Ростовера СИЗО-хь закъалтхой лийцира, украинхойн талламхоша Нохчийчуьра эпсарш бехкебина тIеман йийсархошна тоьпаш тохарна, Нохчийчоьнан бюджетан ах дакъа Кадыровн куьйгакIел йолчу компанешкахула схьаоьцуш ду - цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 68-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Ростовра СИЗО-хь закъалтхой лецар
ТаIзар кхочушдаран Федералан урхаллин белхахой закъалте лийцира мангал-беттан 16-чохь Iуьйранна Ростовера номер 1 йолчу талламан изоляторехь латточара. Хаамийн гIирсаша йаздарехь, зуламхойн кара кхаьчнера СИЗО-н белхахо Кончаков Виктор, Горох Константин, тIаьххьарчун ка йаьллера церан карара а ваьлла, герз латтон чоь дIакъовла. ТIаккха тутмакхаша лаьцна хиллера подполковник Богма Александр – ФСИН-н урхаллин оперативан хьукматан куьйгалхо ву иза. Хетарехь, зуламхошца дийцарш дан массарел а хьалха кхаьчнера иза цига.
Арсаш, уьш ирден гIирсаш карахь болчу цара видео дIайазйира талламан изоляторан дозана тIера, цу тIехь гуш йу "Исламан пачхьалкх" шех олучу террорхойн тобанан билгало. Цара тIедожийнера, къайладовла шайн машен ло аьлла.
Оцу заманчохь Ростовн йукъ, цигахь йу и СИЗО а, ницкъахоша гоне йерзийнера. Тутмакхашца дийцарш дан вахийтинера меттигера динан урхаллин куьйгалхо, цунах а пайда ца хилира, тIаьхьо штурм йолийра.
Операци дIахьош, Росгвардино йаржийначу видео тIехь гуш ду, маса лоьрийн гIо кхачон машенаша лар а беш, спецназхой изоляторан дозана тIе бовлуш. Телеграм-каналийн хаамашца, кхаа минотехь йира штурм. Дукха ца Iаш машанехь видео гучуйелира, цу тIехь йалх тутмакх лаьттахь Iуьллуш ву, меттах ца хьовш, мел лахара а шиннан куьйгех тоьхна гIоьмаш йу. Закъалтхой кIелхьарбехира - царна хилла зен дац.
Штурм йола а йале хьалха телеграм-каналаша йовзийтира тIелеттарш бу бохучийн цIераш. Царех кхаанна стохка гIуран-баттахь кхелаш йинера йаккхий хенаш йетташ "Исламан пачхьалкхаца" боьзна хиларна а, Кхарачой-Чергазийчьура Лакхарчу кхелан гIишло чохь теракт йан кечам барна а.
Карабулакера Цицкиев Азамат, цуьнан махкахо ЧемалгIера Акиев Шемал а, Соьлжа-ГIалара Гиреев Тамерлан а хиллера уьш. Шайна динчу таIзарна дуьхьал бинчу латкъамана жоп хиллац цу чохь латтош хиллера уьш.
Закъалтхой лоьцуш декъах хилла боху воьалгIаниг – ГIалгIайчуьра схьаваьлла Гандалоев Малик ву. Стохка бIаьста лаьцнера иза теракт кечйеш хилла аьлла шеконаш хиллачу кегийрхойн тобанера. ПхоьалгIа – Сайпудинов Мохьмад ву, цунах лаьцна хууш ду, 2019-чу шарахь талораш лелорна а, бертаза ахчанаш дахарна а, къоланаш дарна а, зуламашна йукъа кхиазхо озорна а таIзар дина хилар.
ЙалхолгIаниг – Камнев Даниил ву. Ставрополь-махкара цхьана хенахь скинхед хилларг ву иза. Итт шо хьалха дуьххьара хан туьйхира цунна, иза кхиазхо а волуш.
Колонихь бусалба дин тIеийцира жимчу стага, цIе а хийцира цо Камнеев Дмитрий аьлла. Маьршаваьккхинчул тIаьхьа цунах шеконаш хилира Кисловодскера полицин декъехь теракт йан кечлуш ву аьлла, цо ша бакъ ца дора и, дIахьедира шена тIехь гIело латторах. Зорбанийн хаамашца, Ростовера СИЗО-хь штурм йинчул тIаьхьа дийна виссина Камнеев. ЧIогIа корта лазийна цуьнан, хIара подкаст дIайазйечу хенахь а чолхечу хьолехь вара иза.
Оьрсийчоьнан Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх долийна Ростовехь закъалтхой лецначул тIаьхьа, хаамбо иштта, талламан изолятор а толлуш хиларх. Делахь а гуш ду, хIара хилларг уггар хьалха коррупцина тIехула дуйла, ишта ца хилча, стенгара девр дара тутмакхашна арсаш а, "Исламан пачхьалкхан" байракхаш?
СИЗО-хь бакъо йоццушехь хIитточу хьелийн прейскурант зорбане йоху телеграм-каналаша. Масала цигахь сим-карта, телефон, къаьркъа эца йиш йу, цхьана ханна шайна хьажа телехьожийла эца а. Бакъоларйархочо, "Русь сидящая" проектан куьйгалхочо Романова Ольгас бахарехь, ишта хьал нисделла Украинана дуьхьал болийначу тIамаца доьзна а цхьаьна: даккхий ахчанаш лур ду а бохуш, ФСИН-н белхахой тIамтIе хьийсабо, оцу тIехула талламан изоляторехь белхахой тоьаш бац. Цундела биссина белхахой хьийза кега-мерса кхаьънаш оьцуш, шайн кегий алапаш дуза.
И доцург а, хууш ду, номер 1 йолу Ростовера СИЗО тIехйуьзна хилла, "терроран" артиклашкахула бехкебечаьрца цхьаьна цигахь латтош хилла 40 кхиазхо а. Кхин а 150 тутмакх – политикан бехктакхаман гIуллакхашкахула лаьцна ву, дукхахберш – Украинан бахархой бу, шайлахь тIеман йийсархой а болуш.
Романова Ольгас билгалдоккху, закъалтхой лецначул тIаьхьа а Ростовера номер 1 йолчу СИЗО-ра а, Оьрсийчуьра ФСИН-н кхинйолчу хьукматашкара а хьал, тамаш бу-кх, хийцалахь аьлла. Цунах лаьцна бакъоларйархочо дIахьедира "Дождь" телеканалан эфирехь: "ХIаъ, дера хIета Ростовера ФСИН жимма "ласто" йеза, гуттар а дика хир дара йоллу урхаллехь талламаш бича. ХIунда аьлча, хIаъ, дика ду, цхьаъ дIавоккхур ву, чуволла а тарло. Тутмакхашкара телефонаш схьайохур йу, церан метта кхин керланаш йохьур йу царна. Амма система ма-йарра йуьссур йу – шира, йахкайелла, йерриг а тIамо хIаллакйина. Вайна гуш ду "набахтийн шахьарех" хIара дуьссург…Ткъа ФСИН-н йоллу система орамашкара дуьйна хийца, ма-дарра аьлча, кхин дIоггара хала а дац – амма цунна политикан лаам оьшу. Йуха а вай массо а Путинах гIоьртина хуьлу-кх".
Нохчийн эпсарша байина украинхойн йийсархой
Украинхойн виъ тIеман йийсархочунна тоьпаш тоьхнарш билгалбаха аьтто хилла шайн аьлла дIахьедина Украинан тIеман министраллин талламан Коьртачу урхалло. Киевн хаамашца, Нохчийчура Шела гIалахь куп тоьхна 70-чу полкан эпсарш бу уьш.
Украинхойн талламо чIагIдарехь, зулам дина стигалкъекъа-бутт йуккъе баьллачул тIаьхьа Запорожьен кIоштара Работино эвлана гергахь. Дронашца йаьккхинчу видео тIехь гуш ду, хьуьнан асанехь лечкъинчуьра карахь герз доцуш, куьйгаш айдина арабовлу йийсархой. Бертал лаьтта охьабийшинчу царна тIе герзаш детта. Дуьненайукъарчу бакъонан низамашца а догIуш, хилларг тIеман зулам лоруш ду.
Йийсаре веанчу пхеанна герзаш тохарна Киево бехкаш дехкина Оьрсийчуьра пхеа вахархочунна. Бу уьш - 70-чу штурман полкан полковник Абаев Юрий, капитан Нагорный Дмитрий, лакхара лейтенанташ Абуталимов Темирлан, Имагазалиев Юсуп, лейтенан Беков Заур а.
Киевн хаамашца, цIераш йаьхна эпсарш гунахь хила тарлуш бу кхин а масех йийсархо верна а. Цкъачунна цунах лаьцна видеош зорбане ца йаьхна талламо.
Полковник Абаев Къилбаседа ХIирийчуьра ву, Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца цхьаьна "Турпалхойн зама" программехь вара иза мангал-беттан 14-чохь. Украинера тIамехь дакъалаьцначех "керла элита" вовшахтоха Iалашонца йукъайаьккхина йара и программа. Кху шеран чиллан-баттахь Абаевна Оьрсийчоьнан Турпалхочун седа а белира.
Ах бюджет схьаоьцу Кадыровн тергонера фирмехула – "Проект"
Нохчийчоьнан куьйгалхочух лаьцна шина сахьтехь шаьш йаьккхина кино зорбане йаьккхина "Проект" гIирсо кху кIиранах. "Султанат кхуллуш Кадыров Рамзана бинчу цIий Iаночу некъан историкан талламбар" аьлла журналисташа шаьш бинчу балхах лаьцна. Оцу фильмехь дуьйцучех дуккхахдерг тоххара дуьйна а хууш дара, амма ду цу тIехь керланиг а.
Доккхачу декъана журналисташа дийцина, Москвара кхочу бюджетан ахча республикехь муха схьаоьцу. Дуьйцург ду бIеннашкахь миллиардаш соьмаш. И ахча шена дIадерзош пайдаоьцу Кадыровн куьйгакIел йолчу фирмех.
Бюджетера шен кара эцна ахча Нохчийчоьнан куьйгалхочо дойу дукха хьолахь шен гареман хьашташна, цига кхочу ишта берхIийтта шаре довлаза зудабераш а, чIагIдо "Проекто". Талламхойн хаамашца, 2006-чу шарахь 14 шо долчу Хазуева Фатимас вина ву Нохчийчоьнан куьйгалхочун шолгIа кIант Эли. Кхечу йоIа - цу хенахь 16 шо хиллачу Джабраилова Замирас - 2007-чу шарахь вина Кадыров Адам, чIагIдо "Проекто". Оцу йукъанна официалехь хьалхарчу зудчо Кадырова Меднис вина лоруш ву ший а кIант. Журналистийн таллам тергамза битина Соьлжа-ГIалахь.
Имам вийначунна 17 ш тоьхна
Нохчийчуьра вахархо Шамурзаев Турпал-Iела бехке лаьрра Шелковскан кIоштара Воскресеновское эвлахь имам верна, цунна шогачу хьелашкара набахтехь даккхийта 17 шо тоьхна. Къаьстинчу къизаллица стаг вер аьллачу артиклехула дина ду таIзар, хаамбина Нохчийчуьра Талламан комитетан урхалло. Вийнарг ву – 54 шо долу Гакаев Iабдурахьим.
Талламан версица а догIуш, 30 шо долчу Шамурзаевс имам вийна цуьнан 4 шо долчу кIентан бIаьргашна хьалхха, ша дийриг телефона тIе дIа а йаздеш. Цул тIаьхьа ша зулам динчу меттигера веддера иза шен машенахь, "йуьртара араваьлла хьуьнан асане вирзинера, цигахь урс дIа а кхоьсина, гIаш дIаваха дагахь. Цул тIаьхьа, дийцарехь, луларчу махкахь лачкъа дагахь хилларе иза, амма лецира хьем ца беш.
Зулам даран бахьана дара, боху урхалло, имамца цуьна "хилла гамо". Иштта билгалдаьккхина дац, шегара даьллачунна Шамурзаев къера хилли а.
Дагадоуьйту, Нохчийчуьра Шелковскан кIоштара Воскресеновское эвлан вахархо Гакаев Iабдурахьим вийра дечкен-беттан 14-чохь. Иза вехачу цуьнан керта а вахна, "ас совгIат деана хьуна сайн вешигара" аьлла, зуламхочо урс детташ видео йаржийра социалан мащанашкахь. Масех чакхарма дехьа жима кIант а ву лаьтташ цу видео тIехь, тIаьхьо къаьстира, вийначун кIант иза хиллийла. Имам Гакаев Iабдурахьим верна бехкевечу Шамурзаев Турпал-Iелин гергарчу наха видео дIайазйина церан нахана лерина, йукъара вас дIайаккхар доьхуш.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: