Амма, иза чоьте а ца оьцуш, цхьана эшшара Iаткъам бан болийна царна. Цхьаберш, оцу махкара ара а боьвла, и Олимпиада дIаяллалц.
ГIалгIайн махкарчу цхьаболчу мухIажарш шаьш доьхьалонан акци кечъеш бу аьлча, дуьйна, царна тIехь Iаткъам бан болийна, полицино а, къайлахьчу сервисаша а. МухIажарех жигархой кхера а беш, уьш тIекхойкхуш а, лебеш а гоне лаьцна цара.
Ишттачарах ю Нохчийчуьра схьаялар долу Хадисов Асет а. Иза Карабулак гIаларчу мухIажарийн цхьана куьпера ю. ХIокху I5-х шарахь цигахь Iийна йолчу цуьнан, хIинца шен бераш а эцна лачкъа дезна. Маршо радиога цуо иштта дийцира.
Хадисова Асет: «терроризман а, экстремизман а доьхьала къийсам латточу центрера баьхкина со йолчу. ХIун дан лерина душ у, аьлла хаьттира соьга. Евлоева Зарема мичахь ю, бохуш хеттарш дуора соьга. Суна иза мила ю а, иза мичахь ю а ца хаа суна. Ас цхьаъ дечу хенахь, массарна хаа а хууш, дуора ас. Амма, хIинца суна аш хIун дуьйцу ца хаа.
ТIеян езара ю хьо, элира соьга. ЙогIура яц аьлла жоп делира ас. Сан берашка хьажа стаг вац, цундела йогIура яц элира ас. Ас тIаккха полисхой а бахкийтина, дIа а лаьцна юьгура ю хьо. Хьайн хIун хуьлу хьажа, аьлла дIаскъаьстина ду тхо».
Ша, хIинца цхьанна а тайпа жигархойн болх дIахьош яц аьлча а, низамхой ца теша, боху Хадисова Асета. Шен коча бахьан а доцуш Iедалш деана дела, цхьа доьхнарг ца хилийта иза дIаяхна оцу махкара.Ша мичахь ю а ца олу цуо.
Хадисова Асет: «Хьо цара Iалашоне эцнехь, юьтура яц хьуна, аьлла соьга царах волчу цхьаммо. И Олимпиада дIаяьллалца, уьш тIехьожура бу хьуна, дIагIо аьлла соьга. Со дIаяхча, сарахь 5 сахьт даьлча мухIажарш гул а бина, и санна долу хIума ма де, аьлла ду. Шаьш дийра дац аьлла цара».
МухIажарш ян гIерташ йолу акци, шена хууш яц хIун ду боху Хадисова Асета. Дуьйцург ду, гарехь, Олимпиада схьайоьллучу дийнахь цара стигал ирахйоьхуьйтура ю аьлла йолу юьйсина горганиш, аьлла тидам бира цуо.
Хадисова Асет: «Олимпиада йолалучу дийнахь, стигал горганиш хьоьцура ю, Iедалшна реза боцуш.
Нах реза бац, цара лелочу хIуманна. Сертификаташ духкуш ду. Шай гергар нах цу юккъе бахийтина, цкъа а тIом хIун ю ца хиина берш а бу цу юккъахь. Цаьрга бийца мотт цхьанна а агIора бисина а бац».
Нохчийчуьра мухIажарш, таханлерачу дийнахь ГIалгIайн махкахь, уггаре а бакъо йоцу чкъор ду, цигарчу юккъараллех. Iедалш мел дечу гIонех хадийна уьш. Иштта, массийта шо ду цара, къйисам латтош, Москохара шайна схьадаийтина долу ахча схьадаккха гIерташ.
Амма, республика куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек, ша ночхашна цхьа а ахча лура дац, аьллера. Гарехь, иза, ша аьлчуьнна тIера вера вала дагахь вац, бохуш яра мухIажар Хадисова Асет:
Хадисова Асет: «Мацалла оха кхайкхинчулла тIаьхьа, Евкуровс тхоьга къамел дира. Цуо хаьттира, шина-кхаанге мичара ду аьлла. Нохчий бу аьлла жоп делча, цуо цIа гIо элира, шуна шай паччахь а ву, суна санна цига а даийтина ахча аьлла. Суна рагI тIекхаьчча, ас элира, со нохчи а ю, сан бераш гIалгIа ду. Тхуна хьан дала деза и ахча, аьлла.
Цуо дехха хиттира, сан маар мичахь ву, мичара ахча эцна ву а.Цуо эцнаехь а , цуо ца эцнехь а, со ГIалгIайн махкхахь дIаязйина ю. Москохара ахча, суна кхуза даийтина долу, цига Нохчийчу дохьуйтура доцийла ца хала Iовдал а яц со. Тхайн догIург схьадоьхуш ду тхо. Цуо тхуна хьалхахь омра дира, тхуна ахча ца дала бахьанаш лаха аьлла».
ГIалгIайн махкахь, Нохчийчуьра мухIажарш ца бийцича а, кхиъ шортта бу уьш, ХIирийн махкара схьабаьхкинарш а. Шина мехкана юккъахь 22 шо хьалха тIеман дов хилчу дуьйна, эзарнашкахь бу уьш, шай дай баьхначу метте юхберза йиша йоцуш.
Олимпиада йолалучу дийнахь, 2 эзар и горганиш ирах яхийта Iалашонехь берш уьш бу. Шайна тIехь, Iаткъам бийра болун дела, уьш тахана, журналисташца а, цхьанци а зIене бовлуш а бац.