ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчий махкара дIаэхаран бахьанаш дуьйцу немцойн хаамийн гIирсашкахь


Германи -- Шпигел-журналан хьалхара агIо.
Германи -- Шпигел-журналан хьалхара агIо.

Карарчу 2013-чу шеран дIабаьллачу итт баттахь 14 эзар нохчочуо дехар дина Германин Iедале, шайна политикан тховкIело лахьара, аьлла. И терахь хIинца а сецна дала дагахь а дац. Даханчу шарахь хиллачул ворхIазза алсам ду и терахь.

Нохчийчуьра тIом дIабаьлла аьлла кхайкхинчул тIаьхьа итт шо даьлча а шайн махкахь долу хьал цхьа а синхьаам боцуш, вала а, висса а меттиг боцуш лору дукхаъчу нохчаша, бохуш яздо Бинддер Беньямина а, Хебель Кристинас а шайн „Шпигель“ журналан агIонашкахь зорбане яьллачу йоккхачу артиклехь.

И артикл шине декъах лаьтташ ю. Хьалхачу декъехь журналисташа яздо, карарчу хенахь Нохчийчохь а, Къилбаседа Кавказехь а хIоттаделчу хьолах лаьцна. Аналисташна а, Нохчийчуьра хьал девзачарна а тIе а тевжаш, уьш кхета гIерта, стенах уьдуш бу нохчий шайн махкара? ХIун лоьху цара хийраллехь?

Цу хаттарна жоп лаха гIодинчарех цхьаъ евзаш йолу оьрсийн адамийн бакъонашларъярхо Ганнушкина Светлана ю. Iедалша дIахьош йолу политика вуно дера ю, цу дерралийца кадаьлла церан цу махкахь кешнийн кертахь хIуттуш йолчух тера йолу тийналла хIоттон, бохуш дийцинера Ганнушкинас немцойн журналисташка. И тийналла цигахь хIотторна Кремло хIора шарахь 1,5 миллиард сов евро дехьа доккху Соьлжа-гIала, цигарчу куьйгаллин муьтIахьло шена Iалашъян, боху цуо.

„Яккхий лекха гIишлонаш ярхий, маьждигаш дархий цу тезетахь хуьлучух терра синхьаамашца деха адам Iехалур дац“, - бохуш дийцира „Шпигел“ журнале Германехь вехачу нохчийн вевзаш волчу историн Iилманчас Абумуслимов Сайд-Хьасана.

Хьалхара тIом дIабаьллачул тIаьхьа Нохчийн Республика Ичкерин вице-президент хилла волчу цуо хьахийнера „езачу исбаьхьчу гIишлонашца хьуллур дац цхьанге а махкахь лаьтташ болу кхерамий, низам ца хиларий, адамашкахь цхьа а тайпа сатийсамаш бисна ца хиларий“, бохуш.

Уьш ду уьш, артиклан авторша а, цара хеттарш динчу аналисташа а дийцарехь, кху тIаьхьарчу хенахь эзарнашка нохчашка дозанал арахь, уггаре а хьалха Германехь, тховкIело лоьхуьйтуш долу бахьанаш. Цхьаццаболчу оьрсийн хаамийн гIирсашкахь ма -чIагIдара, атта дахар, болх бан а ца безаш, социалан системин чотах ваха лаар а доцуш.

Нохчийчохь хьалхара тIом болабелачахьана дуккхаза цу махкахь хилла а, нохчийн мухIажарийн а, Нохчийчоьнан бахархойн а хьал дика девзачу тергамчех цхьаъ ву Берлинерчу Немцойн-Кавказхойн доттагIаллин юкъараллин куьйгалхо волу Маас Эккехард. Цуо а билгалдоккху, Нохчийчуьра уьдучийн терахь тIаьхьарчу хенахь вуно алсам даьлла хилар.

Эккехард Маас: „ ТIаьхаьрчу хенахь цхьа инзаре йоккха нохчийн мухIажарийн тулгIе, ма-дарра аьлча, цхьа нохчийн мухIажарийн дарц Германехь даьлла хилар ду иза. Тхуна билгалдаларехь, цигахь цхьа тобанаш йолчух тера ду, нахана юккъехь пропаганда еш, Германино 30 эзар нохчо тIеоьцур ву, аьлла, бохуш, харцдерг даржош, реклама еш.

Ткъа иза данне а бакъ дац. Ас немцойн арахьарчу гIуллакхийн министралле кехат яздина, цара официала хьесапехь и эладитта бакъ ца хилар дIахьедан деза, аьлла. ХIунда аьлча, къа ма ду цу нехан, царна боккха социалан эшам а, хала хьал а ма хIутту, шайн долчух а бевлла, кхуза схьа а баьхкина, тIаккха уш кхузахь тIеоьцуш ца хилча. Кху баттахь юха а 2000 нохчо веана Германе“

Цуьнца цхьаьна, бохуш дуьйцу Мааса кхин дIа, лахделла нохчийн мухIажаршна политикан тховкIело яларан терахьаш.

Эккехард Маас: „Ткъа уьш Iедало тIеэцар, мелхо а, лахделла, хIунда аьлча 10 шарахь цу махкахь баьхначу нахана хала ма ду, шаьшна цигахь хIинца кхераме ду бохург тоьшаллийца тIечIагIдан. Гуманитаран бахьанашца Германехь бисса аьтто болуш болу нах царна юккъехь нислахь а“

Артиклан шозлагIа дакъа ялх тайп-тайпанчу нохчийн мухIажарийн портретех хIоттийна артиклан авторша. Царех цхьаболчеран цIераш редакцино хийцина, хIунда аьлча, „Шпигел“ журнало ма -яздарра, уьш хIинца а кхоьру, шайн цIахь бисинчу гергарчу нахана Iедало таIзарш дарна.

Цу журналисташца къамел дан реза хиллачу мухIажарехь цхьаъ ю Борчашвили Асет. 43 шо долу и зуда хIинца а Нохчийчохь ю, шен бехк-гуьнахь а доцуш лаьцна волу кIант маьршаваьлчахьана Германе схьаян сатуьйсуш ю иза. „Цкъа хьалха Юсуп цара лаьцча, иза цхьа гIалат ду, гIалат хилар гуч ма-даьлла, схьахоьцур ву моьттура суна, - бохуш дийцира зудчуо.

- Амма цара юха сан жимох волу кIант дIа а лаьцна, цунна тIе герз а хьажийна, омра динера, хьайн вешийна тIекхайкха, иза бомбанаш еш вара, алий. Ца кхайкхахь оха вуьйр ву хьо, аьлла“. Цул тIахьа Асетан цхьа кIант ведда Малхбузе дIавахнера, ткъа важа хIинца а чохь воллуш ву.

Иштта бу интервьюш еллачу вукху нехан кхолламаш а. 42 долу стаг ву царна юккъехь, шен зудчуьнца а, доьзалца а ведда волу, 30 шо долу жима стаг а ву, ур-атталла Соьлжа-гIаларчу Iедалшкахь дикка лакхарчу даржехь болх беш волу цхьа хьукматхо а ву, кесталгIа Германе вада кечлуш. Ткъа иштта Германин Iедало тховкIело а ца луш, юха хьажийна, карарчу хенахь цIахь вехаш волу, амма немцойн махка юха а кхача сатийсамаш битина воцу жимастаг а ву.

Соьлжа-гIалара дуьйна а, цхьаберш Украинехула а, цхьаберш Беларусехула а, кхин наггахь берш кеманца богIуш лаьтташехь Германе а кхаьчна болчу нохчийн мухIажарша бина болу некъаш а гойту „Шпигел“ журнало шен артиклехь. Ткъа коьртанарг, цу артикалан авторша довзуьйтуш дерг – бакъ дац нохчий хазахета шайн махках буьйлуш бу бохург, уьш шаьшна шайн махкахь баха меттиг ца хиларна уьдуш бу, боху ойла ю.

Нохчийчуьра тIом дIабаьлла аьлла кхайкхинчул тIаьхьа итт шо даьлча а шайн махкахь долу хьал цхьа а синхьаам боцуш, вала а, висса а меттиг боцуш лору дукхаъчу нохчаша, бохуш яздо Бинддер Беньямина а, Хебель Кристинас а шайн „Шпигель“ журналан агIонашкахь зорбане яьллачу йоккхачу артиклехь.
XS
SM
MD
LG