Мюнхенехь (Германи) дуьненаюкъара ШолгΙа тΙом дΙабаьллачул тΙаьхьа алссам гулбеллера Советан Ιедал шайца эмгарлаллехь а, шаьш цуьнца мостагΙаллехь а болу оьрсий, гΙезалой, кавказхой...
Царалахь бара шайгара Ιилма а, герз дина, Сталинна дуьхьал лаьтта нах. Оцу нехан дехарша кхачийнера, эшийна Германи дакъошка екъча, Баварин дола ден Цхьаьнатоьхна Штаташ Мюнхенехь Советан Ιедал емал ден радио кхуллуче.
Иза кхуллуш коьрте яьллачу жимчу тобанца хилла а, цул тΙаьхьа 40 шарахь гергга оцу чухула Сталинан-Хрушеван-Брежневн режим Ιорайохуш къахьегначех ву вайн сийлахь махкахо Авторханов Ιадрахьман а.
Тахана дийнахь а, буса а 28 маттахь бо «Маршо» Радионо шен болх. Прагера цуьнан хΙусам тарло хΙинца а пекъаршлахь дехачу къаьмнийн векалш чухьийзачу чоьнах. Шо шаре мел долу дацлуш ду цо эфираш кечъен меттанаш.
И бохург ду, цуьнан мисси, хала-атта делахь а, кхочуш хуьлуш ю, гатлуш ду маршонах эшна дехачу дуьненан дозанаш.
Тхо, «Маршо» Радион белхахой, теша, цхьа зама йогΙур ю, хΙара болх бан тхан хьашто йоцуш – шуьга, тхан хьомсара махкахошка, кхочур ю бΙешершкахь вайн кхъомо сатийсина маршо.
Шен дахарехь хΙун меттиг дΙалоцура «Маршо» Радионо, дΙалоцу тахана а дийцира тхоьга телефонан зΙенехула элистанжхочо, Веданан къоштан префект лаьттинчу Хаджимурадов Сулеймана. Оха баркалла олу цунна, гIертар ду кхидΙа а Авторханов Ιадрахьмана «Маршо» Радиохь яьхна ирхенаш яха.