Украинана дуьхьал шуьйра тIом болийчхьана пачхьалкх Iалашйеш дакъалоцуш нохчийн масех дакъа ду, царех цхьаъ – 2014-чу шарахь ЧIебирлойн Муслима буьйралла а деш кхоьллина хилла, шейх Мансуран цIарах батальон йу. Украинан тIеман ницкъашна йукъахь йоцчу батальоно тIамтIехь шен леларца муха уьйр латтайо, оцу пачхьалкхехь нохчаша дакъалацар доккха хIума хетарх а, тIом бирзинчул тIаьхьа йолчу Iалашонех а дийцаредира "Хроника Кавказа" подкаст дIахьочу Вачагаев Майрбека оцу декъан спикерца Исаев СаьIидца.
– СаьIид, тIеман хьалхара де муха доладелира хьуна, 2022-чу шеран чиллин-беттан 24-ра?
– Сан уллорчу доттагIчо телефон туьйхира соьга, цо элира: "ХьалагIатта, тIом болабелла". Со Киевехь вара оцу Iуьйранна, суна билггал хезира лелхийтарш а, гIалина тIейеттачу ракетийн а гIовгIа. Ураме велира со, адамашлахь паника гира суна, банкоматашна тIе раьгIнаш йара, машенийн раьгIнаш. Оццу мIаьргонехь харжам бира аса, пачхьалкхана гIороле хIотта, тахана Ичкерихь дерг ца хилийта.
– ХIинций-хIинций тIом болу аьлла, цхьа а ойла, шеко хуьлурий хьан цул а хьалха?
– Дера хуьлура. ТIаьххьарчу эхашарчохь хIаваэхь гIаьттина лелара и хетарг. Дукхахберш ца тешара. Амма лач тоьшаллаш цунна дара, дозанашна герга Оьрсийчоьнан тIеман дакъош cхьаузуш ду бохуш – тхуна хаьара нохчийн оцу хенахь ГIирмехь (Орсийчоьно аннекси йина ахгIайре.- Билгалдаккхар) дуйла. Къайле йацара, уьш Украине гIорта там бу аьлла а, иштта оккупаци йинчу дозанаш тIера а, Оьрсийчоьнан арми цигахь йолу цхьа шо хилла а ца Iара.
– ТIамтIе ваха ахьа бина сацам муха тIеийцира хьан гергарчу наха?
– Цхьана мIаьргонехь аса бина сацам бацара и. Кхул а хьалха дуьйна со кхеттера: нагахь тIом балахь, со сайчарах дIакхетар ву, нохчийн батальонах аьлла. Сан наха кхетамца тIеийцира сан лаам. Со цхьаъ хилла ца Iара – сан уллорчу доттагIчо, гIалгIайн къомах ву иза, изза сацам бинера, иза Украинан тIеман ницкъех дIакхийтира, аса Нохчийн Ичкерия Республикин тIеман ницкъийн цхьахйолу батальон къастийра.
– Хьайн доттагIчо санна, ВСУ хIунда ца хаьржира ахьа?
– Иза Украинан вахархо ву, ВСУ-хь доттагIий бара цуьнан. Сан доттагIий шейх Мансуран цIарахчу батальонехь бара. ТIом бола а балале дикка хьалха суна хууш дара Украинан байракха бухахь тIемаш беш нохчийн батальонаш йуй. Сайн вежаршца-нохчашца хила лиира суна, Украина тхаьш маьршайаьккхича тхо цIа а гIур ду, тхайн дIалаьцна даймокх, Ичкери, маьрша а йоккхур йу бохуш, дегайовхо йара сан. Цул совнах, ЧIебирлойн Муслим [шейх Мансуран цIарах батальонан командир] – Нохчийчохь хиллачу шина тIамехь дакъалаьцна ву. Дуккхаъчу нохчашна авторитет ву иза.
– Украинхойн тIеман урхаллица тахана муха йукъаметтигаш лелайо батальоно? Украинхойн армина йукъа доьлхуш шу дацахь а, муха къастайо аша тIамтIехь шаьш жоьпалла дIахьон долу меттиг?
