ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Регионашкахь лахдеш ду лоьрийн дог айа луш хилла ахчанаш – царна юкъахь Дагестан, Къилбаседа ХӀирийчоь йу


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан лаххара а 40 регионашкахь, шайна юкъахь Къилбаседа ХӀирийчоь а, Дагестан а йолуш, лоьрашна луш йолу компенсацеш а, стимул хилийта луш хилла ахчанаш а лахдеш ду. Iалашо йу алапа 1,5 -зза лакхадоккхарх президенто дина омра кхочушдар, йздо "Медвестник" хьасто, могушалла Iалашйаран белхахойн профсоюзан хаамашна тӀе а тевжаш.

ХӀора регионехь могушалла Ӏалашъйаран белхахойн алапа номиналехь хьаладаккхархьама, тайп-тайпанчу хӀилланашна тӀегӀерта. Дагестанехь лахдеш ду лоьрашна квалификацина а, цӀерашна а луш долу ахчанаш, алапа проценташца лакхадоккхуш хиллачуьра билгалдаьккхинчу бараме дехьа а доккхуш. Изза хьал гуш ду Тулан а, Тверан а кӀошташкахь, Ямало-Ненецкан автономин гонах а.

Кхечу субъекташа лахдеш ду чолхечу хьелашкахь бинчу балхана луш долу компенсацеш. Цу кепара, Къилбаседа ХӀирийчохь буьйсанан смене бахарна цара хӀинца шалха алапа лур дац, 20% бен дац тӀетухуш дерг.

Чиллан-баттахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дӀахьедира массо а медицинан белхахойн алапаш 50% лакхадохуш хиларх лаьцна. Цо регионашна тӀедиллира охан-беттан 1-чу дийнахь дуьйна луш долу ахчанаш карладахар, тӀетоьхначу ахчанах лаьцна цхьа дош а ца олуш. Иза ца хиларо массо а бохург санна стимулан а, компенсацин а ахчанаш дӀадаларан "ревизи" йан кхачийра, билгалдоккху могушалла Ӏалашъйаран белхахойн профсоюзан куьйгалхочун гӀовсо Андрочников Михаила.

  • Астраханан кӀоштарчу Ахтубинскан а, Енотаевскан а кӀоштарчу дарбан хӀусамашкара сихачу гӀоьнан белхахой мукъаденошкахь шаьш машенаш тойан декхаре хуьлу, техникан говзанчаш ца тоар бахьана долуш. Белхахойн къоьлла хиларна хӀинца бригадехь цхьа фельдшер ву, цхьа лор а воцуш, бохуш дийцира "Действие" профсоюзан хьаькамо Адельшинов Наила.
  • Оьрсийчоьнан къилбаседан регионашкахь а, Къилбаседа Кавказехь а ВИЧ-на дуьхьал молханаш ца тоьу цомгушчарна, цхьайолчу регионашкахь лазар кхин тIе а дIасадаьржаш ду. Редакцино хеттарш дина говзанчаш тешна бу, иза бюджетан дефицитца доьзна хиларх а, Кавказера бакъдолу хьал официалехь дӀакхайкхийначул а вон хила мегаш хиларх.
  • Къилбаседа а, Къилбаседа Кавказан а дукхахйолчу регионашкахь Украинерчу тӀаме дӀаэцарна регионашкахь цхьана ханна луш долу ахча алсамдаьллера аьхка. Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира куьг таӀийра омрана, цуьнца а догӀуш, мангал-беттан 1-чу дийнера гIуран-беттан 31-чу дийне кхаччалц Оьрсийчоьнан тӀеман министраллица Украинана дуьхьал бечу тӀамехь дакъалаца контракт йазйинчарна федералан бюджетера цхьана ханна 400 эзар сом ахча лур ду. Цул тӀаьхьа тӀеман министралло эскаре дуьйла бохуш, божаршка смс-хаамаш дӀасакхехьийта болийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG