Хийцаделла дуьне а, дуьненан куьйгалхой а. Хийцалуш висина амма Беларусин коьртачу гIентан да, шена луларчу, шена уггаре а гергарчу шина пачхьалкхан Оьрсийчоьнан, Казахстанан куьйгалхой санна.
Цу юкъана, Лукашенкос шен махкахь президенталла дIахьочу юкъана, и стаг дуьненчохь тIеэцар тайп-тайпана дара. Цкъа хьалха советийн тIаьхьенехь йисинчу экономикан кризисца а, коррупцица а шога къуьйсуш волу, мискачу нехан хьаштанехь дика кхеташ а, церан гIаролехь лаьтташ волу мехкан да, я цунах олуш ма-хиллара, „Батько“ санна тIеоьцура иза.
Цул тIаьхьа хенаца и васт кхардамечу васто хийцира, Германе веача, Гитлер хесторца меттигерачу нах цецбаьхначу, Малхбузенна гома политика лелочу, ка даьл-даьллачохь Европана критике ечу, ткъа Оьрсийчоьнна тIегIертачу, амма Кремло шеца нийса волу партнер санна тIе ца оьцучу стеган вастаца.
Малхбузехь „Европера тIаьххьара диктатор“ шех олуш волу Лукашенко Александр Цхьаьнакхеттачу Европехь а, Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а персона нон-грата кхайкхира 2006-чу шарахь. Цул ши шо хьалха хIетахьлерчу Iамеркан президенто Буш Джорджа а, цуьнан гоуно а хьул деш а доцуш, дIакхайкхира шайн Iалашо, Беларусин президент даржах вохор ю аьлла. Бушс хIетахь куьгйазйира шех „Беларусехь демократи хIотторах акт“ цIе йолчу документан. Цуьнца цхьаьна Беларусина а, цуьнан президентана а дуьхьал ехира цхьа могIа санкцкеш, ткъа цу пачхьалкхара банкаш бехке йира, Саддам Хьусейнан ахчанаш диларна.
Амма хIетахь дуьйна аьллачу заманчохь историн кIоргенехь висина Буш а, Саддам а, ткъа Беларусин президентан даржехь тахана а вегIа Лукашенко Александр, кIирандийнахь и шен мандат пхеазлагIа тIечIагIдина волу. Цу пачхьалкхан Коьртачу харжамийн коммиссин куьйгалхочуо Ермошина Лидияс дIакхайкхорца, Лукашенкон шайн аьзнаш дIаделла 83 процент сов харжамхоша.
Оппозицин цIарах харжамашкахь дакъалаьцначу Гайдукевич Сергейна 3 процент сов бен кхаьжнаш ца кхаьчна, „Бакъдерг дийца“ партин куьйгалхочунна Короткечив Татьянина кхаж тессина 4 сов процент беларусхоша.
Лукашенкон, хIинцачул ткъо шалха шен дарже кхаьчча волчу, хIинца дуьненчохь лела шен васт рогIера хийцадаларан терго ян йиш ю. ХIинца цхьаммо а ца олу цунах „Европин тIаьхьарлера диктатор“, хетарехь, и шеконе дарж цуьнца къуьйсуш Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир хиларна.
Жим-жима малйан йолийна Беларусина дуьхьал яьхна хилла санкцеш а, ткъа ша Батько даханчу Iай Минскехь Украинин хьокъехь барт тIеэцча дуьйна схьа, аьлча а, цуо ша волчохь и барт тIеэцийта хьелаш кхуллуш, къахьегча дуьйна схьа Малхбузенан юкъараллина а кхечу кепара ган волавелла.
Политолог Чапханов Русланна хетарехь, цу кепара Лукашенкон имидж дуьненчохь хийцаяларан масех бахьана ду, царех коьртаниг амма ший а агIо, - Лукашенко а, Малхбузе а, - дов лелоран метта барт лахар гIолехь хиларх кхетар ду. Цул совнаха, Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш талхарна Европа Беларусе кхечу бIаьргашца хьежа йолаелла, ткъа шен рогIехь Лукашенко а кийча ву, Малхбузенна товш йолу гIулчаш яха.
Чапханов Руслан: „Малхбузера партнераш кхеттачух тера ду, Беларусин куьйгалхочуьнца бехкамийн маттахь дийцар пайденна доцийла, иза Европе ца воуьйтуш, цунна дуьхьал санкцеш йохуш леларо дика жамIаш ца дина. Цундела, Малхбузено Лукашенкога хIара харжамаш хилале хьалха сигнал хьажийнера, тхо хийцадала кийча ду, нагахь санна хьо хийцалахь. Оха хьуна дуьхьал догIуш гIулчаш йохур ю, хьо а тхуна дуьхьал ван кийча велахь аьлла. Ша Лукашенко а цунах кхеттачух тера ду“.
Политолога Чапханов кхин дIа билгалдокккху, Малхбузено шен йоллучу постсоветан мехкашкарчу политике хьежамаш а тIаьхьарчу хенахь юхалуьстуш хилар. Нагахь санна хьалха и политика Москохана хIун хета а хьожуш, цунна дезарг а, хетарг а лар а деш, дIахьош хиллехь, хIинца хIора а советан руспубликаш хиллачу пачхьалкхашца шаьш-шайца юкъаметтигаш лелор юхьарлоцуш ю Европа, Оьрсийчоьнца гергарло херделлачул тIаьхьа.
Ала догIу, нагахь санна кхул хьалха 20I0 -чу шарахь хиллачу харжамашна тIаьхьа Лукашенкос шен Оьрсийчоьнна муьтIахь хилар а, Малхбузенна хетарг шена бен-башха а ца хилар гойтуш хиллехь, карарчу хенахь Беларусин президента шен риторика а, леламаш а хаъалла хийцина.
Къаьстина, ГIирма ахгIайренна Оьрсийчоьно аннекси а йина, Украинехь тIом баьллачул тIаьхьа шен гергарлонаш юхалиста волавеллачух тера ду иза. Цуо харжамаш дIабахьа кечлуш набахтешкара арахийцира цхьа могIа оппозицин жигархой, ткъа иштта къахьийгира, Украинера кризис ерзош юкъаралла лелош.