– Шейх Мансуран цIарах батальон – дукха хьолахь нохчех лаьтта, шайн лаамехь вовшахкхетта дакъа ду и, делахь а, кхечу къаьмнийн векалш а бу царлахь. Батальонан Iалашо йу - 1991-чу шеран дозанашка арайолуш Украинана гIодар, иштта тхайн цIа даха аьтто баккхар а. ТIемашкахь муха дакъалоций? ТIемаш бечу зонехь йолчу ВСУ-н буьйраллица дагадуьйлу тхо, цара цхьацца тIедахкарш до цхьа меттиг билгалйоккхий – тхан бераш оцу меттиге доьлху, мостагIчух кхетар нисло, йа церан координаташ ВСУ-га дIайуьйцу.
– Орсийчоьнан эскара йукъара нохчашца цхьанакхетар хилла ца Iаш, цаьрца къамел дар а хиллий хьан?
– Запорожьен кIоштан дозанаш тIехь батальоно дакъалецира тIамехь, цигахь бара тIемаш беш нохчий [Оьрсийчоьнан тIеман министраллин цIарах]. Йуьхьдуьхьал кадыровхошца нисделла дац тхо, къамелаш дар муххале а ца хилла. Тхуо нохчий хиларе терра, тхуна чIогIа новкъа ду тIеман вукху агIор тхайн махкахой болуш. Тхо кхета ма кхетий, уьш хила тарло тхан тайпанах, тхан эвлара, генара гергарло долуш. Кхин а чIогIа халахета, Нохчийчохь шина тIамехь Оьрсийчоьнна дуьхьал тIемаш бинчийн доьзалхой уьш хилар. Дог лозу, церан дайша Ичкерина тешаме хила чIагIо йина, ткъа церан воIарша цунна йамарт хилла, оцу авантюристийн тIаме бахна, цу тIехь джихIад олу цунах. Даймахкана йамартбевлла ца Iаш, динна тIехь сийсазаллаш лелайо цара.
Цхьана кадыровхочух 19 гергга "всушник" ло. Амма йийсаре лецна кадыровхой суна гина бац цкъа а
Со а кхета, дуккхахберш а кхета, Оьрсийчоьнан армихь закъалтхой долу адамаш хиларх. Царлахь а цхьаьна бу доггах леларш, шайн хьола дуьхьа леларш, даржехь лакхабахаре сатуьйсурш. Тхан командиро ЧIебирлойн Муслима ма-аллара- и тайпа нах нохчий бац, нохчийн мотт буьйцурш бу. ХIунда аьлча, бохийла дац нохчочо, ша "гIашсалти" ву Путинан [президента Владимир]- вай цхьаьнна а долахь ма дац, вай маьрша адамаш ду.
– Оьрсийчоьнан эскара йукъара Украинехь лаьцначу йийсархойх лаьцна а, уьш муха дIасахуьйцу а хьуна хууш хIуммаъ а дуй?
– Суна хуучу информацица: Оьрсийчоьнца хуьйцучаьрца уггар а хьалха хуьлуш бу кадыровхой. Халкъан леррина цхьа депутат ву оцу агIонах жоп луш. Цхьана кадыровхочух 10 гергга "всушник" ло боху. Амма суна гина бац карабаьхкина кадыровхой цкъа а – суна Украинехь гина бац кадыровхой. Иштта нисделла-кх, со царех цкъа а Iоттавела вац.
– Ахьа Украина Iалашйечу оцу цхьана шарахь а, эхашарахь а, уггар а хьуна хилла къаьхьа эшам муьлха бара?
– Тобанан хьалханча Махно а, Бахмут йоккхуш тхайн тIемало Ансар а вийна чIогIа дагах кхеттера суна. Уггар а лазаме суна сайх Iоттаделларг, ваша Ганиев Мохьмад кхалхар. Украинехь вайнах ишта а кIезиг бара, и саннарг лехча а карор вац.
– Бусалба воцург шун батальона йукъа ван йиш йолуш вуй, масане хуьлу, шун берашкахьа безам болуш, шуьца виса луург?
