ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинца Узбекистанехь йаьккхина видео йаржош Кадыровс Оьрсийчоьнан низам дохийна


Кадыров Кадыров а, цуьнан кIант Эли а Узбекистанехь. 2024-чу шеран стигалкъекъа-беттан 27-гIа
Кадыров Кадыров а, цуьнан кIант Эли а Узбекистанехь. 2024-чу шеран стигалкъекъа-беттан 27-гIа

Узбекистанан а, Оьрсийчоьнан а президенташца къамел дечу хенахь дIайазйина видео шен телеграм-канале хIоттийна Нохчийчоьнан урхалхочо. Цу тIехь Кадыров Рамзан цкъа хьалха Мирзиёевга куьг дала гIурту, цул тIаьхьа царна тIевогIу Путин Владимир, дайн къамел до цара, тIаккха Кадыров маравуллу цо корта тIе а озош.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо миллион сом лур ду ша аьлла, шега президенташа хIун бохура хиъначунна, -лакхахь хьахийна 19 минотехь йолчу ролике хьаьжна. Ша низам дохийна хилар постехь билгал ца даьккхина Кадыровс, Meta компанин продукт хиларе терра Инстаграм социалан маша Оьрсийчохь йихкина йу; "конкурсан" толамхочунна миллион сом стенгара дала дагахь ву а - хууш дац.

Оьрсийчохь йан йеза "экстремистийн" йу аьлла билгало а йоцуш Нохчийчоьнан куьйгалхочо хьахийра америкахойн социалан маша хьалха а.

Узбекистане ваханера Кадыров Оьрсийчоьнан делегацина йукъахь, цуьнца цхьаьна ваханера цуьнан кIант Эли а. Нохчийчоьнна хIун маьIна долуш дара цига вахар- къаьсташ дац. Ахча йукъадиллар доцург, мехкан урхалхочо дийцина, шен ден Кадыров Ахьмадан дахарца йоьзначу меттигашка а, иштта кхинйолу мемориалан а, динан а комплексашка вахара ша Ташкентехь аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгалдаьккхира, республика "регионалашна йукъарчу тIегIанехь [Узбекистанца] гIуллакхаш шордан кийча йу" аьлла. Амма цкъачунна хууш ду цхьана хIумана тIехь хиллачу бертах – Ташкентехь "Ахмат-Арена" йарх. Изза цIе лелош спортан комплекс Соьлжа-ГIалахь а йу.

  • Оьрсийчоьно Украинехь болийначу тIама йукъахь дакъалацарна а, иштта кест-кеста Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьешарна а, кхел йоцуш нах байъарна а, меттигерчу бахархошна тIехь къизаллаш лелорна а Кадыров, цуьнан го а Малхбузен пачхьалкхийн санкцешна бухахь бу.
  • Хьалхо инстаграмо масийттаза дIакъовлура Кадыровца а, цуьнан доьзалхошца а йоьзна агIонаш, делахь а, хIоразза а керла аккаунташ йоьллура цара – иштта нислора Оьрсийчохь социалан маша бихкинчул тIаьхьа а.
  • Нохчйн хьаькамаша диллина дIахьедо административан ресурсах шаьш пайдаэцарх социалан машанашкахь регионан урхаллина гIо латтон а, "экстремизмана дуьхьало йан а"

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG