Вайнехан къоман кхача – хьонка, нохчашна ма-моттара, дегIастан хьаннашкахь баьлла ца Iа. Иза доллучу дуьненчохь а тIеболуш бу. Латинийн маттахь Аллиум Урсинум цIе йолу и кIо буц хIора маттахь а шен-шен цIе лелош ю, ингалс маттахь Ремсан олу цунах, немцоша Берлаух, нохчийн матте гочдича „чанан хох“.
Нагахь санна, Москохахь я кхечу оьрсийн гIаланашкахь бехачу вайнаха, хьонка схьабаьлча, иза цIера цIерпоштаца а, кеманашца а шайна тосуьйтуш белахь, Европерчу хьонкабезархойн и аьттонаш мелла а кIеззиг бу. Нис-м ло кхузахь а мухIажирша шайна цIерачаьрга цIерпоштехула хьонка тосуьйтуш, делахь а, иза Малхбузе схьакхачале хан а йолу, цуьнан чам а хийцало.
И тайпа беха некъ бина болчу хьонках кхета аьтто массеран а бац Европехь. Цундела цара малхбузенан пачхьалкхийн хьаннаш а, паркаш а толлу, Iа юккъе даьлча дуьйна, хьонка лохуш. Иза кхузахь шортта кара а бо. Меттигерчу бахархоша, вайнаха санна, безаш а, лоруш а, бууш а бу хьонка.
Бакъду, цара иза, вай санна, къона болуш, лай бухара боккхий ца буу, цуьнан хьожа бахьана долуш. Мелхо а, гIа а долийтий, кхиинчул тIаьхьа, салаташ еш я, охьий, банкеш чу а буллуш а буу. ГIадаьллачу хьонках кхузахь хазанеха санна чомехь чорпанаш а йо, тIе коча тIо а тухуш. Иштта хьонка „песто“ олучу италхойн хьесапехь охьий, муьлхачу а кхачанна тIе туху, я бепигна тIе а хьокхуш буу. Туьканашкахь а карабо бIаьста гIадаьлла хьонка бухкуш.
Амма нохчийн мухIажиршна шаьш цIахь баа Iеминчу кепара къона а, хьожа йогIуш а беза хьонка. Уьш тобанашкахь вовшах а кхетий, хьаннашка боьлху и кIо буц лахьон. Германехь, масала, хьонка массо а меттехь болуш белахь а, Лейпцигера хьонка уггаре а чомехь лору вайнаха. Лейпцигера хьонка – иза, аьр вай, Нохчийчохь Бумтарниг санна лоруш бу кхузахь. Амма иштта дикачу агIор буьйцу Мюнхенера хьонка а.
Мюнхенехь ехачу Асетна дика евза цу гIалина гонахьара хьонка баккха уьнах-цIена меттигаш а. Цо дийцарехь, немцойн Баварехь цо шен доьзалца яьккхинчу хенахь, хьонка кечбаран дуккха а керла башхаллаш евзина цунна меттгерчу бахархошкара. Амма цуьнан шен доьзалехь нохчийн ширачу кхачано хьонка чу боьллинчу галнаший, далнаший коьрта меттиг дIалоцу.
Асет: „Кху Мюнхенехь немцоша хьонка, вайнаха санна, галнаш я далнаш йина ца баахь а, чорпа еш а, салаташ еш а буу. Кхаьргара схьаэцна иштта кхачанаш а кечбо оха хьонканах. Вуьшта, нохчийн безамна, вайн кхачанех далнаш а йо, чIепалгаш а до.
Хьонканах тоха ниттанаш хилахь, гуттар а хаза хуьлу. Хьалха, кхузара хьал довзалц, цIера бахьаш нислора хьонка. Юха иза кхузахь хуьлий хиинчул тIаьхьа, кхузарчу хьуьнхахь иза боккхуш а нисбелла. Хьонках кхузахь хьегна дац тхо, цIенна генахь делахь а. Тхан доьзалехь хьонка оьзда кхача лоруш бу. Немцоша-м хьонка, вай санна а ца бууш, гIа даьлланачул тIаьхьа буу. Царна вай хьонках беш болу кхачанаш а бовзуьйтуш, церан кхачанех а кхетта тхо кхузахь“.
Бельгехь а шортта бу хьонка, Брюсселехь ехачу Зараа ма-дийццара. Алсамо и зовкх кхуьучу меттигашкахь вайнах нисбелча, цара, вовшашка хаамаш а беш, дIахоуьйту, и Делан дика мичахь ду. Бакъду, боху Зараа, гIалин юккъерчу паркашкахь хьонка баккхар Iедало дихкина ду Белгехь.
Зараъ: “Цхьаболчара хьаннашна йистехула а, кхечанхьа хьонка болче а, тIекхочуче а йолу меттигаш вовшашна хаа а хоьуьйтуш, боккхий, кечбо. Алссам баккха аьтто болчара, шортта Iалаш а бой, иза бухкуш а хуьлу, тIаккха вайнаха вовшашка „хьонка беъна шуна, бухкуш бу шуна“, олий, хоуьйту.
Бакъду, яккхийчу гIаланашкахь Iедало яздина хуьлу, хьонка баккха мегаш дац, аьлла. Хьонкин сурт а дуьллий, „Чанан кхача“ бу хIара, олий, яздо цара, иза ца баккхийта. Баьккхича тухун долу гIуда а хуьлу дIаяздой“.
Хьонка карор йоккхах йолу хало яц Баварехь, Мюнхенерчу Асета дийцарехь. Къона хьонка Iай хьуьнхара гулбан а, ткъа гIадаьлларг немцойн туьканахь я базарахь эца а йиш яра, боху цо. Хала дерг- бIаьста цу хьонканах тоха нитташ карор хуьлу.
Асет: „Хьонка-м немцойн туьканашкахь эца йиш яр. Цунах тоха нитташ нисбелча гуттар чIогIа дика хуьлура. ГIалин юккъехь баккха уьнах-цIена нитташ нис ма ца лой. Цундела, лерина хьунах а вахана, баьккхича нисло нитташ. Ткъа нитташ ца нисделла, хьонканах оха хорсамийн патарш а туху, шпинат а туху, муьлха а кхийолу бецаш а туху, цу хьонкин чам тобеш. ТIаккха цу тIе кIалд а тухий, хаза далнаш йо-кх оха кхузахь“.
Амма уггаре а дукха хьонка Австрехь бу, бохуш, дуьйцу хуучара. ЦIеяхханчу Венерчу хьуьнхахь болуш берг уггаре а чомехь а болуш. Цундела хила мега, Венерчу Егерштрассехь йолчу базарахь меттигерчу вайнаха хьонка бохкар нисдина хилар. Цигахь вайнехан массех туька ю, цIера сурсаташ а, хьанал жижиг а, йоьхьаш а духкуш.
Кхеташ ма-хиллара, хьонкин мур тIекхаьчча, иза а шортта хуьлу цигахь бухкуш, кийланах пхи-ялх евро а доьхуш. Нохчийчурчу ахчанахь иза ткъа-ткъе диъ туьма хуьлу. „Хьонка санна бораха“ бохург кхузахь кхин башха ала догIуш дацахь а, амма Соьлж-гIалахь а хьонканах итт-шийтта туьма доьхуш хилар тидаме эцча, данне а дукха ца хуьлу иза.
Хьонка Европерчу нохчашна сел чIогIа безар а, царна иза, шаьш стенггахь делахь а, карор а- иза беккъа цхьа цу хьонкан дикачу чомаца я цуьнан могашаллина пайде хиларца доьзна хилла ца Iа. Хьонк – иза нохчашна даймохк бу, иза церан дегIан кхача хилла ца Iаш, синан кхача а лара мегар ду, церан амалшца, цIийца а ийна даьлла, цхьа царах къасталун доцу дакъа.
Цул совнаха, баьржина дуьне мел ду бехачу нохчийн вовшех марзо эцаран цхьа некъ бу, хьонках кхача а кечбина, вовшашка цунах кхета хьошалгIа вахар, вовшех марзо эцар. Мюнхенерчу Асета иштта дуьйцу цу марзонах лаьцна.
Асет: "Далнаш йинчу хенахь вовший чу а кхойкху оха. Иштта цу хьонках дош хета-кх тхуна, иза кхача а хета. Хаза, вайн дайшкара дуьйна схьа еш ма-хиллара, ахьарх а йо хьонка чубоьллина галнаш, демах а йо. Цунах беркат а долий, вовшашка хьошалгIа а доьлху, марзо а оьцу. Иштта сакъоьру-кх оха цу хьонкица. ЦIахь дацара аьлла ца Iаш, кху хийрачу махкахь немцошна юккъехь делахь а, самукъадолу тхан хьонканах а, цуьнца кечбечу кхачанех а“.
Базарара я туьканара эцна, кхаьрзича, кхин тIех йоккха башхо а яц, Европерчу хьонкица, вайн цIерачух иза къастош. Изза кIолла а ю цуьнца, изза ша-башха хьожа а. ХIетте а, мацах цкъа Нохчийчохь ненан кхерчахь, цо шен аьхначу куьйгашца кечбеш хиллачу хьонкица Европераниг цкъа а бусталур бац.