– Шеко йоцуш, иштачу стеган йиш йу тхоьца виса, амма цо лардан деза цхьадолу низамаш: къаьркъа цамалар, цигаьрка цаозар, леларца бусалбачу наха лелон гIиллакх-оьздангалла лардар. Ишта меттигаш нислора тхоьца батальоне украинцаш богIура, тIаьххьара а дин тIе а оьций, тхоьца буьсура уьш. Исламан дин тIеэцна, батальоне бахка лиънарш бу.
- Хьуна хетарехь, официалан Киево шун дакъа Ичкерин дуьхьа Украина Iалашйеш ду аьлла ца хеташ, баккъал а тIелоций? Украинехь шух кхетий?
– Суна хетарехь, кхета. Коьртаниг, Украинан халкъера гIо хьулу тхуна. Тхан тIемалоша ма-дийццара, Донецкан кIоштара цхьана эвлахь меттигерчу бахархоша аьлла хиллера, шейх Мансуран цIарах батальон а йу шаьш Iалашдечарлахь аьлла, шайн хиъча – дог паргIат делира шайн аьлла. Цунна тоьшалла ду нохчийн къоман турпалхошна иэсан билгалонаш хIиттийча меттигрчу нехан хилла реакци – баккхийбеш тIеоьцу уьш Украинехь. Iедалхойх дерг аьлча: исс шо ма ду батальоно тIом бен, цо гойту мел кIезиг а Украинан куьйгаллин тешам хилар.
– Оьрсийчоьнан Iедалхошка Украино нохчий, гIалгIай дIабелла меттигаш хиллий?
– ХIаъ, 2018-чу шарахь Украино Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисашка дIавелира Молдовехула цхьа нохчо а, цхьа гIалгIа а. Товш доцу бакъдерг ду и.
– Украинехь нохчийн турпалхойн сий деш урамашна цIераш тахкарх а, иэсан билгалонаш йахкарх а, мемориалаш йелларх а лаьцна кIорггера дийца тарлур дарий хьан? Дукха хан йоццуш мемориал йиллир-кх шейх Мансуран цIарах.
– ХIаъ, Кривой Рог гIалахь лахьан-беттан йуьххьехь йиллира мемориал. Меттигерчу Iедалхоша Ичкерин турпалхойн цIарах урамийн цIераш хийцира: Дудаев Джохаран (1991-1996-чу шерашках кхаччалц ЧРИ-н президент), Арсанов Вахин (1997-2005 шо кхаччалц вице-президент), Гелаев Хьамзатан (тIеман, политикан, пачхьалкхан гIуллакхдархо, вийна 2004-чу шарахь), "Маьршачу Ичкерина" (маршо къуьйсуш эгначу тIемалойн сийна)шейх Мансуран а. Иэсан билгало йиллира шейхана лерина тхан батальонан тIемалоша, коьртехь комбат ЧIебирлойн Муслим а волуш. Йалх тонн болчу тIулго Ичкерин тархаш гойту, ткъа гранитан йоза шина маттахь ду: украинхойн а, нохчийн а. И дерриг а къагийна Ичкерин гербо.
– Оцу кепара мемориалаш Украинехь кхи хиллий?
– Суна хетарехь, Дудаев Джохаран цIарах батальоно йиллира Днепрехь вайн хьалхарчу президентан сий деш мемориал. Тоххара хилла Днепропетровск йу иза, кхузахь Мунаев Iийсан а, Окуева Аминин а цIарах урамаш ду. Ишта-м Джохар Дудаевн цIарах Украинан 10 гIаланашкахь урамаш ду.
– Украинана тIелеттачу йуьххьехь Оьрсийчоьнан пропагандо дикка болх бира – Оьрсийчоьнан агIор бен нохчий тIемаш беш бац аьлла хетара. Хьуна хIун аьлла хета, и стереотип йохон аьтто хиллий шун батальонан а, кхечу нохчийн дакъойн а?
– Хилла, сан цу тIехь шеконаш йац. Нохчийчохь тIом болчу хенахь, Оьрсийчоьнан пропагандех тешнера Украина. МогIарерчу украинхошна дуккха а хIума ца хаьара. Амма хIинца, нохчийн цIарах кхузахь дуккха а урамаш гучудуьйлуш, суна гуш ду, цкъа мацах шаьш Оьрсийчоьнна тIаьхьоттарна бехк такхар санна тIеоьцу украинхоша и.
Меттигернаш кхета, тIемаш боьлхучу меттигашкахь бу бохуш, дIакхийкхон оццул нах Нохчийчохь боций.
Аса хоьттура, Оьрсийчоьнан керлачу хаамашкахь и стенна дуьйцу? Суна хIун аьлла хетий, нагахь санна шаьш эшахь, йа Оьрсийчоьнан Iедалхоша дийцарш доладахь: вон мел дерг кадыровхоша дина аьлла, тIетоттур ду. ТIеман йуьххьехь моьттура, оьрсий бан а бац, вон мел дерг буряташа а, нохчаша а, дагестанхоша а деш ду аьлла. Оьрсех лаьцна цхьа вониг ала дезачу хенахь, вагнеровхой бу олура цара. Эхь, бехк, оьзданаглла йац церан, йа къинхетам а бац.
– Хьо Украинехь Iаш ву, сих-сиха гой хьуна хьайна гонах фашисташ а, нацисташ а, Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсашкахь ма-дийццара?
Массеран а интернет йолчу заманчохь XXI-чу бIешерийн пропаганде ша Iехавойтург, Iовдал хила веза
– Кхарел а собаре къам суна дайна дац. Европехь хилла со, дустийла йу сан. Украинехь дин Iамийна ца Iаш, тхан, бусалбанийн, маьршша кечамбан, бусалбачарна лерина жайнаш арахеца йиш йу, новкъахь воьдуш хьо цхьаммо а хIуммаъ а эр дац, Оьрсийчохь санна. Ткъа "нацисташ" боху кхетам – Нохчийчохь ши тIом боьдуш Оьрсийчоьнан Iедалхолша муха олура тIемалойх ваххабисташ олий. Изза ду. Иштта хIинца тхох лаьцна дуьйцу, тхо кхузахь бандеровцаш а, фашисташ а ду бохуш.
Халахеташ делахь а, Оьрсийчоьнан бахархойн коьртеш дуьзна къайлахчу сервисаша жигара лелочу пропагандо. Дагадаийтий вай. Вайн дай-наной , баккхий вежарий – уьш а ма бара Совета Iедалан пропагандех буьзна 70 шарахь. Амма мухха делахь а шайн аьтто ма-боллура бакъдолчун агIо лецира цара.
— ТIом бирзича, хIун лело дагахь ву хьо?
– Ас хIинцале а цхьана журналистана жоп делла оцу хаттарна. Украинера тIом дIабаьлча уггар а хьалха ахьа дендерг, иштта хаьттира цо. Аса жоп делира батальонера сайн вежаршца Москва вогIур ву со Ичкерин президентан цIарах урам схьабелла.
- Карарчу хенахь хууш ду, Украинин эскарехьа тIом беш нохчийн йалх батальон хиларх. Иза Шайх Мансуран цIарах батальон (буьйранча ЧIебарло Муслим); Дудаев Джохаран цIарах батальон (буьйранча Осмаев Адам, батальонца жигара "Адаман тоба" йу); ОБОН ВС ЧРИ (леринчу гIуллакхашна къастийна батальон, буьйранча - Ажиев Рустам); Шалена Зграя "Хьере арданг"( Абдурзаков Казбек); SOG (Леррина оператив тоба); Гелаев Хьамзатан цIарах батальон.
- 2023-чу шеран оханан-баттахь Нохчийн республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIакхайкхийра, 1 миллион сом лур ду ша, Украинан агIор тIемаш бечу ЧIебирлойн Муслимах а, нохчийн лаамхойн батальонийн командираш а болчу меттигах шега дIахаийтахь.
- Дудаевн цIе лелош долу урамаш ган йин ю тахана Босния Герцоговинехь, Литвахь, Латвихь, Эстонехь, Польшехь, Туркойчохь, Урдунехь.
- Киев гIалин Iедалан сацамца Ичкерийская аьлла цIе хийцира Грозненская ураман. Хьалхо хаамбора, украинхойн Днепр гIалахь лоьран, шен лаамехь йолчу эскархочун Окуева Аминин цIарх урам боьллург хиларх. Днепран гIалин кхеташонан пресс-сервисехь дийцира цунах лаьцна.