Украинан ТIеман ницкъаша Херсонан кIоштарчу кадыровхойн тIеман декъана дина тохар бахьанехь вийра масех иттаннашкахь стаг – церан декъий даймахка кхачийра дIадохка. Тапъаьлла тезет хIоттийра – цигахь бацара йа лаккхара хьаькамаш а, йа сьемка йен тобанаш а, делахь, редакцин хьасташа дийцарехь, бара цигахь Iедалхойн леларна хьул а ца деш, шаьш резацахилар дIахоуьйтурш. Байъинарш дукха хиларна махкахь протест гIаттор юй-те?
ГIадужу-беттан 24-чохь ВСУ-н ницкъаша тохарш дира Херсонан кIоштарчу Каиры эвлахь куп тоьхна хиллачу Оьрсийчоьнан армина юккъерчу Нохчийчуьра дакъошна. Днепран аьрру агIор хийистехь ю и эвла, Херсонан трассина уллохь – Запорожье. И эвла масех бутт хьалха дIаяьккхира Оьрсийчоьнан эскарша, хинан дуьхьал ю– ВСУ-но маьршаяьккхина ах территори ю.
Кадыровхой байъарх лаьцна Нохчийчуьра бахархошна дIахиира мессенджерашкахула дIасакхоьхьуьйтучу аудио-хаамашкахула. Цу тIехь дуьйцура, "Нефтеполкан" 4-гIа а, 5-гIа а, 7-гIа а роташкара эскархой байъина бохуш.
ГIадужу-беттан 25-чохь ВСУ-н коьртачу штабо официалехь йоьдучу брифингехь дIакхайкхийра, Оьрсийчоьнан цхьахдолчу тIеман декъо куп тоьхначу меттиге тохар дина аьлла: "Ницкъийн артиллерин нийса хьажийна динчу тохаршкахь Херсонан кIоштарчу Каиры эвлахь вийна 30 стаг, мостагIчун бIе сов салтий херцаршна бухахь висина".
ДIахьедарехь билгал ца даьккхинера, байъинарш кадыровхой бара аьлла, амма оццу хенахь машанехь видеош яржийра и тохарш хиллачу меттигехь яьхна, цу тIехь гойтуш бара лазийна Нохчийчуьра эскархой.
Ткъа Нохчийчохь кхаа дийнахь тапъаьлла Iийра Iедалхой. Цул тIаьхьа, Нохчийчу декъий дIакхачийча, регионан куьйгалхо Кадыров Рамзан декхаре хилира эскархой байъина хилар тIелаца. Хилла эшамаш, цуьнан дешнашца, иштта бара: 23 вийна, 48 лазийна, царех виъ чолхечу хьолехь ву.
Оцу юкъанна украинхойн а, нохчийн оппозицин телеграм-каналаша а хаамаш бира, 40 вийна, 60 тIера 100 гергга лазийнарг ву аьлла. Изза терахьаш далийра украинхойн кIоштан администрацин куьйгалхочун хьехамчас Хлань Сергейс а.
Лар а луш резадацар
Кадыровс дIахьедарехь, вийна ворхI Джалкхера вара – уьш берриш а Нохчийчоьнан урхалхочун уллорчу бIанакъостан, Оьрсийчоьнан парламентан депутатан Делимханов Адаман юьртахой бара. Ала дашна, оцу тIехула видеокхайкхам беш цкъа а вистхилла вац Делимханов, лач тоьшаллашца, байъинарш цуьнан куьйгакIел а хиллера.
Кавказ.Реалии редакцин хьасташа хаамбарца, тезеташ хIиттийра иштта Нохчийчоьнан кхечу ярташкахь а: вийна шиъ Гуьмса кIоштарчу Нойбера хиллера, шиъ Нажин-Юьртара, виъ Грозненскан кIоштан Девкар-Эвлара, цхьацца Герзелера а, Гуьмсера а вара. Байъинчех къаьсттина дукха бара ДелимхановгIеран кланан зонерчу ярташкара.
Тезет кхайкхор дац Нохчийчохь. Белларш дIабохкале хьалха Iедалхоша "болх бира" байъинчийн доьзалашца, хаамбина редакцин хьасташа: дIахьединера тIамна лен мегар дац аьлла, цунна дуьхьал тезетахь мел оьшург латтор ду аьлла, тIелаьцнера.
Гуьмса-кIоштара веллачу цхьанна уллорчу гергарчуьнца къамелдан аьтто хилира Кавказ.Реалиин редакцин. Цо дийцарехь, Iедалхоша хIуъа а баьхнехь а, тезетахь кIезиг бара шаьш резацахилар хьулдийраш, "Путинан цхьа лартIахь йоцчу идейшкахьа леш ду бераш" олура. Кадыровн цIе яккха ца баьхьара, амма Украинех Путинан йолчу позицина критика йеш, дагахь хуьлура боллу божарий Украине хьийсон кийча волу нохчийн куьйгалхо, дийцина хьасто. Иштта цо тIетуьйхира, оцу юкъанна "оьгIазен къамелаш деш, цхьа а дIаса а ца хьоьжура" хьалха санна аьлла.
Редакцица къамелдинарг оцу деношкахь кхаа тезетахь хиллера – Джалкхехь дIавоьллина ши эскархо цуьнан генара гергара хиллера, ткъа важа – кхуьнан жимчохь хиллачу доттагIчун кIант вара. Массанхьа а гуш цхьа сурт дара, цо бахарехь: "Ийза а ца луш, шаьш резадацар дIахоуьйтура наха".
Меттигерчу телехьожийло репортаж ца йира тезеташкара, кхул хьалха денна бохург санна Кадыров Ахьмадан цIарахчу Фондо Украинехь байъинчийн доьзалашна гIо латтадо ахчанца бохуш, сюжеташ гойтуш хиллашехь.
"Вен а вуьйш, йоьрзур ю протест"
Адам реза дацахь а, хIокху муьрехь Нохчийчохь цхьа дуьхьалонаш хир яра аьлла, ладоьгIийла а яц, тешна ву Прагерчу Карловн университетан социалан Iилманийн факультетан профессор Аслан Эмиль.
"Массарна а хезаш, гуш бекхам бийр бу бохуш, кхайкхамаш бар Кадыровн Iаткъамбар санна лорур ду, цо кхин тIе а дуккха а нохчийн Украине хьийсор бу. И цунна хало хир ду, хIунда аьлча, могIарера божарий "шайн лаамехь" санна, бертаза Украине хьийсон гIертарх а гIуллакх ца хилира. Цул совнах Кадыровс дукха тIех Iаткъам бахь, бахархой меттахбовла тарло, и цо магийта йиш йоцург ду", - аьлла хета Асланна.
Цуьнца реза вац Европерчу нохчийн "Барт-Маршо" боламан куьйгалхо Сулейманов Джамбулат: редакцица хиллачу кхъамелехь цо дIахьедира, "оцу хийрачу тIаме нохчий хьийсочу республикерчу режимна резацахилар марсадолуш ду" аьлла.
Советан зама дагайоуьйту Нохчийчоьно, муьлхха а протест оцу сохьта къинхетам боцуш юкъахйоккхуш, дуьйцу нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацин Германерчу векало Абдурахманов Мухьаммада.
Протест яхь, Iедалхоша Iаткъам бина ца Iаш, вен а тарло
"Таханалерачу Нохчийчохь протесте валар Iедалхоша Iаткъамбан кхерамца доьзна ца Iаш, цара вен кхерамца доьзна а ду. Уггар далатохар ду, хьо протесте ваьллий а ца хуучу, хьан гергарчарна тIехь декхар", - билгалдоккху Абдурахмановс.
Цо бахарехь, тахана "массо а вала ца лууш, кеп-кепарчу некъашца махкара аравала гIерта", мобилизаци кIел ца нисвалархьма.
Тезеташ дIадирзина масех де даьллачул тIаьхьа Кадыров Рамзана хаамбира, мобилизацин барамаш кхин а дIабахьа беза аьлла. "Ахмат" СОБР-н лерринчу декъан эскархошца хиллачу цхьанакхетарехь хьахийра Кадыровс "тIекхойкху кехаташ кхехьийтар долор ду" аьлла.
Кавказ.Реалиин хаамашца, лахьан-беттан 1-чохь динчу лараршца, Нохчийчуьра 144 стаг Украинехь кхалхарх хууш ду – и терахь масийттазза лакхара ду, официалехь дIакхайкхийначул а, - сий деш дIавоьллина царех махкара исс вахархо.
***
Бутт хьалха Соьлжа-ГIалахь масех иттаннашкахь меттигера зударий гIоьртира мобилизацина дуьхьал митинг хIоттон- бакъонашларъярхойн хаамашца, оцу тIехула церан гергарнаш нуьцкъаша тIамтIе бахийтира, "шайн лаамехь" боьлхуш санна. Нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацин хаамашца, мобилизаци кхайкхийначул тIаьхьа, шаьш бехачу ярташкара дIабахначу божарийн тептарш хIиттон буьйлабелира республикехь.