ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Путинан рожан агрессиве бер". Казахстанна кхерамаш стенна туьйсу Кадыровс?


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Санкт-Петербургерчу дуьненаюкъарчу экономикан форумехь Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца цхьаьна къамел деш Казахстанан президента Токаев Касым-Жомарта дIахьедира, Казахстано къобал йийр яц "ДНР", "ЛНР" олучийн йозуш ца хилар. ШолгIачу дийнахь шен телеграмерчу каналехь Токаевна критика йира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана – коллективан кхерамазаллин Бертан Организацин (ОДКБ) пачхьалкхашна Оьрсийчоьнна гIо ца дар бехке диллира цо. Цуьнан дешнашна жоп делла Казахстанехь бехачара, цунна дагаяаийтина шина къоман юкъаметтигаш.

Форуман пленаран кхеташонехь, дийцарш даран модераторо, RT-н коьртачу редакторо Симоньян Маргаритан хаттарна жоп луш Токаевс аьлла, Казахстанехь тайп-тайпана хьежамаш бу Украинерчу тIамах лаьцна, хIунда аьлча, махкахь бахархойн юкъаралла ю кхиъна. Сепаратистийн "ДНР-х", "ЛНР-х" лаьцна дуьйцуш, цо билгалдаьккхира, ООН-н бакъонаш вовшашца ца йогIу оцу хаттарехь – пачхьалкхан латтанийн цхьаалла хилар а, къаьмнийн шайн пачхьалкх кхолла бакъо а.

"Дагардина ду, къаьмнийн пачхьалкх кхолла бакъо хилар дуьненахь къобалйича, 193 пачхьалкхана меттана Дуьненахь 500-600 пачхьалкх хир ю. Иза бохам хир бу. Оцу бахьанца оха къобал ца йо Тайвань, Косово, Къилба ХIирийчоь, Абхази. Озза хьежамаш хир бу квазипачхьалкхан латтанийн хьокъехь а, тхуна гарехь, Луганск а, Донецк а ю иштта", - аьлла Токаевс.

Казахстанан президент Токаев Касым-Жомарт (аьтту агIор) а, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а. Петербург, 2022-чу шеран Мангал-беттан 17-гIа де
Казахстанан президент Токаев Касым-Жомарт (аьтту агIор) а, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а. Петербург, 2022-чу шеран Мангал-беттан 17-гIа де

ТIом болабелчхьана "тIеман партин" уггаре жигара декъашхо хилла волчу Кадыровс реакци йина Токаевн дешнашна. ОДКБ-н пачхьалкхашка "тап аьлла ца Iар" кхайкхам беш видео арахецна цо, шена хетарехь, "ойла коьртехь латто" хIунда ца еза дийцина цо ворхI минотехь.

"Шу тап аьлла стенна Iа? Шайн лулахойх лаьцна стенна ца дуьйцу? ТIом дIаберзийта стенна ца гIерта шу? Вай цхьана тIом ма бина Бандерана дуьхьал. Ткъа хIинца хIумма а ца хилча санна, Американ, йа Европан санкцех кхоьруш, дист ца хуьлуш Iа шу… Эрмлойчоьнна а, Азербайджанна а юккъехь тIом боьдучу хенахь коьрта гIуллакх динарг Путин вара. Казахстан шен суверенитетах йолуш хенахь (хетарехь, хIокху шеран юьххьехь Казахстанера хиламаш бу буьйцурш. – Редакцин билгалдаккхар) гIо хьан дира? Оьрсийчоьно! Ткъа Оьрсийчоьнна эшча верриг тебна Iа – санкцех кхоьру", - дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Шена дуьхьал Америко доьазза санкцеш яьхна, аьлла тIетоьхна цо: "Доьазза стенна яьхна – со кхеташ вац. Цкъа яьхча тоьар ду, со гIур вац Америке, суна ца лаьа".

Казахстанера жоьпаш

Казахстанерчу политолого Кураев Ислама боху, "Оьрсийчоьно Казахстан кIелхьара яьккхина" бохург бакъ дац, ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхо "цхьана хаамийн блокадехь" ву.

"Токаевн а, Путинан цхьанакхетар хилча гуш ду, тIаьххьарниг шен уллорчу нахах пайда а оьцуш, Казахстанан президент борз-морзахна юкъалаца гIерташ хилар. Кхета деза, Токаев – иза говза дипломат хилар, дукха шерашкахь ООН-н цхьайолу филиалана куьйгалла дина цо. Кремлан а, политтехнологийн а кIоршамечу балхо уггар хьалха церан Iилманан тIегIа гойту – вайна гуш ду, Токаевна хIоразза а Iоттар йан гIерташ хилар", - билгалдоккху къамел динчо.

Кадыров "шайтайпа фигура" ю олу цо, иштта тIетуху, цунах пайда а оьцуш, оьрсийн пропаганда Казахстанна Iаткъам бан гIерта.

Кадыровн дешнашна жоп делира Казахстанан юкъараллин гIуллакххоша. Нохчий а, гIалгIай а Сталино дIабохор дагадаийтира цара цунна – 1994-чу шарахь Казахстане а, Киргизе а нуьцкъаха дIавигира ах миллион стаг.

"Кхуза сурсатийн вагонашкахь нохчий а, гIалгIай а схьабалийра, иштта дукхачу къамнийн [векалш] а, ма-дарра аьлча, мацалла баларна кIел кхийсира. Казахаша царна орца даьккхира. Хьан да Кадыров Ахьмад кхузахь вина ву, Карагандахь, 1951-чу шарахь", - аьлла казахстанхойн политолога Тайжан Мухтаро. Цуьнан видеокхайкхаме ши бIе сов эзар стаг хьаьжна.

Масех де даьлча Нохчийчоьнан куьйгалхочо керла видео арахийцира, цу тIехь цо рогIера дIахьедира, шен дешнаш контекстах хадийнера бохуш: "Со муьлххачу казахал чIогIа казах ву. Сан да Казахстанехь вина ву, сан ден да Казахстанехь болх бина ву. Са ден деваша Казахстанехь дIавоьллина ву. Аса сайн дахарехь цкъа а ца аьлла казахийн къомах лаьцна вон дош, аса йийцинарг юккъера политика яра".

ОДКБ-н декъехь йолчу пачхьалкхех лаьцна Кадыровс дIахьедарш дича бехказбийла дийзира оьрсийн МИД-хь. Хьукматан официалера векал Захарова Мария цуьнан "политологин хеттаршкахь долу хаамашна" а, Нохчийчуьра тIамна а тIетевжина.

Кремлера хьехарийн тептар?

Арахьарчу политикан хеттаршна тIехула дIахьедарш деш оьрсийн регионийн куьйгалхойх цхьа Кадыров бен вац. Оьрсийчоьно Украинехь тIом болийча цуьнан телегамерчу каналехь оцу тайпа арахецарш кхин а дукха хилира.

Масала, лазийна болчу Мариуполан гIаролаш кIелхьарабаха Анкарас шайн гIо хьехча, цо Туркойчоьнна кхерамаш тийсира, оьрсийн бусулбачу нехан реза ца хиларца. Иштта Американ президентана Джо Байденна хьокъехь сийсазе къамелаш дира цо, ткъа Чиллан-беттан 24-хь дуьйна шен арахецаршкахь бархIазза кхайкхамаш бина Украинан президенте Зеленский Владимире. И арахецарш Украине рогIера Нохчийчуьра "лаамхой" хьажийна бохучу посташца цхьана гIардохуш хуьлу. Республикехь "лаамхой" ахчанах луларчу пачхьалкхана дуьхьал тIом бан оьхучарах олу.

Токаев вистхиллачул тIаьхьа лелийнарг хьалххе кечдина хила мега, аьлла хета Киевера политикан талламийн "Пента" Центран куьйгалхочунна Фесенко Владимирна.

"Оцу темана хьокъехь Кремлера Кадыровна къадийна хилар а юкъара ца доккху аса – ОДКБ-н декъашхойх лаьцна критикан дIахьедарш дан деза, аьлла. Ала дашна, Кадыровс шен видео тIехь хала багара йоккху и аббревиатура – ОДКБ, гуш ду, цунна иза хала хилар. Цо гойту, и дош ала дезна хилар. Ша кечдина къамел – стенах лаьцна а, муха ала деза а – Кадыровна, хетарехь, хьехна. Цхьана агIор Токаевна жоп дала дезна Кремлан, тIаккха, схьагарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо иза дича дика хир ду, аьлла сацам бина", - ойла йо къамел дечо.

Цунна хетарехь, кадыровхойн Нохчийчоь Федерацин субъектан бакъонел араяьлла дукха хан ю: цхьанна а кхечу оьрсийн республикан дац шайн долахь эскар, шайн арахьара политика ца лелайо цхьамма а. Кадыров кхерамаш тийсарехь алсам мел-лелаво, кхин а чIогIа дицдаларе воьрзу иза, цIен сизаш а ца гуш.

Оьрсийчохь Путинна бен магийна доцург, наггахь Кадыровна а маго тарло

"Оьрсийчохь Путинна бен магийна доцург, наггахь Кадыровна а маго тарло, - кхин дIа дуьйцу Фесенкос. – Цуьнан шен арахьара жима политика ю. Суна хетарехь, Кадыров лелор жим-жима хилийта гIерта Кремлехь – дов марсдаккха царна оьшучу хенахь Кадыровх дика пайда болу. Иза цхьа оьрсийн enfant terrible ю - Путинан рожан харцахь лелаш, агрессиве бер".

Фесенкос бахарехь, Кадыровн гIуллакхехь массочу хенахь бехказбийла йиш ю, иза шатайпа стаг ву, цунна тIехь Iуналла ца дало, аьлла.

"Цундела мехкан чоьхьа цуьнца кхерамаш тийсина ца Iаш, дипломатин дозанал арабовла лиъча массочу меттехь лелаво", - чекхдаьккхина эксперта.

ТIаьххьарчу хенахь Кадыровн ша "оьрсийн воккха имперец" хета – иза къайла а ца доккху цо. Шен риторикехь иза Путинан "уггаре тешамечух цхьаъ" ву, Кремлехь тIедилнарг муьлхха а дIахьедар дан кийча а волуш, боху политолога, "Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" куьйгалхочо Кутаев Руслана.

Политолога дагадоуьйту, Кадыровс дукха хан йоцуш дихкинера дIабохоран терахь дагадаийта: Нохчийчуьра официалера хьаькамаш тIаьххьарчу шерашкахь бен ца буьйлира оцу хиламех лаьцна посташ хIитто. 2012-чу шарахь Кадыровс и иэсан Де Стигалкъекъа-беттан 10-чу дийне дIатеттина, шен вийна да дIавоьллинчу терахье. Оцу гIулчано официалехь а доцуш дихкина республикехь дIабохийначарна лерина дагалецаран барамаш хIиттор.

"Нохчий а, гIалгIай а 13 шарахь баьхна Казахстанехь – дукха меттигаш ю нохчийн а, казахийн вежарийн юкъаметтигаш гойтуш. Нохчийн къоманна дагадогIу, казахийн къам шайца дика хилар, цундела Кадыровн моралан бакъо яцара Казахстанна реза воцуш хила. Нохчийн къоманна хетарг дац иза, цуьнан шен ойланаш ю", - боху Кутаевс.

***

Хьалхо Кавказ.Реалиино хаам бира, Оьрсийчоьнан президентанан Путин Вадимирна хьалха Кадыров Рамзанан декхарш ду, Украинерчу тIамехь дакъа лаца Нохчийчуьра кIирнахь мел кIезиг а 200 "лаамхо" хьажо везаш хилар. Бакъоларъярхоша бахарехь, республикера йолахойн могIарш дукха нах лецарца, лечкъорца, кхерамаш тийсарца дIабузу. Мангал-беттан 11-хь хиира, лачкъийна Украине хьажийна волу Эна-Хишкара вахархо Сасламбеков Шемал тIамехь вийна хилар. Оппозицин 1ADAT боламан хаамца, Сасламбековна ультиматум хIоттийнера: йа набахте воьду хьо, шаьш айдинчу харц гIуллакхна тIехула, йа Украине воьду.

Украинан дозана тIехь тIом боьдучу заманчохь вийна цигахь Нохчийчуьра мел лахара а 125 стаг – иза а, "консервативан" лараршкара кхаьчна лахара терахь ду, хаамбина Оьрсийчохь дIайохийначу бакъонашларъяран "Мемориал" центран тобано лелочу "Полный ПЦ" телеграм-канало. Мангал-беттан 23-хь Кавказ.Реалиина евза Украинехь байинчу Нохчийчуьра 117 бахархойн цIерш. Зорбанан гIирсийн а, Iедалхойн дIахьедарийн а, шайн хьасташкара а кхаьчначу хаамашна тIехь хIиттина ду и ларарш. Билггал долу эшаман зераш кхин а лакхара хила тарло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG