ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росфинмониторинган экстремистийн а, террорхойн а тептарера дIабаьхна нохчийн "Ахматан" эскархой


Оккупаци йинчу Мариуполехь бу кадыровхой, 2022 шо охан-бутт (гайтаман сурт)
Оккупаци йинчу Мариуполехь бу кадыровхой, 2022 шо охан-бутт (гайтаман сурт)

Росфинмониторинго лелочу экстремистийн а, террорхойн а тептарера дIаваьккхина хаавелла Украинерчу тIамехь дакъалоцуш хилла нохчийн "Ахмат" декъера мел кIезиг а виъ эскархо. Оцу кепара хьесап дина "Верстка" гIирсан журналисташа, цара теллина Росфинмониторинган тептарехь а, кхелан сацамашкахь а хилла хийцамаш.

Соьлжа-ГIалин вахархо Охаев Лема а, Дагестанера Идалов Алхаст а, ТIехьа-Мартанара Арсаханов Алхаст а, Брянскера Митченко Никита а ву иза. Уьш берриш а дIакхеттера "Ахматах" (йуьйцург йу, Алаудинов Аптис куьйгалла ден "Ахмат" СОБР) "лаамхой" санна, Украинерчу тIамехь дакъалоцуш бара уьш.

Оцу йукъанна Идалов а, Митченко а реестрера дIаваьккхина, схьагарехь, цхьа а низамашкахь бух боцуш. Овхаевх а, Арсахановх а дерг аьлча, тера ду цхьана буха тIехь уьш йукъара баьхна хила, амма нисделла и кхечаьрца хиллачул а маса Росфинмониторинган тептарехь. Арсахановна таIзар динчу гIуллакхехула гунахь хилла декъашхо, 2011-чу шарахь лоцучу заманчохь вийра, амма тептарера иза дIавайина кхо шо даьллачул тIаьхьа.

Иштта "Верстка" гIирсана гучудаьлла, кхин а ворхI стаг – Дагестанера йалх вахархо а, Нохчийчуьра цхьаъ а – Росфинмониторинган реестрера хенал а хьалха дIаваккхарх, амма царах лаьцна йаздина дац Украинера тIамехь дакъалацарх.

ДIахIиттийначу низамашца а догIуш, реестрера дIаваккха бахьана ду, дукха хьолахь, - кхел кхочушйина хилахь – цуьнан хан йузуш йу таIзар такха тоьхначу хенаца, амнисти йина бехказа ваккхарх, гечдарх, таIзар йуъадаккхарх, йа бехкзуламан гIуллакх сацорах, иштта стаг кхалхарх а.

  • Гезгамашин-баттахь Росфинмониторинго политикан тутмакх хилла Муртазалиева Зараъ экстремистийн а, террорхойн а тептарера дIайайира. Оцу тептаре йазйинера иза 2011-чу шеран товбеца-баттахь, колонира хан текхначул тIаьхьа маьршайаьккхира иза 2012-чу шарахь.
  • Украинана дуьхьал тIом болийчхьана бакъоларйархоша а, Кавказ.Реалиин сайтан хьасташа а масийттаза дийцира, тIамехь дакъалаца бахийтарх ницкъахоша республикехь лечкъийна нах. Царех цхьаболчаьрга олура йа тIамтIе гIо, йа тIехь ницкъбина, шайггара дуьхьал даьккхинчу гIуллакхца набахте воьду хьо. Нохчийчохь салтий хуьлу иштта, масала, нохчийн оппозиционерийн гергарнаш а.
  • Нохчийчуьра хьаькамаш, имамаш, буьйранчаш декхаре бу Украинерчу тIаме бахийта йолахой вовшатоха - и "барамаш" кхочушбархьама меттигера бахархой бертаза къайлахчу набахтешкахь сецабо, нагахь уьш тIаме баха реза ца хилахь, церан гергарчу нахана бохам баккхарца кхерамаш туьйсу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG