«И санна нах вайна юкъахь хилар тамашен ду. Инзарваллал хIума ма ду, жимчохь, ша кхиазхо волуш дуьйна шеца хилла принципашца кху дийне схьавар».
«Иза-м къанлуш а вац. Цуьнца къамел деш, хьайн хенарчу жимчу стагаца къамел до моьтту хьуна. Амма хIетте а ларам алсам хуьлу цуьнга, кхечаьргачул а сов»
Соьлж-ГIаларчу музыкантах, «Седа» ансамблан куьйгалхочух Гучигов Iусманах иштта дешнаш олу иза мел вевзачара.
Башха доьхна хIума а дац, нохчийн филармонис оцу ансамблна «эхI» аьлла цIе ца тилларх а.
http://www.radiomarsho.com/a/27922026.html
Ансамбло репетицеш ен чоь - ша бакъйолу кхоллараллан пхьалгIа ю. Кхузахь зеделларг девза, дIоггара лакхара дацахь а, алапа а оьцу йозуш йоцчу проекташкахь дакъалоцучара.
Джазан, металлан музыка Iамийна ца Iаш, кхузахь догIцIена хила а Iамадо, къинхьегаме а марзво, хьуна чуьра маршо йовза а, еза а Iамаво.
"Ас хьоьху кегийрхошна мотт оьшуш хилар а, наркотикашка марздала мегар доцийла а"
Къамелехь маьршша, шена хеттарг дуьйцу Iусмана, амма ша Iамон бераш шен ма-хуьллу Iалашдо цо кхерамех.
- Иштта лабаратори Соьлж-ГIалахь кхи ян а яц. Оха Iамо тIелаьцначу кегийрхоша доьшу музыкан школашкахь, цара Iамабо ингалсан мотт, рок културин мотт ма бу иза. Суна сайна иштта дика а ца хаьа ингалсан мотт, Iамеркехь дуккха а хан яьккхина а воллушехь. Ас хьоьху кегийрхошна мотт оьшуш хилар а, наркотикашка марздала мегар доцийла а.
Ма-дарра аьлча, дукха гIалаташ дийлина соьгара, сайн ма торру, цундела уьш сайн ма-хуьллу ларбан гIерта со.
- Мила ву шун репертуар вовшахтосург?
- Фолк-рок кхолла лууш яра тхан директор. Ткъа кегийчарна трэш оьшу- Slipknot, Papa Roach. Ас олу цаьрга, Нохчийчохь и тематика оьшуш яц. Кхузахь металликан концерт а хIоттайойла дац. Кхузарчу менталитетца и догIуш доцу дела..
- Ткъа кегийрхой металле ладогIа гуллур барий?
- Тхо гIоьртира цкъа рок концерт яла. Led Zeppelin-ан а, Deep Purple-н тоьлла иллеш вовшах а тоьхна. Цхьа адам ца деара ладог1а. Кхузахь дIахьочу рок-фестивалашкахь ас хотту, стенгахь алсма адам гулло, сценитIехь я залчохь олий.
- ХIунда? Советан заманахь дуьйна дика евзаш ма яра и музыка. Итт шо хьалха, рок-концертехь гулделлачу адмийн Нохчийчохь даьккхина сурт ма гина суна.
- Со суо а вац цунах кхеташ. Цхьаммо а дихкина-м дац.
- Хьовсархой къаьсттина стенгахь гулло?
- Хелхаршкахь.
- ТIом балале Соьлжа-гIалахь ишта ма дацара…
- Ширачу видеошка а хьоьжуш, ойланашкахь оцу хене ваха гIерта со, дагадаийта, стенах яра-те хIетахь сан ойланаш? Iедалехь хIетахь дуккха а нах бара, гIалин културан дахарна Iаткъам беш. Европера артисташ богIура кхуза, масала, чехаш, югославаш, полшхой. Black Sabbath, Dire Straits. Балет а хилла кхузахь.
- Музыка хьан дахаре муха кхаьчна?
- Дуьххьара школехь вовшахтоьхначу ансамблан юкъа вахара со. ХIетахь дуьйна, 1977-чу шарера схьа вотанна тIехь ву со. Юха эскаре а вахана, Камчаткехь ши шо текхира ас. Цигара юхавирзинчул тIаьхьа, вотанчаш гулбеллера дуккха а, схьаелла йолийра дуьххьара аьзнийн школаш.
"Сайна алапа ца делча а, шеквер вацара со, оцу музыкин гонашкахь суо витичхьана"
Нохчийчохь тIом дIабаьлча, дуккха а оьрсий дIабахара. Нохчех бухависинарг вара 5-6 вотанча. Сан хенарчу нахана еза музыка, амма церан доьзалш бу я цхьацца цамгарш лехьайо цара. Суна а чIогIа еза музыка. Эххар а, филармонин директора кегийрхой Iамо кхайкхира со балха.. Сайна алапа ца делча а, шеквер вацара со, оцу музыкин гонашкахь суо витичхьана.
- Кьона музыканташ тобанашка дIа муха оьцу аш? Гуш ду церан доггах шайн болх безар.
- Дукха баьхкинера конкурсе. Ас шишша къастийра царлахь, юха кхо бутт хан елира, уьш зуьйш. Цул тIаьхьа уггар тоьлларш битира тхайна юкъахь. Йоккха проблема ю тхан пиллигаш долчу инструменташтIехь лакха хуу нах ца карош. Красноярскера цхьа йоI бен яц. Кастингехь цу сохьта тидам хилира цуьнан.
Зуьйш шена беллачу 3 баттахь кхи а дика лакхадаьккхира цо шен пох1ма, йоккха корматалла йолуш йоI ю иза. Эшарш язъйо цо ша, махкал арахьа концерташкахь дакъа а лоцу.
"Мел лаххара а, 5 музыкант сайн кхион аьтто хиларна а воккхаве со"
Ткъа кегийчу нахана шайна а ца хаьа, хIун лаьа шайна. Рок-музыкантан хатI деза царна, месаш лелор, джинсаш… Амма рок музыкехь хатI ма дац коьртаниг, дуккха а къахьега ма деза цу тIе кхачале.
Мел лаххара а, 5 музыкант сайн кхион аьтто хиларна а воккхаве со. Ца боху ас, дуьненна а бевзаш музыканташ уьш хир бу, тхо генийш ду а ма ца боху оха. Боксехь дуьненан чемпион вала тарло хьо кхузахь, амма музыкехь...
Йоккха конкуренци а йолуш, баккхий музыканташ бу Малхбузехь. Дикачу тобана юкъара цхьа гитара локхург дIаводахь, цуьнан метта ван лаам болуш эзар хуьлу.
Кхузахь атта ду фонограмма дIа а язйина, компьютерца то а деш, тIе аз а диллина, меттигерчу хаамийн гIирсашкахь цуьнан цIе гIара а яьккхина, ловзаргашкахула лела.
Ткъа тхо, тхайн ансамблца даздаршка кхайкха хIуммаъ атта дац, йоллу тхешан инструменташ дIаяхьа деза тхан, тхан тобанера хIора а музыкант вузо веза цигахь, царна хIоранна а алапа дала деза. Цу тIе, оха дIа мел олу иллеш фонограмма а йоцуш, тхешан аьзнашца олуш ду. Цундела, тIехдаьлла, цIена аьзнаш хезар ду хьовсархошна ала а дац.
Цул а атта дац ловзаргашка а, корпорартивашка а цхьа стаг кхайкхина, цо караоке хьала латийна, муьлхха а илли дIаалийтар, эшахь Джексон Майклан иллеш а.
- Меттигерчу Iедалан гонашкара шуна цхьана а кепара тIеIаткъамаш бой?
- ХIан-хIа! Стага лело хьакъдолу гIуллакх ца хета царна оха лелориг. Хьал-бахам ца гулбало хIокху белхашкахь, даим куьг кховдийна ваха везаш хуьлу хьо. Боьршачу стеган позици ма яц и. Стаг ницкъ болуш, цхьана а хIуманах возуш воцуш хила веза. Нагахь санна, музыкаца кегийрхошка Iер-дахаран хьелаш тодалуш хилча, дуккха а богIур бара кхуза. ХIусам, машен, рок-н-ролл…
"ХIунда ца до гIо вешан музыканташна?"
Филармонин директоре ас боху, балет вайн яц, я цкъа мацца а хир ю ала а дац, кхуза концерташца рок-музыканташ оьху. Лаккхарчу даржхошца уьйрашкахь бу уьш, цара дика тIе а лоцу. ХIунда ца до гIо вешан музыканташна?
Кхузахь кхоллаелла стереотип ю, нагахь музыкант вуй хьо, делахь ву хьо наркоман я алкоголик. Ткха дан ма дац и ишта!
Шен болчу ницкъаца таро йо тхан филармонин директора. Иза-м кхета, нагахь санна Москохарчу фестивале кхойкхуш кехат дагIахь, тхан тоба бен цига йохуьйтийла доций.
Иштта латтош ду-кх цо тхо кIелонехь, Наполеона шен дошлой санна. Алапа а ло, тхан белхан юкъа а ца гIерта. Цунна хаьа, оха болх бой, бахьанаш а ца лелош. Хаьа цунна, тхуна юкъахь дерг, оха дIа мел боккху ког а бевза.
Дериг цунна охьадуьллуш хиларх тешна ву со. Вуьшта хуьлийла а дац. Иштта дуьне ду-кх хIара.