2020-чу шеран итт беттачохь Ростовера номер 19 йолчу пехийн лазартнехь (МОТБ-19) мел кIезиг а 19 стаг велла – уьш берриг а психиатрин декъехь латтош бара, цигахь дархой кест-кеста дIа а боьхкуш, царна тIехь ницкъбеш хилла. Цунах лаьцна хааме даьккхина 161.ru сайто дарбанан цIийнан куьйгалхочун Волокитин Олеган чоьхьарчу рапортана тIетевжина.
Ростовера журналисташна девзинчу гIуллакхан материалашкахь йаздина ду, пациенташ кIиранашкахь, беттанашкахь бихкина латтор шуьра даьржина хилла 2018-чу шарера схьа дьйна аьлла. Тутмакхашна, дукха хьолахь могуш болчарна, луш хилла психотропан молханаш, ФСИН-н белхахойн тешам болчу санитараша "капельницаш" хIиттош хилла, мехий детташ хилла. Йеххачу заманчохь меттах ца бовлуш Iихкинчу цхьаболчу тутмакхашна даьIнаш дийлина хиллера.
Цхьахволчу "санитаран" тоьшаллашца, цхьана пациенто ша шена тIе куьйгаш даьхьнера. Шиъ кхелхира хирургин декъехь, чолхечу хьолхеь цига валийнера и шиъ. Диабет бахьана долуш кхетамчуьра ваьллачохь кхелхина Краснодар-махкара Бакшеев Дмитрий а, Михайлов Роман а ву и шиъ. ТIаьххьарчо латкъамаш дора номер 2 йолчу колонихь лелочу коррупцина а, наркотикаш йохкарна а, оцу тIехула цунна "таIзар дира". Иза кхелхинера дукха вихкина латтийна даьIнаш дийлина, оцу тIехула цIий бехделла. Ша Iуьллучохь этIийнера иза МОТБ-19 лазартнен белхахоша, хирурги дIа а ца вуьгуш.
Дарбанан цIийнан масех белхахочо йинчу кийтарлонашкахь аьлла ду, лазартнен хиллачу хьаькаман гIовсан Лях Александран а, коьртачу лоьран Мкртчян Тигранан а омранашца а гIело хьоьгуьйтуш хиллера тутмакхашка.
Чиллан-баттахь Мкртчянна ши шо хан туьйхира колонихь даккха Бакшеев Дмитрийна "харц дарба" лелорна. Дечкен-беттан 30-чохь кхело листира МОТБ-19 лазартнехь Iазапаш хьегийтарх гIуллакх: дарбанан цIийнан хиллачу куьйгалхочун гIовсана Лях Александрна колонихь даккха 7,5 шо туьйхира, психиатрин декъан куьйгалхочунна Позднякова Дарьяна чохь даккха йалх шо тоьхна, ткъа психиатр-лоьрана Поторочина Анастасияна – пхи шо. Массо а бехке бина шайгарчу бакъонел а совбийларна. Бехкбуьллучийн версица, пациенташ дIабехкар Позднякована тIедуьллуш хилла Ляха, ткъа Поторочинас цамгарх хIиттийначу картанаш тIе харц хаамаш йазбеш хиллера. Цул совнах, волайнхоша аьрзнаш дора, шайна йеттарна а, кхерамаш тийсарна а, персонало йуучух хьегорна а.
- МОТБ-19 лазартнехь гIело латторах гIуллакх долийна 2021-чу шарахь дуьйна: тахана оцу гIуллакхехула тIеозийна 42 волайнхо, амма талламабар дIадахдина, бехкаш дохкучарлахь болу тешаш маьршабохуш бу, Украинана дуьхьал тIаме хьийсорхьама. ГIело лайначарна а, юристашна а хетарехь, бехкенаш таIзарх бовла тарло. Кавказ.Реалии сайто дийцира, "таIзаран" лазартнех гIаттийначу скандале гIуллакхах хуьлуш долчух лаьцна.
- Дарбанан цIийнехь гIело хьегийтарх тоьшаллаш тIечIагIдира кхузткъа гергга тутмакхо, амма Талламан комитетан донан урхалло тIаьхьий-хьалхий дIахьедира, зуламаш лелийна бух ца карабо шайна – кIоштара прокурор а, ФСИН-н хьаькам а хийцинчул тIаьхьа материалаш меттахйехира.
- ГIуран-баттахь Ростовехь йалхолгIа дуьхьало йира бехкзуламан гIуллакх айде аьлла бинчу сацамна, жигархочо, лоьран Каклюгин Николайн дIахьедарехула йуха а таллам болийра. Цуьнан дешнашца, МОТБ-19 лазартнехь иза ирхъолла гIоьртинера, иштта магийна доцчу кепехь дарба лелон а хьийзинера.