбехьарчу тIеман гонан штаб а, Ростов-на-Дону гIалин йуккъера масех администрацин гIишло а дIалецира. Дукхахболчу мехкийн куьйгалхоша шаьш долчохь "тийна хьал" хиларах йозанаш дира шайн аккаунташкахь. Цхьаннан агIо лоцуш, ца гайтира цара шаьш. Хьалхо компанин долахочух Пригожин Евгенийх "бакъволу тIемало", "хьоме ваша", "лерамеверг" баьхна волу Нохчийчоьнан куьйгалхо президент Путин Владимир вистхилла ваьлча бен гучу ца велира. ТIаккха элира цо хилларг "йамартло йу", "гIаттам бу".

"Хуьлуш лаьттарг - тIеман министраллина йина ультиматум йац. ХIара пачхьалкхана йина дуьхьало йу. Кхунна жоп луш, къоман хьалханчина гондхьа дIахIитта деза вай,- йаздира Кадыровс. - Нохчийн республикера тIеман министраллин, Росгвардин эскархой гIаттамхой болчу агIор бахан новкъабевлла. Оьрсийчоь цайохийта а, цуьнан Iедал латтийта а, оха дерриге дийр ду."

"Боллучу ницкъаца" гIаттам сацон кийча бу нохчийн эскархой аьлла билгалдаьккхира цо.

Мангал-беттан 24-хь, делкъал тIаьхьа ростовхойн телеграм-каналаша, гинчеран къамелашна тIетовжарца, хаамбира махка "Ахмат-Север" батальон кхачарах. Хетарехь, "ДНР" латтанаш тIехь йолчу лоттийлашкара схьаеъначу. Ростов-махка йогIучу кадыровхойн йоккхачу тобанах дийцира "Донецкая республика" сепараратистийн канало а.

"Хьажа, хIун хуьлуш ду. Берриге - Ростове боьлхуш. Берриге нохчий, 95-гIа мохк",- олу гушволчо. Видео тIехь гуш ду, иттанашкахь бронетранспортераш, тIеман йаккхий машенаш чуйогIуш, амма техникин номерш гуш йац. Видео Матвеево-Курганск кIоштахь йаьккхина йу. Донбассаца дозанехь йолчу меттигна генадоццуш.

Кадыровхой бронетранспортерашкахь, кегийчу машенашкахь Ростов-на-Дону гIалина 87 чакхарма генахь гулйеллачу машенашлахь лаьтташ йаьккхина видео социал-машанашкахь гучуйолу. ТIеман цхьана машенна тIехь - байракх йу, Оьрсийчоьнна муьтIахьчу нохчийн президентан, мехкан хIинцалерчу куьйгалхочун ден Кадыров Ахьмадан. Амма машенчуьра схьахезаш Дадашева Тамарас дIалокху "Джохар" йиш йу. Иза лерина йу республикин маршонехьа къийсинчу Ичкерин дуьххьарлерчу президентана Дудаев Джохарна.

Путинна муьтIахь хилар гайтархьама, шайна пиар йезарна лелош хила тарло

Мангал-беттан 25-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочо ши пост хIоттийра: цхьанна тIехь цо билгалдаьккхира Пригожинан гIаттам бизнес-гIуллакхашна тIехула бина бу, ЧВК долахочун йоIан Полинин Петербургерчу администрацица дов даларна аьлла. Вукхунна тIехь иза баркалла олуш ву "Север-Ахмат" батальонан буьйранчина Зингиев Зайндина, "Ахмат" батальонан буьйранчина Алаудинов Аптина. ХIоьттинчу хьолехь дика чекхбовларна. Пригожина шен "нийсонан марш" сацайо ма эллинехь, Алаудиновс шен эскархой Донбассе йухабуьгу ша аьлла хаамбира.

"Лаккхарчу буьйранчас деллачу омраца вай кхуза схьадаьхкина. Большой Лог олучу метте ( Ростов-на-Дону гIалина 22 чакхарма генахь йолу кIотар.- билг. ред), вайга дуьйла аьллаче. Кхузахь ваьшна дIедехкина декхарш кхочушдеш а дара. Везачунна бу хастам, гIуллакх маьршачу агIора дIадирзи,"- олу видео тIехь эскархошка "Ахмат" батальонан буьйранчас. Уьш цу видеочохь аренца схьайиллинчу куьпахь лаьтташ бу.

Хьенан агIо лаьцча гIоле дара-те?

Хетарехь, Ростов-на-Дону гIаланна уллохь гIаттамхошна дуьхьал даккха ТIеман министраллин цхьа а эскаран дакъа хиллачух тера дац - йа уьш хилла, амма куьйгалхой боьхна хиларца доьзна ду дерриге, олу Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь тIеман журналисто Шарп Давида.

"Амма кийчча лаьтташ Кадыровн ницкъаш хилла, уьш Ростове сехьабаьхна цара. Видео тIехь гуш ма-хиллара - шайн "Приора" машенашкахь цхьаьна схьабаьхкина. Мухха делахь а, "Вагнеран" тобанаш совцон шаьш кийча хилар къамелаца дIахаийтина баьхкинчара. Амма видеохь гуш ду, "Ахматан" ницкъаш цигахь кIезга хилар. "Путинна муьтIахь хилар гайтархьама, шайна пиар йезарна лелош хила тарло цара и дерриге",- билгалдоккху эксперто.

Нохчийн батальонаш Донан йоккхачу гIаланна уллохь лаьттачу хенахь гIаттамхошна, Кремлан йуккъехь дIадоьлхуш бартбаран къамелаш дара. Хетарехь, Путина шен видео-кхайкхам балале хьалха дIадолийна хилла и бартбаран къамелаш, дуьйцу Шарпа. Цо дийцарехь, кадыровхошна хууш дара, "вагнерхошца" шайн тасабала дезар доцийла.

"Кхин цхьа ладаме хIума а ду - шен "везачу вашас" динчу къамелана дуьхьал хIумма ца деш, хьен хIунда велира Кадыров Рамзан? Кхинболчу куьйгалхойл тIаьхьа хIунда дира цо къамел? Хетарехь, цуьнан соцунгIа хьенан агIо лаьцча бакъхьа дар-те аьллачу ойланца йоьзна йу",- боху тIеман журналисто. - Шен йоIана Петербургерчу администрацино латта цадаларна бина Пригожина и гIаттам боху Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Иза алар цхьанна кепара догIуш дац хиллачуьнца. И гIулч цуьнга йаккхийтинарг цхьа доккха бахьана ду".

Политолого Галлямов Iаббаса Кавказ.Реалии редакцина ша йеллачу комментарехь билгалдехира "Ахмат" батальонаш "Вагнер" тобанна дуьхьалйовла резахиларан бахьанаш: цкъа делахь, уьш Пригожинна оьгIазабахана бу. Цо Кадыровгара "Оьрсийчоьнан Федерацин уггаре майра стаг аьлла цIе дIайаккхарна. ШолгIа делахь, Путин резаван лерина бу.

"Уьш боккъал лата кийча хилла, ца хилла - хууш дац. Хетарехь, иза кхин цхьаъ "тикток кино йара",- тIетадира спикеро.

"Нохчийчохь хиллачу тIемех тера хир дара и вовшахлатар"

Европерчу нохчийн "Единая сила" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата бахарехь, тIеман гIаттаман кхерам тIехIоьттича, Путинна тIетовжа буьсурш цхьа кадыровхой бен бац.

"Эскарернаш Путинна резабоцийла гуш ма дуй, инарлашлахь а цхьаьна. Хетарехь, беккъа цхьа кадыровхой бисна-кх цунна тIехIитта. Амма бакъболчу тIамах чекхбевллачу "вагнервхошна" дуьхьало йан уьш говза бу, бац - доккха хаттар ду", - олу къамелахочо.

Нохчийн спикеран хаамашца, мангал-беттан 24-хь республикехь бертаза сихха студенташ а, резервхой а дIагулбира. Уьш, нагахь Пригожин Москва кхачахь, цига бига кечбеш бара. Амма и тайпа гIо ца ийшира.

"Кхерам боккъал хиллехьара, тIеман министралло чолхечу муьрехь тIамера шайн ницкъаш цIаберзор бара, амма цо иза ца дира. ТIаьхьо ЧВК- тобанан долахо йухавалар а ду шеконе дилла мегаш. Хетарехь, вайна гайтинарг йоккха кино йу",- шен хетарг довзуьйту Сулеймановс.

Де - буьйсанна чохь, пригожинхошца йа эскархой, йа чекисташ, йа полисхой зIене цабовларо цецвоккху

Къамелахочо тидам тIеберзабо цу хьолан кхечу агIонна: нагахь кадыровхой, "вагнеровхой" Ростован урамашкахь чуччабахнехьара, этникийн йукъаметтигаш талхан тарлора.

"Дукхахболчу оьрсийн кхетамехь кадыровхой а, нохчий а цхьаъ бу - амма иза бакъ дац. Хьал иштта хир дара: нохчийн герз Путинан йамарт Iедална тIехIутту, ткъа майра болу "вагнеровхой" - оьрсийн къоман гIаролчаш бу. Цу агIоно тхан жимачу къомана доккха зулам дан тарлора. ТIаккхахула а тхоьга болу цабезам кхиорехь лелор а дара иза",- аьлла хета "Единая сила" тобанан куьйгалхочунна.

Кадыров хилла ца Iаш, иттанашкахь кхинболу губернатораш а Iийра ларбаларца бист ца хуьлуш: политилого Виноградовс дийцарехь, мангал-беттан 24-хь ( Путина видео-къамел динчул тIаьхьа ши сахьт даьлча) цуьнан агIо лоцуш 80 губернаторах 38 бен вацара. Царех хIораннан машанашкахь аккаунташ йоллушехь. Йукъараллина ца гира "ма-йарра" тIеман министро Шойгун а, Генштабан куьйгалхочун Герасимов Валерийн а реакци, тидам тIеберзабо "Либеральная миссия" фондан декъахочо Жаворонков Сергейс.

"Дукхахболчу оьрсийн буьйранчаша, эскаран ламасташ лоруш, гIарабуьйлуш дIахьедарш ца до. Кадыров шатайпа ву царна йуккъехь. Цо даимна а дукха хан йойъу шен пиарна дуьхьа. Амма кхечу эскархоша шеконе диллира царна тIаме баха лаар",- дуьйцу эксперто. - Кадыровхойн, вагнеровхойн вовшахлатар хиллехьара жамIаш муха хир дара ала хало ду. Амма цхьа де-буьйса хеначохь Ростован-махкахь шаьш шортта боллушехь йа эскархой, йа чекисташ, йа полисхой "вагнеровхошца" з1ене цабовларо боккъал цецвоккху".

Оьрсийчоьнан ницкъаллин майданахь дуккха болх бина, къоман тематика йийцаре йар доьхкуш, тIетуьйхира Жаворонковс. Амма дикка гуш ду "Ахматан" декъалхошлахь а, оьрсийн эскархошлахь а националисташ буйла. Царех хIора а 90-чу шерашкахь хиллачуьнга тайп-тайпана хьоьжийла а.

Хьалхо, масех шарахь, къаьсттина Украинехь тIом болабелчул тIаьхьа Кадыров Рамзана Пригожин Евгенийца шен долу гергарло гIарадохура - цаьршимма цхьаьна тIеман министралла йемалйира. 2023-чу шарахь Кремлехь цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа Кадыровс Пригожин дIатесира, тIеман министраллица долу гергарло дендира. Цул тIаьхьа а цхьаццачу бахьанашца Нохчийчоьнан куьйгалхочун гоно йуьхь йохуш къамелаш дира ЧВК "Вагнеран" долахочуьнга.

  • "Русский добровольческий корпус" диверсийн тобанаш, "Свобода России" легион тIелеттачул тIаьхьа, цкъа хьалха Пригожина, йуха Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаийтира, шайн батальонаш дозане йахийта шаьш кийча дуйла. Мангал-беттан йуккъехь Белгородан махка дIабигира "Запад-Ахмат" батальонан эскархой. Цигахь уьш Украинин дозанна гено йолчу лоттийлашкахь дIатарлур бу - эскарерчу салтийн баккъашна тIехьа. Цунах лаьцна мангал-беттан йуккъехь хаамбира телеграм-каналаша. ТIамехьа болучара цхьаьна. Хьалхо эксперташа дийцина ма-хиллара, кадыровхой дехьабахар Нохчийчоьнан куьйгалхочун тIамах вада лаарца доьзна ду аьлла. "Запад-Ахмат" батальон оьрсийн латтанаш тIехь хIун лелош йу хаархьама, шен таллам бира Кавказ.Реалии сайто.
  • Mангал-беттан 23-чохь Пригожина ЧВК - лоттийлашна тохарш дарна бехкейира Оьрсийчоьнан тIеман министралла. "Оьрсийн тIеман куьйгалло дохьу зулам" сацорхьама,"Нийсонан марш" кхайкхира гIаттамхочо. Шеца 25 эзар эскархо ву элира. Шайн "маршан" Iалашо – тIеман министраллин урхаллина жоьпалла тIедожор йу элира цо, къаьсттина урхаллин министрана Шойгу Сергейна а, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн Коьртачу штабан хьаькамна Герасимов Валерийна а.
  • ЧВК тобанна тохарш даран бина хаам Оьрсийчоьнан тIеман министралло "хаамийн провокаци" йу лэира. Оьрсийчоьнан ФСБ урхалло Пригожинна дуьхьал бахктакхаман гIуллакх долийра. ГIаттам кечбарна аьллачу артиклаца. ТIаьхьо Кремлан пресс-гIуллакхочо Песков Дмитрийс хаамбира, Пригожинна долийна гIуллакх цо тIамехь хьалхо "динчу диканийн" дуьхьа сацийна аьлла. Президент Путин Владимиран гарантица иза "Белоруссе дIавахара".
  • "Путинан гIашсалти" ву ша баьхна Кадыров Украинехь тIом болабелча, Пригожинна муьтIахь хилла дIахIоьттира. Цул совнах, церан структураш йара цхьаьна бертахь болх беш. Нохчийчухула тIаме дIахьовсийна "лаамернаш" ЧВК "Вагнере" кхочура.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG