ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан пресс-секретарь дуьхьал хилла Кадыровн кIанта лаьцначунна йеттар гойту видеона комментари йан


Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий. Гайтаман сурт
Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий. Гайтаман сурт

Путин Владимиран пресс-секретарь дуьхьал хилла Кадыров Рамзана арахецначу видеона комментари йан – цигахь политикан кIанта йетта Журавель Никитина. Песковн озаца дIайазйина аудио хазийтина "Радио Маяк" гIирсо шайн телеграм-каналехь.

"Кадыровн кIантаца йолчу историна комментареш ас лур йац. Суна ца лаьа", – дIахьедина Песковс хIора дийнахь журналисташца деш долу къамел долош.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана гезгмашин-беттан 25-хь пост хIоттийра, шен 15 шо долчу кIанта Адама КъурIан дагорна шеконашкахь волчу Журавель Никитина йетташ. Регионан куьйгалхочо дIахьедира, цо диначух воккхаве ша аьлла.

Видеоно оьгIазе бина депутаташ, йукъараллин гIуллакххой, политологаш, бевзаш болу журналисташ – Кремлна оппозицехь берш а, Iедалехьа берш а. Амма низам лардаран органаша хIинца а гуш-хезаш реакци йина йац.

  • КъурIан дагорна шеконашкахь волу Волгоградан вахархо Журавель Никита лецира стигалкъекъа-беттан 21-хь. Талламан версица, СБУ-н тIедилларца дагийна хилла цо КъурIан, цара 10 эзар сом лур ду аьлча. Ницкъахоша дIахьедина, Журавеля мукIарло деш, дIахьедина, ша СБУ-на лерина тIеман гIишлойн суьрташ дохуш вара аьлла.
  • Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыктн Александран тIедилларца, гIуллакх билггал Нохчийчу дIаделира, шаьш "волайнарш ду аьлла, дуккхаъчу Нохчийчуьра бахархоша дехарш дарна" аьлла, кхетийра цо цунах. Сацамна тIетайра оьрсийн юстицин министр а, цо элира, оцу гIулчо "гIо дийр ду дуккха а кеп-кепара къаьмнаш дехачу пачхьалкхехь дин а, делах тешачийн дог-ойла а лара".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG