ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ас вуур ву хьо, ...накъост!


Академик Китаев-Смык
Академик Китаев-Смык

Саратов-махкарчу Пугачевхь иккхинчу девно а, цигахь цул тΙаьхьа хилллачу протестан гуламаша а гойту мел дукха ю нехан вовшашка хьагΙ-гамо. Дукх хан йоццуш Оьрсийчоьнан Ιилманийн академин социологин интитуто теллина адамийн вовшашка болчу цабезаман барам – цо хаттам бинчу 78 процент наха боху, шаьш кийча ду милла а, герз диттина вен.




Вовший вен, ваа иттаннах ворхI кийча велахь, царех пхеанна и дан бахьана ло царна цабеза нах кхечу къомах хиларо. Иштта ду Ιилманийн академин социологин институто бинчу талламан жамΙ.

Стенна лаьа Оьрсийчуьрчу адамашна шайна гонахара адамаш хΙаллакдан? Цу хаттарна жоп иштта ло социологаша. «Сан дахар, и дела денна гуш болу нах бацахьара, долчул а дика хир дара» аьлла хета дукхахболучарна. «Ас айса хийца деза сайн дахар, тΙаккха иза тодала там бу » аьлла хетарш бахархошлахь бац жимма дакъа бен.

Даима а хиллий те оццул дукха къизалла адамашкахь боху хаттар а хΙоттадо социологаша. Терахьаша гайтарехь, Ельцинан заманахь и бале амал шеца дΙатекхош ваьхна пачхьалкхехь хΙора воьлгΙа вахархо. Ткъа тахана гонахара нах байа дог-ойла ерш кхузза сов бу.

ТΙаьххьарчу 20 шарахь нах муха хийцабелла а хоуьйту социологаша. Адамийн вовошашца дера хилар совдаьлла 79 процентна, нехан вовшех цабашар – 68 процентна. Бахархошна къинхьегам безар, доттагIашна тешаме хилар, даймохк безар, зудчун ларам бар, тΙекаралла – и син ниΙматаш шозза лагΙделла боху статисташа.

Ткъа дог-ойланца уггаре а дукха къизалла йолу нах Москох беха, кхааннах - шиъ, уггаре кΙезиг – Архангельскехь, пхеаннах – цхьаъ.

Стенна ду хьал оццул эшна, хΙун бахьана ду сел дукха нах Дала шаьш санна кхоьллинчу адамашца гома хилар дийцаре дира Маршо Радионо психологин докторца, профессорца, дуккха а шераш адамашкара стресс, къизалла зуьйш даьхначу Китаев-Смык Ленидца. Нохчийчуьрчу шина а тΙамехь, шен дахар кхерама кΙел а латтош, нохчийн лаьмнашкахь а, Соьлж-ГΙалахь а шен талламаш дΙакхехьна ву иза.

Китаев-Смык: «Вайн пачхьалкхерчу бахархошкахь Ιаламат боккха цабезам бу вовшашка. Дин, къам, нах беха меттиг башха а йоцуш. И агресси стеган шатайпа психологи ю, шен са лардечу дийнатан агресси. ХΙунда аьлча, дахар вай пачхьалкхехь вуно хала, гΙоьртинчу хьолехь ду. Цо адам декхаре до ша-шен Ιалашдан, оцу хΙумано, Ιалашвар а доцуш, къизалле хьо кхачавахь а. Пайда боцу чΙагΙалла ю иза. Стенна? Иза вайгахь кхиош ю. Гойтуш ду массанхьа а таро йолу нах муха беха. ХьаггΙий, цабезаммий кхуллу цо. Иза цхьаъ ду.

ШозлагΙа. Дахарехь кхане яц гуш. ХΙумма а толур ду ала сатийсам а бац нахехь. Иза шашаха нисло аьлла а ца хета суна. Иза леррина до. ХΙунда аьлча, нахана шаьш гΙорасиз хетийта, царна дуккха а цаьрга хийца а лур доцу, уьш дуьхьаллатта а лур боцу вон хΙуманаш гайта деза».

Китаев-Смык Леонида, психолога, дуьненаюкъарчу экологин академин академика шеггара схьаэцна хадош а бац Оьрсийчуьрчу юкъараллин син могашаллин мах. Оцу кхетаме вогΙуш цо дуккха а теллина адамийн амалш, диканехь стаг хΙун ойланца, леларца веха, муьлхачу хотΙе воьрзу къоьлла, мацалла, къизалла тΙейоьжча. Иттаннаш бестселлерш-тептарш а арахецна цо шен талламаш дуьненна бовзуьйтуш.

Оьрсийчохь къизалла дебна хиларх лаьцна кхидΙа а дуьйцу цо.

Китаев-Смык: «И къизалла кхуллу бахьанаш кхидΙа а дагар дича, Хьуо воцург цавезар дестаран коьрта принцип даима а цхьаъ ю. Divide et impera – нахана тΙехь, бекъа а бекъий, олалла де. Олаллехь берш бекъарой, уьш вовшах ца кхетийтарой атта а, бала ца хьоьгуьйтуш а аьтто ло цаьрга хьайна луъург дайта, царна къоланаш дан, уьш лоллехь кхаба. Цундела муьлххачу а Ιедало, шена шегахь тоъал ницкъ боцийла хууш хилча, даима а ша куьйгалла ден, шена долахь болу нах воввшашна дуьхьалтуьйсу.

ХΙинца пачхьалкхехь куьйгалла даран принцип тIех хΙилла долучех а яц - нахана тΙехь, бекъа а бекъий, олалла де».

Кхечу дешнашца доцца аьлча, психологин доктор, профессора Китаев-Смык Леонида боху, кхечу оьрсийн цхьаболчу социологаша боххург – кхин хилча ца маггал лакхаяьлла, йистина Оьрсийчохь нехан вовшашка йолу хьагΙ, бистина цабезам.

Ткъа дац иза хΙора денна Кремлан дахаран тΙехула кеп йовзуьйтуш телевизионаша гойтучу суьртаца догIуш. ХIаллакъхуьлуш долу халкъ а, пачхьалкх а кIелхьара яккха луучунна ойла я хΙуманаш ду социологаша а, психологаша а дуьйцурш.
XS
SM
MD
LG