Муьлххачу а хаамийн хьостан хатΙ, хуьлда иза газета я радио, хьолахошка хьаьжжина, царна ма-гарра дуьне гуш, церан бΙаьргашца довзуьйтуш хилахь а, дукхахйолу шен акцеш, 66 процент, пачхьалкхан карахь йолу «Эхо Москвы» радио дешан маршонан тΙаьххьара гΙайре а хилла юьсуш яра кху массийтта шарахь.
Иза феномен а яра пачхьалкхан таханлера дай бевзачу Оьрсийчоьнан а, цул арахьарчу а тидамхошна. Ткъа хΙинца дерриг а шен метта дΙахΙуттуш долчух тера ду. Директорийн кхеташо Путин Владимиран а, цуьнан гонан а бага хьажжина йолчу Газпром-Медиано дΙасахецар, формалехь тидича, низамах духуш хΙума дац. Шен «Эхо Москвы» белхахойн долахь радион акцех кхоалгΙа дакъа бен а дацарна.
Ша а, шен хьалхара гΙовс Варфоломеев Владимир а дΙавоьду директорийн гонера, иза дезде ду шена, ша кхин стаг магийна шен меттиге, хΙинца цо дΙакхоьхьур-кха хΙара бале дукъ, яздина Венедиктов Алексейс хиллачун комментари еш интернетехь.
ХΙун бахьана ду «Эхо» кегаре яккхар? Хьанна ца тайна цуьнан паргΙато, мила ву радионо дуьйцу бакъдерг дΙалакъо хьаьгна? И хеттарш хеза тахана Москохахь а, юьстахара а.
Уггаре хьалха карош долу жоп дузу наха юха а, даима иштаниг нисделча дузуш ма-хиллара, Путин Владимиран цΙарца.
Бутт хьалха официалехь доцчу хьелашкахь Путина ша волчу чайне кхайкхинера Москохарчу хаамийн гΙирсийн коьрта редакторш. Царалахь вара «Эхо Москвы» радиора Венедиктов Алексей а. Дууш-молуш Ιеш, доцца, амма товш йоцчу кепехь, къамел иккхинера цунний, премьер-министрний юкъахь. Венедиктовн радиона шен резавацар довзийтира Путина.
Ша ала Ιаьмна ма-варра, маьттазчу дешнашца дара пачхьалкхан бакъволчу дас аьлларг. Иза цо ма-аллара гочдан, бехк ма буьллийла вайнаха, тхо хΙитта а ца хΙуьтту. Хьо оьгΙаз-м ца вахана ша бохучунна, хаьттира Путина Венедиктовга. Ца вахана, бохура вукхо. Ша а ца воьдий хьуна оьгΙаз, хьан радионо де-буьйса а доцуш шена тΙе нехаш хьоькхуш, бохучу маьΙнехь, хΙара эвхьазло яра Путинера дерриг дуьненна а рогΙехь дΙахезнарг.
Путин: « Со...со-х ца воьдий шуна оьгΙаз, аш дийнахь а, буса а сайна тΙе боьхаллаш етташехь, ткъа хьо оьгΙазвахана, ас ши дош бен аьлла а дац, хьо хΙинцале оьгΙазвахана».
И ду я дац Газпром-Медиан дайша, «Эхо Москвы» радион директорийн кхеташо а хийцина, оцу радион политикан хьажар кхечу кепе даккха гΙертар, къестош бу хΙинца нах интернетехь а, чохь-арахь а.
Иштаниг иккхича даима а Путинна хьалхара жоп луш хуьлучу цуьнан пресс-секретара Песков Дмитрийс дацаре дина шен хьаькаман Венедиктовца хилла къамел ду хΙинца хиллачун бухехь боху къамелаш. И хаттар шега, радион дега Газпром-Медиане, дала догΙу, аьлла Песковс.
Къайле а йоцуш, хуьлура и радио Путинан белхан кепаш, хатΙ, цо дуьйцурш даима а критика кΙел хьош а, оза ца луш, емал деш, массо а агΙор луьстуш а. Гарехь, хΙинца хиллачо, йозуш йоцуш санна яьхна НТВ-телевизион иттех шо хьалха Ιедалан кога кΙел ма-нисъярра, дΙатарйийр ю Ιедална герга «Эхо Москвы» радио а.
НТВ-нера оццу Газпромо маршо дΙайоккхуш, Москохахь журналисташна тΙетевжина лаьттина нах, майданахь а Ιийна, дΙасабахара. Ιедало араяьккхинчу ницкъаллин тобано телевизион журналистех мукъаяьккхира. Иштта юьйжира Оьрсийчохь йозуш йоцу тΙаьххьара телевизион.
Южуш ю хΙинца бозуш боцчу хаамийн тΙаьххьара охΙла а хилла лаьттина «Эхо Москвы» радио а. Дуккхаъчара шайн резадацар, майданашка а бевлла, шаьш дΙахазор ду, боху интернетехула. Амма кΙезиг теша, леринарг охьадуьллур ду пачхьалкхан гΙортораша бохучух а.