ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ростовехь дронаш, тылехь кадыровхой. 2023 шо а, Украинера тIом а


Нохчийчоь, эскархой, гайтаман сурт
Нохчийчоь, эскархой, гайтаман сурт

Украинера тIом хаабелира Оьрсийчоьнан къилбера регионашкахь а: Донехь а, Кубанехь а кест-кеста дронаша тIелетарш дора, ткъа ЧВК "Вагнеран" гIаттам йукъахбаьллачул тIаьхьа Нохчийчуьра дакъойн позицеш чIагIйелира.

Стохка Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира "Ахмат" спецназе сехьабовларх Вагнеран тобанехь хилларш – буьйцурш бара бIенаш эскархой, керлачу декъан цIе тиллира "Камертон" аьлла. "Ахмат" батальонан цхьахволчу "лаамхочо" хьалхо дийцира Украинерчу тIамехь кадыровхоша лелочу дуккхаъчу зуламех.

Шеран коьртачу хиламех, Кадыровн дакъалацар алсамдаларх, Ростовн, Краснодаран мехкашкахь дронашца тIелетарш дарх дийцира Кавказ.Реалии сайте тIом зуьйчу америкахойн Институтан (ISW) эксперто Степаненко Катеринас.

– Ахь хьесап дарца, тIамтIехь хилла муьлха хиламаш лара мегар ду 2023-чу шарахь коьрта?

– Луганскан кIоштахь оьрсийн эскархоша дина Iаьнан тIелатар, стигалкъекъа-бутт бовш Бахмут йоккхуш тIом беш дирзира и, чиллин-баттахь Оьрсийчоьно Угледарна дина аьтто боцу тIелатар а. Украинхойн агIор Бахмутехь хилла контртIелатар, Донецкан а, Запорожьен кIоштан малхбузехь, оккупаци йинчу Херсонан кIоштара Днепран аьрру агIор хийистера операцеш. Цул совнах, коьрта хилира ГIирмехь а, кхечу дIалецначу регионашкахь а Оьрсийчоьнан логистика сацош дIайаьхьна украинхойн кампани а.

Степаненко Катерина
Степаненко Катерина

– Оьрсийчоьнан буьйраллин коьрта гIалаташ муьлхарнаш дара?

– Оцу кепара гIалаташ масех дара. Украинхойн Iаьржачу хIорда тIера ницкъашна блок тоха дагахь йара Оьрсийчоь, кхерамех а, буьртиг-йалтаца бинчу берта йукъара йаларх а пайда а оьцуш. Делахь а Украино дIахьедеш цхьа могIа тохарш дира Оьрсийчоьнан Iаьржачу хIорданера флотана, шайн хIордаца йохка-эцар лелор карахь а дуьтуш.

Оьрсийчоьнан гIалат даьлла шолгIа меттиг – ракеташца а, дронашца а бахархойн а, энергетикан а инфрастурктурашна тохарш дича Украинан са эшор ду шаьш, тIаккха капитуляци хир йу аьлла тешна хилар.

– 2023-чу шарахь чIагIдира дронашца тIелетарш дар Украинаца дозанашкахь йолчу Оьрсийчоьнан регионашца хилар – Белгородан а, Ростовн а, Краснодаран а кIошташкахь. Ракеташна дуьхьал баккха тIеман гIирс ца хиларца доьзна ду и, йа кхечу бахьанашца?

Кремло, схьагарехь, магадо Кадыровна Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу регионашкара эскархой лахьо

– ПВО-н системаш тоьаш цахилар – и цхьа бахьана ду Оьрсийчоь оцу тIелатаршна дуьхьалойан кийча цахиларан. ХIаваэхула дечу тIелетаршна дуьхьал йохучу системийн дукхахдолу дакъа Украинера тIемашка хьажийнера - цо Iаткъам бира шайна дозанаш тIехь дронаш хIаллакйарна. Оьрсийчоьнан "z-военкораша" (тIамехьа блогерш.- Редакцин билгалдаккхар) а цхьаьна аьрзнаш дора, армино кхачам боллуш шайн тIеман техника Iалаш ца йо бохуш: масала, аэродромашкахь ангараш ца йира кеманаш Iалашдан.

Хьуна хетарехь, оцу тIамехь мел а кхиаме хьанна дара 2023-гIа шо- Оьрсийчоьнна йа Украинана?

– ХIора а агIоно шаьш дIакхайкхийна хилла Iалашонаш кхочушйина. Оьрсийчоьнан официалан наха 2023-чу шарахь дуьйцура украинхойн контртIелатар шаьш йухатухур ду бохуш.

Украинхойн эскаршна минаш йоьхкинчу майданашкахула а, дронашца а хьалхадовла новкъарло йан аьтто хилира церан. Делахь а, Оьрсийчоьнан тIемалойн аьтто ца хилира шайн Iалашоне кхача – массо а агIор чугIоьртина Донецкан кIошт схьайаккха.

Украинан тIеман ницкъаша тIаьхьий-хьалхий динчу тохаршца Iаьржачу хIордан флотан операцеш цIеххьана хийца ницкъ кхечира – оккупаци йинчу Севастополан базера хIордакеманийн цхьа дакъа дехьадаккха дийзира Оьрсийчоьнан.

ЧВК "Вагнер" дIасайохийначул тIаьхьа тIамехь Нохчийчуьра дакъойн позицеш чIагIйелла олийла дуй, уггар хьалха Алаудинов Аптис куьйгалла дечу "Ахмат" спецназан?

– Кадыров Рамзанан цхьадолчу дакъойх Кремль йоьзна хилар алсамдаьлла ЧВК "Вагнер" йукъарайаьллачул тIаьхьа. Доккхачу декъана, карарчу хенахь Бахмутан а, Марьинкан а Белогоровкин а кIошташкахь тIемаш бечу "Ахмат-Север" батальонан ницкъех йоьзна хилар.

Украинхойн дIадаьхначу латтанаш тIехь Кадыровн а, Росгвардин а дакъош хьалха а санна дукха хьолахь оккупацин ницкъаш санна лелош ду. Схьагарехь, Кремло магадо Кадыровна Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу регионашкара эскархой лехьон, веллачу ЧВК "Вагнеран" долахочуьнца Пригожин Евгенийца цуьнан доттагIалла хиллашехь.

Кадыров Рамзанан цхьадолчу дакъойх Кремль йоьзна хилар лакхадаьккхина ЧВК "Вагнер" йукъарйаларо

Цуьнца цхьана Москвано, хетарехь, шорйеш йу Росгвардин таронаш а, шаьш дIалецначу дозанаш тIехь контроль латтон йаккхий вовшахтохараллаш хилийта. Масала, дукха хан йоццуш низам тIеийцира, лаамхой лехьон оцу структурина бакъо луш.

Кадыровн дакъойн эвсаралла лакхайаьллий 2023-чу шарахь?

– ХIан-хIа, дIоггара ладаме толамаш цара баьхна бац – йа Бахмутана къилба-малхбузехь а, йа Белогоровкина гергахь а. Оцу йукъанна Нохчийчуьра дакъоша кхин дIа а тIемаш беш бу Къилбан тIеман гонашкара кхечу дакъошца Украинан Донецкан кIоштахь.

ТIамехь хьал кхиадоьлла аьлла муьлхачу гайтамаша билгалдоккхур ду 2024-чу шарахь?

– Оьрсийчоьнан а, украинхойн а ницкъаш паритетан хьолехь бу, цо хьелаш хIиттадо позиционан тIамна. И хьал дохон таро йу технологи тоьлаш хиларан. Украинхойн тIемалойн зерашца, F-16 кеманаша аьтто бийр бу аренца бечу тIамехь хIаваэра тохарш дарца. Шайна догIучунна, Оьрсийчохь тIеман индустри чIагIйина, дронаш арахецар алсамдаккха хьийза.

***

Нохчийчуьра тIеман дакъоша дакъалоцу Оьрсийчоьнан Украинана тIелатарехь, цигахь уьш гIарадвелла "тик-ток-эскарш" аллла; тIеман эксперташна а, тергамчашна а хетарехь, Оьрсийчоьно дIалецначу территореш тIехь бу нохчийн салтий. ТIом зуьйчу америкахойн Институтехь (ISW) чIагIдора, тIемашкахь нохчийн вовшахтохараллаша дакъалоцуш а дац, царех тылехь пайдаоьцу аьлла. Цуьнан тоьшалла до Украинехьа тIемаш бечу Къилбаседа Кавказера бахархоша.

Экспертшна хетарехь, Пригожинан кхалхар пайден дара Кадыровна: ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочо дикка кхерам латтабора Нохчийчоьнан урхалхочун йолахоша, Кадыровн дакъошца буьстича, тIамехь кхиамаш бахарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG