ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Республикан лаккхара даржхо" аьлла нохчийн маттера гочдина Делимхановс "мехкан да" бохург


Нохчийчоьнан вице-премьер, Думин депутат Делимханов Адам, гайтаман сурт
Нохчийчоьнан вице-премьер, Думин депутат Делимханов Адам, гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан парламентан депутат Делимханов Адам тIетайна Кадыров Рамзанна "мехкан да" цIе тилларна. Оцу юкъанна парламентхочо дIахьедина, и дешнаш нохчийн маттера оьрсийн матте даьхча – "лаккхара мехкан даржхо" бохург хуьлу аьлла.

"Нохчийчоьнан Куьйгалхочун декхарш, дин, къам, цуьнан интересаш, культура, истори, ламасташ, гIиллакхаш лардархо иза хилар билгалдоккху "Мехк-Да" бохучу чулацамо. Цул совнах, оцу чулацамо дIагойту шена тIехь мехкан урхалхочо дIакхоьхьу лакхара жоьпалла а", - тIетоьхна Делимхановс.

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна "мехкан да" титул йала йеза аьлла вистхилира меттигерчу парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад а, кхин а 20 депутат а. Мехкан Конституцихь хийцамбарх, къаьсттина регионан урхалхочун декхарех йаздинчу 63-чу артиклехь, низаман проект йовзийтина цара. "Нохчийчоьнан Республикан куьйгалхо" дешнел тIаьхьарчу абзацна тIетоха деза "Мехкан да" аьлла, - билгалдаьккхина низаман проектехь.

Цуьнца цхьаьна депутаташ хьехна 63-чу артиклна кхин а цхьа абзац тIетохар – Нохчийчоьнан куьйгалхо цуьнан конституцин, адамийн бакъонийн, маршонан гарант хилар, иштта регионан куьйгалхочо "бахархошлахь барт а, маршо а латтайо" аьлла.

Депутатийн лаамех лаьцна цкъачунна Кадыровс йина комментарий йац. Цуьнан гонерчех хьалхара ву Делимханов, хила тарлучу хийцамех дош аьлларг. Дечкен-беттан 12-чохь низаман проектана регистраци йина, ткъа цуьнан тергойина зорбанаша кхо кIира даьллачул тIаьхьа. ХIинццалц схьа хьакамаша аьлла дацара Кадыровх "мехкан да" ала деза бохучух лаьцна.

  • Украинан къайлахчу сервисаша бехкзуламан гIуллакх диллина Делимханов Адамна дуьхьал. Иза бехкево пачхьалкхан дозанаш хийцарехь дакъалацарна а, Оьрсийчоьнан тIеман агоресси къобалйарна а. "Кадыровн уллорчу гонера ву хьаькам. Цуьнан омраца пачхьалкхана чугIоьртинчу юьххьехь веана иза ханна дIалаьцначу Донецкан кIоштан декъа тIе", - чIагIдо СБУ-но.
  • Нохчийчоьнан куьйгаллхеь ву Кадыров 2007-чу шарера схьа дуьйна. ХIетахь дуьйна масийттазза бехкевора иза адамийн бакъонаш талхорна, цунна луьйш берш лечкъорна а, байарна а жоьпалла политикна тIе а дуьллуш. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал санкцеш йаьхна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Евроберто а.
  • Оьрсийчоь шуьйрачу тIамца Украине чугIоьртинчу тIаьхьа Кадыровх уггар а коьрта тIеман пропагандист хилира, регионан урхалхочо кест-кеста дIахьедо йолахой тIамтIе хьийсорах, кхерамаш туьйсу президентана Зеленский Владимирна. Цул совнах, Оьрсийчоьно зарратан герзах пайдаэца тардаларх а хьахийра цо.
  • 2022-чу шеран чиллан-беттан юьххьехь Оьрсийчоьнан оппозицин политико Яшин Ильяс онлайн-петици хIоттийра президенте Путин Владимире хьажинйа, Кадыров Рамзан даржах мукъаваккхар тIедожош. Цхьана дийнахь-буса а 100 эзар сов Change.org платформе йазвеллачу стага куьйгаш йаздира петицина. Кремлехь дIахьедира, и тIедиллар дош ца хийтира шайна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG