ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ростовн кIоштахь ши адам дерна лоьхуш ву Нохчийчуьра вахархо – шен хилла йезар а цхьаьна йийна цо


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ростовн кIоштара Кагальник эвлахь бехкзуламан гIуллакх айдина талламчаша 25 шо долу зуда а, 36 шо долу стаг а верца доьзна. Полицино лаца кхайкхийна 32 шо долу Кураев Адам – цо йийна боху шен хилла йезар а, цуьнан керла тIехьийза кIант а.

Кураев а, цо йийнарг а – ший а Нохчийчуьра ду, билгалдоккху Ростовера 161.ru гIирсо. Церан хаамашца меттигерчу бахархойх волчу тIелеттачуьнга ла ца делла хилла шен хиллачу йезаран кхечу стагаца йукъаметтигаш хилар.

Ростовн кIоштара Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх долийна стаг верах. Шеконаш йерг ведда зулам динчу меттигера, карарчу хенахь лоьхуш ву иза, тIечIагIдира урхаллехь.

  • Бакъоларйархойн хаамашца, Къилбаседа Кавказехь "сий лардеш" нах байарх "Правовая инициатива" проекто бинчу талламо гайтарехь, 2008-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц схьа 39 адам дийна, царех кхоъ борша стаг вара. Бакъоларйархойн хаамашца, дукха хьолахь дойу марехь доцу зудабераш, йа марера цIабаьхкина кегий зударий, цхьа наггахь нисло цаьрца марехь берш а. Дайша, вежарша, хIусамдайша, девежарша бойу уьш.
  • Шен башхалла йолуш ду Къилбаседа Кавказехь доьзалехь ницкъбар: меттигерчу наха хIусамдайша зударшна йеттар диллина йемалдеш дац, доьзал боьхча бераш "Iадаташна" тIе а тийжаш, кхелаша наношкахь ца дуьту, ткъа доьзалехь латточу гIелонах бевддарш полици тIаьхьа а йоккхий цIа буьгу. Дукха хьолахь тергамза дуьту бакъоларйаран органаша доьзалехь ницкъбар, бевддарш лохуш гIо до гергарчарна.
  • Нохчийчохь, Къилбаседа Кавказан кхинйолчу регионашкахь а санна, доьзалехь гIело латтор ира лаьтташ ду - хууш ду сий лардеш шайн йолчара йоI йийна, дас-нанас доьзалхо лачкъийна, бераш схьадаьхна меттигаш. Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа билгалдаьккхира, хIинца йолчу политикан рожехь республикехь зударшна тIехь гIело латтор нийса долуш санна тIеоьцуш хилар.
  • Нохчийчохь зударшкакхьа тIеэцна къоман стратеги – оцу документа тIехь йаздина дош дац хIусамехь гIело хьегийтраца къийсам латторах. Оцу йукъанна тIаьххьарчу беттанашкахь къаьсттина оцу махкаца доьзна ду дуьнено а дийцина шайн доьзалашкахь бала хьегна уьду зударий лечкъор, уьш сецор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG