ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ростоверчу кхело сацамбина Шемахь тIом бечу тобана гIо латтийначун хьокъехь


Южный окружной военный суд, Ростов-на-Дону
Южный окружной военный суд, Ростов-на-Дону

Къилба федералан гонан тIеман кхело бехке лаьрра Сочин вахархо Саидов Бекзодбек, терроризмана ахчанца гIодарна, луьрачу хьелашкахь колонехь даккха бархI шо ахшо тоьхна цунна, дуьххьарлера кхо шо набахтехь даккха а дезаш.

Бехк кховдочеран версица, Саидовс шозза – 2021-чу шеран гIуран-баттахь а, 2022-чу шеран товбеца-баттахь а ахчанаш хьежийна Оьрсийчохь террорхойн леринчу Шемахь тIом бечу "Хайят Тахрир аш-Шам" тобана, хаамбина кхелан телеграм-каналехь.

Кхехьийтинчу ахчанан барам хьахийна бац.

Бакъонашларъярхоша Кавказ.Реалии сайте дийцира, шайн тIекхочийла йац "террорхойна" ду бохучу гIуллакхашна, цундела церан талла аьттонаш ца хуьлу кховдийна долу бехкаш. Наггахь информацин тIекхача хуьлучу аьттоно гучудоккху, гIуллакхашца харцонаш лелийна хилар.

  • "Хайят Тахрир аш-Шам" – Шемара салафистийн тоба йу. Иза йоьзна лору "Аль-Къайдаца", "Исламан Пачхьалкхаца" мостагIаллица йолуш санна – уьш йерриш Оьрсийчохь террорхойн лерина, магийна йац. Официалехь тобано харцдо ша "Аль-Къайдица" хилар.
  • Кху шеран дечкен-баттахь Къилба федералан гонан тIеман кхело "Хайят Тахрир аш-Шам" тобана йуккъе кхета лаам хиларна бехке лерина, вархI шо хан туьйхира луьрачу хьелашкахь даккха, дуьххьарлера ши шо набахтехь а доккхуш, Ростовн кIоштан вахархочунна Турунов Исламана.
  • 2022-чу шеран гIадужу-баттахь Оьрсийчоьнан ФСБ-н йукъараллица зIенаш латточу Центро дIахьедира, шаьш ГIалгIийчохь а, Башкортастанехь а, ишта Санкт-Петербургехь а дIалецначу "Хайят Тахрир аш-Шам" декъашхой хила мегачу нахех лаьцна. Лецнарг маса стаг вара, дуьйцуш дац.
  • 2021-чу шеран товбеца-баттахь ФСБ-на белхахоша пхи стаг лецира "Хайят Тахрир аш-Шам" тобан декъашхой хила мега аьлла ГIеберта-Балкхаройчохь а, Астраханан а, Волгоградан а, Cамаран а, Москван а кIошташкахь. Амма оццу шеран охан-баттахь "Хайят Тахрир аш-Шаман" хила мега 10 декъашхо лецира исс регионехь – бу царлахь Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а, Кубанера а, Волгоградера а, Астраханан кIошташкара а нах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG