Къилбаседа Кавказера гIело хьоьгуьйтучу нехан интересаш Iалашйечу Москвара адвокатан Алиева Азин хьокъехь таллам болийна, Ичкерин заманара тIемалойн хьалханча Гелаев Руслан тIехь волу ролик бахьана долуш. Къилбан мехкашкара цхьа могIа бахархой Iалашбина Алиевас, иштта гIалмакхойн колонихь къизаллица хьизийна Дагестанера тутмакхна а хIоьттира иза адвокат.
Нохчийчохь хиллачу хьалхарчу тIамах йаьккхинчу видеох ницкъахошна бахьана делира цуьнан кочабаха. Цу тIехь Гелаевс боху: "Нагахь санна, шайн эскарш арадаха и кхуза вагIахь – вола. Амма тIамца вагIахь – кхузара оха эккхор ву". Оцу публикацехула таллам беш хиларх хаийтина Талламан комитето.
Алиевана латкъамбира, цо бахарехь, Москвара метрохь тIелатар динчу бусалба йоьIан интересаш Iалашйан хIара йолайелча исламана дуьхьал йолчу пабликийн администраторша.
Ультра аьттун агIорберш кхуьнан кочабахкарх, бехкзуламан гIуллакх доло кхерам хиларх, Нохчийчуьра тIамах а дийцира Кавказ.Реалиин редакцина адвокато Алиева Азас.
– Ичкерин командир Гелаев тIехь волу ролик хьан инстаграмехь муха нисйелира?
– Керлачу шеран буса лента кегочу суна гира Нохчийчохь хиллачу тIеман фрагментийн хронологи. Маьршачу нахехьа къамел деш стаг вара цу тIехь суна гуш. Аса кхин ла а ца дуьйгIира цуьнга. Кхин дIа локхуш Димаев Iелин "Нохчийчоь" илли а долуш, кадраш гойту: гихь бер долуш йедда йогIуш йу нохчийн къано, йоьлхуш, "ХIара тхуна стенна оьшура?" бохуш, тийжаш йогIу оьрсийн зуда, тIармаIа дуу бер а… ТIаккха ас дIайайира – "Град" йетта йолийра видео тIехь, суна лазаме дара и суьрташ.
Дуьххьара суна тайнарг оцу ролика бухара текст йара. Цигахь йаздина дара, 1994-чу шеран гIуран-беттан 31-чохь оьрсийн эскарша бомбанаш йетта йолийра Соьлжа-ГIалахь. Чекхйаллалц цуьнга дIа а ца хьожуш, репост йира аса. Сайгара дешнаш тIе а ца диттира аса, цхьа а кхайкхам ца бира, цхьанна а агитаци ца йира. Сайн аудиторина дийца лиира суна, генарчу 1994-чу шарахь хIокху буса Соьлжа-ГIалана бомбанаш йиттира аьлла.
Цул тIаьхьа соьга йаздан буьйлабелира, хьо ишта-вуьшта йу, "терроризм къобалйо", террорхо Гелаев хьайн агIоне хIоттийна ахьа бохуш. Экстремистийн реестр чу хьаьжча, со кхийтира видео тIехь волу стаг мила ву.
ТIаккха маса репост дIайаьккхира ас.
– Гелаев хьуна ца вевзира?
– Бакъдерг дийца деза, суна и мила ву ца хаьара, суна тоххара гина стаг а вацара иза, цунах лаьцна йа дуьйцуш а ца хезнера суна, и муха ву а ур-атталла ца хаьара суна. Басаев Шемал, Масхадов Аслан, Дудаев Джохар вевзар вара суна, хIунда аьлча, церан йаххьаш кест-кеста прессехь а, телехьожийлехь а гойтуш йу. Оцу балейаьллачу ролика тIехь йина билгало, йа хештег, йа линк йацара и стаг хьахош йина. Амма соьца хьогIалла йолчу нахана хууш хиллера Гелаевх лаьцна, сох террорхо йан Iалашо хиллера церан.
– Хьан, хIунда арз дина хьуна?
– Суна билггал ца хаьа, арз динарг мила ву, националистийн агIонаш лелочара массара а йаздора. Талламан комитетехь декхаре хилира дуккхаъчу наха шайга хаамаш бича, тидам бан.
