Къилбаседа Кавказерчу йукъараллин гIуллакххоша, хьаькамаша а шога критика йиначул тIаьхьа Сталинан депортацех лаьцна текст хийцина школашна леринчу историн книги тIера. ХIинца оцу къаьмнашна лелийна хиллачу репрессех исторера "бохаман агIо" аьлла, Гитлеран оккупанташна гIо латтийна боху дIахьедарш "бух боцуш" ду боху. "Оккупантийн агIончаш" аьллачу декъехь йуьссур йу и текст, йа книгин кхечу декъе йоккхур йу, дуьйцуш дац.
Оьрсийчоьнан культурин министр хилла волу Мединский Владимир ву книгин цхьаволу автор. Книга хийцорах дIахьедина Baza а, гIалгIайн The Magas Times а телеграм-каналаша. Baza-н хаамашца, Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалле дIахаийтина хийцамех.
Книгехь хийцамаш барх хаамаш официалехь тIечIагIбина бац. Иштта хууш дац, хIинцле а школашкахь лелош йолу историн книгаш хуьйцур йуй керлачаьрца.
Ширачу редакцин текст йу хIара – Iаьржачу басца билгалдаьккхинарг книги тIехь санна ду:
Кералчу редакцин текст йу хIара – Iаьржачу басца билгалдаьккхинарг книги тIехь санна ду:
- Къилбаседа Кавказерчу цхьамогIа йукъаралхоша йемалйира керла арахецначу школашна леринчу Оьрсийчоьнан историн книгашна. Книгехь респрессешна кIел нисбеллачу нахах лаьцна сийсазалле къамел хилар билгалдаьккхира шайн реакцешкахь йукъаралхоша.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца Мединскийн арахецарца йолчу историн книгин йерриг зорба йухаэцна, дIахьедина республикан парламентан хьалханчас Даудов Мохьмада. Нохчийчоьнан куьйгалло Iилманан министраллица дийцаре деш ду, репрессеш лелийначу къаьмнех лаьцначу коьртехь хийцамаш бар, амма тIаьхьо шен пост дIайаьккхира цо.
- СССР-н къаьмнашна депортаци йарх лаьцна дакъа хуьйцур ду школашна леринчу Оьрсийчоьнан исторех лаьцна книгаш тIехь, дийцина Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочо Темрезов Рашида шен телеграм-каналехь. И тема луьстур йу репрессешна кIел нисделла къаьмнаш дехачу регионийн куьйгалхойх лаьтташ йолчу белхан тобано, иштта Iилманан министраллин куьйгалло а, дIахьедина хьаькамо.