Рамазан-бутт я, нохчаша ма-аллара, мархийн бутт – уьссалгIа бутт бу бусулба рузманахь. Мархийн бутт кхабар Ислам-динан баккхийчу бIогIамех цхьа бIогIам бу. Марханаш кхабар нахана тIехь парз дина, бусулбанаша Мединате хIижрат динчул тIаьхьа шолгIачу шарахь.