Суна вон болх хила луу нах бу сан аккаунтехь бежаш, цара геч ца до суна, ас Барановская Лизигахьа гIо даккхарна. Метро чохь иза йоьдучу хенахь цхьа жимстаг цуьнан кочавахнера, никIаб дIайаккха бохуш, оцу йоIана гIо дина аса.
Со русофобка а, террорхошкахьа гIо дохург а йу бехира, соьга бага лейора, со йе, хIаллакйе бохура
Цул тIаьхьа суна дуьхьалбевллера бусалба нах а, мигранташ а ца безарш. Со русофобка а, террорхошкахьа гIо дохург а йу бехира, соьга бага лейора, со йе, хIаллакйе, корта а баккхий, хьокхана тIейогIа бохура. Цунах лаьцна Собчака а йаздира шен "Осторожно, новости" телеграм-каналехь.
Аса масийттаза дIахьедира бакъоларйаран органашка, амма цунах гIуллакх ца хилира. Уьш тергал ца бар-м дуьйцур дацара, царна [оцу адамашна] массанхьа а баьццара серло йу, и тайпа пабликаш йаьржаш йу. ХIунда хаац, уьш ца лору йа экстремистийн а, йа террорхойн а.
– Нохчийчуьра 1994-чу шеран хиламаш – истори хилла ца Iа, хIоранна а шен-шен дагалецамаш а бу. Оцу заманарчу хьайх лаций дийцахьа.
– Со нохчо йу, Оьрсийчохь йина а, кхиъна а йу со. Сан 16 шо дара, Нохчийчохь шолгIа тIом болабелча. Эрчо йара и, синтемза хан йара. Лаьмнашкарчу эвла дIадигира тхо дас, цигахь тхан гергарчийн цIа дара. Цхьа хан йаьллачу заманчохь лаьмнашкара кIошташкахь бомбанаш йетта йолийра, тIаккха кхечу меттиге дIадахара тхо. Цхьана йоццачу ханна тохарш совцийначул тIаьхьа, тхайн цIа дирзира тхо, хIусам а, бахам а меттахIоттон дуьйлира. Доллу хIума хIаллакдина дара.
ШолгIа тIом болабелча СемаIашкахь йара со. Кхо шо долчу сайн кIантаца цIенна бухарчу ларми чохь лечкъина йара со, кхин а шовзткъа стаг вара цу чохь со йоцург а. Оцу деношкахь тхаьш дийна дуьсур ду ца моьттура тхуна. Дуьнен тӀера дӀайайинера сан йурт. Сиренех тера гIовгIанца лоххахула догIучу кеманан гIугI тахана а сан лергаш чохь йу. Нийсаллица кхеттачу бомбано йаьгна даьIахкаш бен кхин хIума ца дуьссура байинчех. Гали чохь уьш схьа а лехьош, оха дIабухкура. Нохчийн къомана цкъа а дицлур дац цунах лаьцна. Оцу доллучух а чекхваьллачунна бен хуур дац, и мел эрчо йара, цо бен пусар дийр дац машаран ас санна.
Со Оьрсийчоьнна дуьхьал йац, со йу бохуш, бехкала йахийта хьийза, сох лаьцна вониг дуьйцурш санна Оьрсийчоьнан йахархо со а йу
Со Оьрсийчоьнна дуьхьал йац, со йу бохуш, бехкала йахийта хьийза, сох лаьцна вониг дуьйцурш санна Оьрсийчоьнан йахархо со а йу. Суна йеза Оьрсийчоь. ХIара сан пачхьалкх йу. Цул совнах, кхелан департаментехь болх бина йу со, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Краснодарера университетехь хьехархо хилла а йу со, цигахь леррина эпсаран чин делла суна.
– Публикацин хьокъехь хеттарш дан хьо тIекхайкхича, стенах лаьцна хиттира хьоьга?
– Аса репост стенна йира, айхьа терроризмана пропаганда йой хаьарий хьуна бехира. Аса кхетийра, дерриг а дIадийцира. ТIаккха сан репост лингвистикан экспертизе йахьийтина. Гуттар а санна, лингвистана карор ду йу тIехь низам дохийна билгало, аьлча а, оцу ролика тIехь террорхошна пропаганда йина эелементаш гур йу, хIунда аьлча, органашна оьшшу жамIаш ло эксперташа. Иштта нисйина йу вайн пачхьалкхехь дов хаттаран система, новкъа делахь а.
– Таллам бинчул тIаьхьа хIун хир ду?
