ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказхошна кодекс язъеш бу оьрсийн нацисташ


Оьрсийчоь -- Оьрсийчуьрчу нацистийн гулам, Moscow, 2011
Оьрсийчоь -- Оьрсийчуьрчу нацистийн гулам, Moscow, 2011

«Оьрсий» шех олучу, ерриг а пачхьалкхехула яьржина йолчу оьрсийн националистийн юкъараллин хьалханчас Демушкин Дмитрийс дΙакхайкхийна, шен го Нохчийчоьнан къоман политикан министралло динчу дехарца кавказхошна Оьрсийчохь лела-баха Ιамош кодекс арахоьцуш бу аьлла. И кодекс хΙоттош шайца дакъалаца лерина бу цхьаццаболу эксрперташ а, боху Демушкина.




Кхеташ ду, баккъал а кхетамчохь волчу стагна массо тайпа низамаш а лелаш, пачхьалкхан дайшлахь 140 гергга къам ду бохуш ехачу пачхьалкхехь и тайпа кодекс нонсенс юйла а, цул совнаха, и тайпа кодекс фашизман хьожа яржош тептар дуйла а.

Демушкина дуьйцург бакъдац, нохчаша ца дехна Демушкине шайна лела Ιамош кодекс араяккха, иза зуламе къамел ду, аьлла, дΙахьедина Нохчийчоьнан администраторан Кадыров Рамзанан цΙарх цуьнан пресс-секретара Керимов Ιаьлвис.

Делахь а, Демушкин а вац шен возаллехь Кадыров Рамзанан векалал вораха стаг Оьрсийчохь. Цуьнан дΙахьедар кхаьчна дуккхаъчу кавказхойн а, оьрсашлахь нийсо лоьхучу политикийн а лере.

Маршо Радионо зийра, мел къобалйо араяккха дагалаьцна кавказхочунна лела Ιамош йолу кодекс шаьш кавказхоша. Жоп лучех ву дукха хан йоццуш Францерчу Страсбургехь Кавказан Ιедалх боцчу лидерша Кавказан конгрессан президент хаьржина волу Нохчийчуьра вахархо Кутаев Руслан. Цо кавказхой сийсазбан кечъеш рогΙера акци лору Демушкинан кодекс.

Нохчийчоь -- Iилманча, политик, Кавказан конфедерацин президент Кутаев Руслан, 30Тов2008
Нохчийчоь -- Iилманча, политик, Кавказан конфедерацин президент Кутаев Руслан, 30Тов2008
Кутаев: "Кавказхой-м хьаха бац Демушкина я кхечу и санначара Iамо оьшуш. Цхьаберш, демушкингIар, акхаройн хьесапехь, берзина, шайн Iоврат хьулдан а ца хууш лелачу заманахь кавказхой шайн йоза а долуш, жиманиг вокккхачуьнца, воккханиг жимачуьнца гIиллакхе а волуш, дуьнентIерачу пачхьалкхашца хьан-сан а долуш баьхна. Цара язъян эшац вайна кодекс. Уьш кхетамчу багIахь вай-м язйийр ю царна и тайпа кодекс.

Хила а тарло кхузарчу цхьана кIиллоша и кодекс язъяр Демушкине дехна. Къиллой, оьрсийн божалш цIанде нах даима а ма хиллий. Амма бац иза я нохчийн а, я кхечу кавказхойн а лаам. Хьаш яц вайна и тайпа кодекс".

Оьрсийчуьрчу националисташа, кавказхошна шаьш цхьа дика деш санна, кечъечу кодексан мах хадийра тхан шеца хиллачу къамелехь Дагестанехь а, Оьрсийчохь а дика вевзаш волчу Дагестанан политикан, социалан хьашташ Оьрсийчоьне дΙакхачоран векала Махачев Хьаьжис. Цунна, ца оьшу и тайпа тептар я оьрсаша а, я церан националисташа а арадаккха, аьлла хета.

Махачев: «Вайца деш дуьйна а хуьлуш ю кодекс. Вайца ламанхочун кодекс ю. Вайн нахана кегий боллушехь хууш хуьлу шаьш муха лела беза. Хаьа иза жимчунна а, хаьа къаночунна а. Ларам бан а хаьа вовшийн. Вйна и тайпа кодекс оьшуш яц язъян. Иза оьрсийн националисташна оьшу.

Оьрсийчоь -- Дагестанан Оьрсийчуьра векал Махачев Хьаьжи, Moскох, 2012
Оьрсийчоь -- Дагестанан Оьрсийчуьра векал Махачев Хьаьжи, Moскох, 2012
Цара иза яккха нохчаша хьехна боху, цигарчу юстицин министраллера. Амма цхьа стоьлахо-хьаькам дерриг халкъ ма дац. Иза милла а велахь, суна хетарехь кодекс кавказхоша язъян еза, националисташна гΙиллакхаш Ιамош».

И кодекс оьшуш хилча, муха хир ю иза оьрсийн националистийн лидера Демушкина язъеш елахь? Цо вайна хΙун хьоьхур ду? И язъян охьахаале цуьнга хатта деза, цо шен гуламашкахь стенна боьха дуьйцу кхин къаьмнаш, кхин динаш.

ГΙиллакхийн кодекс, масала, язъян еза Кисловодскехь кхо жимха вийначарна. ГΙалгΙазакхаша гΙаланашкахь хадан долийча хилла-кх иза. Кавказхой байъинчу царна нбахтехь а боцуш даккха ши шо кхайкхийна-кх. Царна язъян еза-кх гΙиллакхийн кодекс. Дерриг а вайн къаьмнаш пайда боцчу даха, охьатаΙон лелош ду. Хуьлда иза Дагестан,я ерриг а Кавказ. Вай дац даха Ιамо деза къаьмнаш».

Нохчочунна Кутаев Русланна я суьйличунна Махачев Хьажиначул башха зовкхе ца хета оьрсийн националисташа кавказхой Ιамо гΙертар, хΙинца царна гΙиллакхийн кодекс Демушкина кечъеш хилар чергазех волчу Жужуев Тимурна а. Иза Черкесскехь кегийрхойн хьукматехь болх беш а, гΙаттийна тема шен дагахкхеттачу кавказхойх а ву.

Жужуев: «Кавказхошна шайнна лела Ιамош кодекс язъеш елахь, иза дискриминаци ю. Нийса данне а дац иза! Оцу кодексо хΙумма а тодийр дац. Дуккха а ду кегийрхой резабоцу хΙуманаш, бахьана ду уьш Москох шайн амалш гойтуш хиларан а. Москох, къам коьрте а оьций, гΙело йо. Кегийрхой декхаре хуьлу дуьхьало ян.

Оьрчийчоь -- Чергазийн кегийрхойн жигархо Жужуев Тимур, Черкесск, 2012
Оьрчийчоь -- Чергазийн кегийрхойн жигархо Жужуев Тимур, Черкесск, 2012
​Оьрсийчохь, юккъерчу Оьрсийчохь дукха бу гΙиллакх доцу нах, амма царна-м ма ца язъйо и кодекс! Стага зулам динехь, иза низамехь жоьпе озаве. Бехктакхаман кодекс а ю, конституци а ю, массо а коьрта низамаш а ду Оьрсийчохь. Кхин хΙун кодекс оьшу?»

Демушкина бина хаам лартΙа бац, хуьлийла дац шайнна кавказхошна къастийна кодекс, иза низамца ца догΙу. Пачхьалкхехь барт латтор, адамаш нийсса лелийтар, даха царна цхьабосса аьттонаш балар – иза Ιедалан декхар ду. Ιедал доцучохь, цунах йоьллачу хьунаша яржийна хьу ю Демушкин Дмитрийга кхаьчнарг, аьлла, зорбанехь даржийна гоьяьллачу бакъоларъярхочо Ганнушкина Светланас.

Маршо Радионо цуьнца а дира цо оцу кепехь хазийначу ойлан хьокъехь къамел. Проблема иштта го кавказхойн бакъонаш, шерашкахь къад ца луш, Ιедалца къуьйсуш схьайогΙучу Ганнушкина Светланина.

Ганнушкина: "Дац дера иза-м лартΙехь хΙума! Ала деза, суна цхьана а кепара новкъа бац кавказхой. Мелхо а, суна Ιаламат новкъа ду со ехачу метрон станцина гергахь националисташ гуллуш хилар а, цара ерриг а Тургеневн майда а йоккхий, «Оьрсийчоь –оьрсашна», «Москох-Москохарчу бахархошна» бохуш хьоькху маьхьарий. Иза ду цхьаъ делахь, юкъара низам талхош а, дуккха а нах сийсазбеш а.

Оьрсийчоь -- Ганнушкина Светлана, адамийн бакъоларъярхо, Москох, Маршо Радион студехь, 08Тов2011
Оьрсийчоь -- Ганнушкина Светлана, адамийн бакъоларъярхо, Москох, Маршо Радион студехь, 08Тов2011
​Амма хала хеташ делахь а, и идея дуьххьара гΙоттуш яц. Дуьххьара изза айдира 2008-чу шарахь, гуьржаш лоьцуш Москох хьийзачу муьрехь. ХΙетахь Москох мэрино къаьмнийн диаспораш гулйира, цара даржийра, вай, кавказхой, оьзда леладезара кхузахь, аьлла. Нах оцу хьоле кхачийнера-кх, шаьш кхечарел оьшуш санна хоьтуьйтуш. Вай веша ду бехке, боху ойла.

Керимов Ιаьлвис харц дина боху, интернето дийцарехь, и кодекс кхолла аьлла нохчаша дехна бохург. Цо бахарехь, бакъдац и идея нохчашкара ю бохург. Цара къобал ца йо иза.

Ткъа суна и идея Ιовдал хΙума хета. Вукху агΙор со кхета, Москох богΙу нах, кегийчу ярташкара шаьш белахь, ца хууш хуьлу цхьайолу гΙиллакхаллин къаргенаш. Жимчу гΙалара юьрта ваханарг а ма хуьлий оцу юьртахь вовшашка салам цадалар оьзда доцийла ца хууш. Ткъа адамаш лараме хила ма деза вовшашца. Гонаха нах муха лела хьовсуш а, церан гΙиллакхаш тидаме оьцуш а.

Кеп-кепара гΙиллакхаш долу адамаш кхуза догΙийла а хууш, ца оьшучохь бехк ца буьллуш хила ма везий бухарниг а. Ишттаниг гича, хьо Ιалуш вацахь, стаге ала деза-кх оьзда, муха, хΙун ду. Уьш кийча ма бу иза кхето а. Дералла яьржина-кх адамашлахь, мел халахеташ иза делахь а.

Нехан резабацар шайн дахаран хьелаш ледара хиларца дозу. Масала, со а реза яц, белхаш нисбаран политикаца. Болх карон гΙо ца до нахана. Аьтто ца бо бухарчу нехан бакъонаш толорехь. Къаста ца бо шел лахара дала тарлуш долчу алапан барам.

Оцу тΙехь кхьуьу лайн къинхьегам. Оцу хьолехь вайна хьанна леткъа деза? Болх хуьлуьйтучу системана тΙелеткъа деза-кх. Цуьнан меттана нах иштта а пекъарш болчу, шаьш хьогучу къинах кепекаш бен оьцуш а боцчу, я эццане а ца оьцуш болчу тΙебаьхкинчу белхалошна дуьхьалбовлу.

Пачхьалкхан хьукматийн балханна вай реза дац, и оьгΙазалла вай оцу хьукматаша иштта а хьийзош болчу нахана тΙехьажайо. ТΙех йоккха яьржинчу коррупцина, иза эшош хΙиттийна низамаш дацарна дуьхьалъерзо еза-кх вешан оьгΙазалла.

Цхьаъ делахь, коррупцин оьрнаш ду даккхий, уьш хΙоккху меттехь ахчанаш лечкъо низамо леррина дитича санна ду.

ШолгΙа делахь, низамех пайда эцар, бой цара болх, стенна ца бо бохург а ду айдан дезаш. Ткъа вай даима а доладо оцу хьоло шен лай бинчу нахана тΙера. Иштта халкъ дΙахΙоттор цхьана декъанна пайде ду, иштта дΙахΙоттийна-кх юкъаралла».

Кавказхошна а, даима а церан къина йоьлхуш лелачу Ганнушкина Светланина а хетарг цхьана агΙонан ойла хазор ца нисдалийта, Маршо Радионо кавказхошна кхуллучу кодексах лаьцна къамел дира могΙарчу оьрсашца а.

Кавказхой шена кест-кеста гуш хиларна, уьш герга бевза Казахстанехь яьхна йолчу, цигахь дахар тоьллачех дацаре терра, пхийтта шо хьалха Европе дехьаяьллачу, Прагин яхархочунна Кондратьева Элеонорина. Ша политик яц, амма адамийн амалш зуьйш зеделларг ду шен, аьлла, довзийтира цо шена хетарг.

Элеонора: «Кхеташ ду, ас сайн цкъуран тайп «Кавкейжн» яздо. Кιайн чкъор долу адаман тайпа бохург ду иза. «Кавкейжн» бохучу дешан этимологи тΙера къамел дΙадолийча, адаман ага ду Кавказ. Иштта язло Ιаьмеркахой а, иштта язло Австралин бахархой а.

Кавказхошна лела Ιамош кодекс оьрсийн националисташа язйийр ю, аьлла, айса дешча, со чΙогΙа цецъяллера. ХΙунда аьлча, со вуно реза яц цуьнца. Стенна? Ас дуккха а шерашкахь болх бина ловзарш дΙакхехьа нахана гΙодечу сервисехь. Иза Казахстанехь дара. Ас доггаха эр ду шуьга, соьга дуста а лур дац оьрсийн ловзар кавказхойн ловзарца. Оцо а шекйоккху со, тхан, оьрсийн, хΙун бух бу кавказхошна лела Ιамош кодекс язъян, олий.

Суна хетарехь, ловзаро гойту къоман гΙиллакхаш. Схьаэца аш Ютубехь, масала, и ловзарш. Йоккха башхалла гур ю шуна. Халахеташ делахь а, оьрсийн ловзаршкахь гуш дац гΙиллакхаш, оьрсийн кепехь ловзар деш делахь, цунах доцург леладо олу. Суна хетарехь, тхан цхьанненна а хьеха бакъо яц, муха лела веза. Я нохчашна а, я казахашна а, я гуьржашна а, я украинахошна а, я белорусашна а, я чукчашна а. ХΙоран къоман бакъо ю шен хотехь даха.

Сайн политикан хьажам психологин бухехь гайта лаьа суна, "цΙийнан тиран" олуш термин ю-кх, цΙерачу тирана шен ша-шена везар дузу чуьрачу нахана, шен доьзална гΙело ярца. Цо шен эго лакхайоккху доьзалхошна ницкъ барца. И тайпа цΙийнан тирани латтайо халкъашна тΙехь Москохо, Кремло. Шен эго, шега болу ларам нах охьатаΙорца совбоккхуш.

Иза гΙело ю муьлххачу а къомана, кавказхочунна-м муххале а, нагахь санна цунна лела Ιамош делахь. И бохург хΙун ду? Яккхийтал, масала, Кавказан йоΙе тΙера ша лелае хΙуманаш, йохийтал декольте, йоца коч. Муха хуьлу иза? Иза политика ю, боьха политика а ю. ХΙун культура хьоьхур ю Москохара кавказхочунна? Со цунах ца кхета. Иза политика ю, къаьмнаш къесторан, кегийчу къаьмнашна тΙехь олалла латтаде политика. Иза, хетарехь, халкъ оьрсех дΙатарде политика ю».

Цкъа ойла кхоллало оьрсийн хьаькамийн, политикийн, кавказхошкара автономеш дΙа а яьхна, царех оьрсийн кепехь губернеш, могΙара мехкаш бан. ТΙаккха кхулла хΙинца хьехае кавказхочун кодекс санна долу тептар-низамаш. Хила тарло, оцу харцонийн кочар деха а, дукха замана хьалха дуьйна чухецаделла а хиларна кавказхойх цхьаберш хьолах боьлла. Хьо Ιовдал ву хьоьга шерашкахь баьхча, бехке а дац хьо цунах теша волар.

Маршо Радионо Европехь бехачу нохчийн векалшца а дира оцу кодексан хьокъехь къамелаш. Дукха хан йоццуш Бельгерчу ша вехачу Берлар-гΙалахь – иза Антверпенна 30 чаккхарма юьстах лаьтта - бахархоша алсам кхаьжнаш а тесна, дахаран урхалла дечу меттигерчу халкъан кхеташонехь депутат ваьлла гΙойтΙахо Исаев Артур.

11 шо ду кΙант даймахках ваьлла а, Бельгех воьлла а. Ненан маттах, иза ма-оьшшу шера шена ца хаарна, ийзало Артур, амма ца къаьстина иза нохчаллах. Хуьлийла дац Оьрсийчохь хила тарло кавказхочун кодекс санна долу документаш Европерчу кавказхошна, я кхечу къаьмнийн диаспорашна яздина, цигахь мелхо а хазахета бахархошна стаг шен къоман амал, ламасташ шеца а долуш вехаш, боху Исаев Артура.

Исаев: «Оха иза кхоьссина дΙадохуьйтур дара! Бельгийхоша а къобалдийр дацара. ЛартΙехь йолчу пачхьалкхехь хуьлийла а дац иштаниг, аьр вай, Бельгехь, Голлландехь, Францехь, и санна, лела Ιамош тептарш арадахар. Бу интеграци еш, бухарчу дахарх хьо вулуьйтуш хьехамаш, иза кхин ма дуй. Цара ца боху хьога кавказхо ма хила, масала, ловзарш ма де, къоман хелхарш ма де.


Бельги -- Евробертан куьйгалхо Herman Van Rompuy а, Бельгера политик Исаев Артур а, Брюссель, 2012
Бельги -- Евробертан куьйгалхо Herman Van Rompuy а, Бельгера политик Исаев Артур а, Брюссель, 2012
Бельгихой кхета, уьш вуно тΙекаре нах бу. Ахь цаьрга, иза вайн гΙиллакх ду ма-аьлла, цара ларам бо. И тайпа тептарш я Бельгехь а, я ерриг а Европехь арахоьцур дара аьлла а ца хета суна. Еккъа цхьана Брюссель-гΙалахь дерриг а дуьненан культураш цхьаьна еха. Цундела кхузахь ишттаниг хуьлийла а дац.

Кхин ду, хьо махках вулуш вацахь, зуламаш деш велахь, тΙаккха хьо эккхор ву кхузара, хьуна бале доккхур ду ахь лелориг. Амма хьо хьан гΙуллакх деш велахь, хьо дика хила гΙерташ вуйла гича, хьо шайн мотт Ιамош, доьшуш велахь, нахаца гергарлонехь велахь, хьуна цхьа а проблемаш ца йо.

Со гΙалин кхеташонан депутат ву тхайн 11 эзар стагах лаьттачу кху гΙалахь. Нохчех тхан цхьа доьзал бен а бац кхузахь бехаш. Соьгахьа кхаьжнаш теснарш берраш а санна бельгийхой бу. Со меттигерчу кегийрхой кхеташонан куьйгалхо а ву кхузахь. Кегийрхошна самукъадоккху барамаш кечбо ас. Нахана хаьа, со нохчо вуйла, со муха веха. Мелхо а ас со нохчо хилар гойту, иза царна чΙогΙа товш хΙума а ду».

Тергоне ийцира оха хΙара передача кечъеш Оьрсийчуьрчу оьрсашна, церан цхьана декъана хетарг а. Интернето белира и аьтто. «Казак» ник-цΙе лелош ву хΙара дешнаш яздина жима стаг. Иштта яздо цо: «Хьо Риме веанехь, римхоша леллориг леладе, аьлла ду шира кица. Ткъа оьрсаша, хийрачу килса хьайн низам дахьаш ма вола олу. Нагахь санна и тайпа гΙиллакхан кодекс яцахь, кавказхошна дан хΙума дац шайн доцчу оьрсийн латта тΙехь – шайн лаьмнашкахь жа дажош биса беза уьш тΙаккха».

ШолгΙачу, «ХΙор» цΙе шена тиллинчо а яздо, «стенна оьшу нохчашна кодекс, уьш иштта а ма бу Оьрсийчохь цуьнан дай санна бехаш. Ткъа гΙо Нохчийчу – карор ду царна хьо чукхосса ор, тΙаккха хьох ахча доьхур ду хьан гергарчаьрга. Уьш, цаьрга хаьттича, даима а ма буй меца, тΙаьххьара баьпкан юьхк дΙаюуш». Оцу могΙара, оцу кхетамехь ю интернетера дуккха а комменташ.

Оьрсийн националисташа кавказхошна Оьрсийчохь лела-баха язъеш кодексаш йолу дахар олийла дац могуш-мегаш дахар ду шаьшна оьрсашна а. Оцу хьелашкахь, оьрсий пачхьалкхехь уггаре доккха а, цуьнан хотΙана тΙеΙаткъам беш долу а къам хиларе терра сатийса дуьсу цуьнан шен могашалла метта яре.

И ду Маршо Радионо кавказхочун кодексо айдинчу къамелашна гонаха ша лебинчу нахера зийнарг. Кхеташ болучара кхетадо бакъ хиллийла шен заманахь сийлахь-воккха нохчо, адаман бакъонийн пен хилла даймахкана юьстах ваьхна историк, политолог Авторханов Ιадрахьман. Шен йозанашкахь цо весет санна дитина хΙара кост: «Къийсалолаш оьрсийн бакъонашкахьа, маршабовлий оьрсий – маршадевр ду вай а».
XS
SM
MD
LG