– Терроризмана йина пропаганда йу лингвисто алахь, со лоцур йу, талламан изоляторе дIайуьгур йу со. Соьгахьара цхьана а кепара вон ойла йацара, оцу видеон цхьана а тайпа терроран маьIна дац. ХIара дерриг а дарстийна ду, хIунда аьлча, соьга боцчу безамна. Суна таIзар дархьама, кхечарна а дIагайта. Бастрыкин Александре (Талламан комитетан куьйгалхо. – Редакцин билгалдаккхар) кехат дахьийтина аса, сайн позицих кхетош. Цо цуьнан терго йийр йу аьлла, дегайовхо йу сан.
– Хьайн хейтершна хIун аьлла жоп лур дара ахь?
– Со русофобка йу боху, сайн доьзалехь оьрсийн бер ас кхиош доллушехь. Сайн йалх бер доцург а, ворхIолгIа доьзале эцна кхин цхьа бер а ду сан. Берийн хIусаме дала тарлуш дара и. Суна ца тов, сох лаьцна хIуммаъ а хууш боцчу наха сайх русофоб олуш.
– Хьан адвокатан статусна кхерам лаьттий?
– Дера лаьтта, бехкзуламан гIуллакх айдинчул тIаьхьа дисциплинин комисси хир йу, цара йаккха тарло соьгара статус.
– Талламан органаша тидаме оьцур дуй хьан дуккха а бераш хилар?
Хьо бакъ йелахь а, йацахь а – цхьа а бахьано кIелхьара ца йоккху
– Массарна гергахь тероризмана кхайкхамбарх артикл чIогIа тешнабехке йу, цигахь доглазаме ца хуьлу. Хьо бакъ йелахь, йа йацахь – ас кхеле дуьйцур долу бахьанаш: Москван йахархо а, боккхачу доьзалан нана хилар а, ларамечу наха сох дош алахь а, - цхьана а хIуманах гIо ца хуьлу.
– Оьрсийчуьра дIайаха ойла хиллий хьан?
– ХIан-хIа, кхузахь ду сан цIа, доьзал, суна ца лаьа дIайаха. Со тешна йу, вайца мел хуьлуш дерг АллахIан пурбанца бен хуьлуш дац. ХIокху зерехь йоха а ца йухуш чекхйала йезаш йу-кх со делахь. Со цунна кийча йу.
- Дагестанера тутмакх Атимагомедов Мохьмад ву цо Iалашвеш – къизаллаш лелийна цунна тIехь ГIалмакхойчуьра номер 2 йолчу колонихь, набахтен белхахошна лецнарш тIелеттачул тIаьхьа. ФСИН-н цхьа белхахо вийра хIетахь, ворхIанна чевнаш йира. Тутмакхаша дийцарехь, динан билгалонца эшам бина хиллера царна.
- Иштта Алиевас латтош йу Барановская Елизавета цIе йолчу зудчун интересаш а – Москвара метро чохь цо никIаб стенна лелайо бохуш, шога кочабаьхкинера цунна.
- Товбеца-баттахь Алиева Аза, Федералан таIзар кхочушдаран хьукматан Iаткъам бина, Саратовн кIоштара адвокатийн палатера дIайахара болх бан Москва. Хьалхо урхалло аьрзнаш динера цунна, тутмакхаша шайна тIехь гIело хьегийтарх дийцинарг нахала даккхарна.
- 2021-чу шеран лахьан-баттахь Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь Алиева Азас дийцира ша Iалашбечарна тIехь Iазапаш лелорах, иштта Къилбаседа Кавказера бахархошна а цхьаьна. Инфекцин лазаршна дарба дечу Саравтовскан кIоштара дарбанан цIийнехь а дийцира, тутмакхашна тIехь терго латточу а, талламаш бечу а инстанцешна а хууш, оцу системо адамаш хIаллакдарх.
- Руслан (хьаьжца вахначул тIаьхьа – Хьамзат) Гелаев – Ичкерин командир вара, гуьржийн-абхазхойн конфликтехь дакъалаьцна цо, иштта Нохчийчохь хьалхара а, шолгIа а тIемаш боьлхуш а. Ичкерин тIеман дакъошкахь лаккхарчу даржашкахь хилла ву иза. Официалан версица, вийна иза 2004-чу шеран чиллин-беттан 28-чохь дагестанхойн дозанхошца хиллачу тасадаларшкахь.