ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Царнаев Сайд-Хьусайн: "Тахана а хала ду суна сайна гиначуьнан мах хадо".


Гуьржийчоь -- ТIамехь байинчарна хьажийначу Тбилисерчу кешнийн кертахь йоьлхуш ю хIара зуда, 08Марс2013
Гуьржийчоь -- ТIамехь байинчарна хьажийначу Тбилисерчу кешнийн кертахь йоьлхуш ю хIара зуда, 08Марс2013

8 шо хьалха Къилба ХIирийчохь тIом эккаш цигахь нисвелла ву нохчийн вевзуш волу журналист, сурташдахархо Царнаев Сайд-Хьусайн.


Гуьржий цхьана агIора, хIирий, оьрсийн эскарий вукху агIора а долуш, нийса пхи шо хьалха хиллачо, дукха шера гайтина ду, тIом буоло мел атта ду, ткъа цо йина чоьвнаш ерзо ехха хан оьшийла. Амма, хила мегачу масалле а ца хьоьжуш, хенахь ерзаза йоцу дуьненахь кхин цхьа конфликт латийра оцу тIамо. Коьрта васт ловзийра цу юккъахь Оьрсийчоьно.

Питане политика лелийна а ца Iаш, оцу тIама юккъе уозийнера нохчий а, кхидолу къаьмнаш а. Ишшта, Ямадаев Сулима буьйралла деш хилла йолу «Малхбале» цIе йолу батальон хьажийнера, тIеман уггаре а хьалхарчу могIанашка.. Гуьржаша, тахана, лачкъа а ца деш олу, нохчий оцу юккъахь ца хиллехьарий, шаьш и Цхинвали дукха сиха йоьккхура яра аьлла.

Оцу тIема юккъехь нисвеллера нохчийн журналист-суртдаккхархо Царнаев Сайд-Хьуьсейн. Маршо радионна дехарца цо, карладаьккхира, шен оцу деношкахь цигахь гинарг.

Царнаев Сайд-Хьуьсейн: «Цига воьдучу хенахь, тIом хира бу аьлла вахана вацара. Лаьмнийн а, Iаламан а сьурташ даха вахан вара, ладугIуш вергр тешара а воцуш. Цхь атамашийна нисделлера иза. Сой сан накъост сурташдаккхархо Узаков Сергей тхойшиъ балахара гIо аьлла вахана вацара.

Цига вахара тхъойшинна Iалашонехь дара, амма, догIанаш бахьанца тIехьтоьттура. ТIаккха, марсхьокху бутт хаза беара. 8 дийнахь тхойшиъ Цхинвале кхечира. Новкъахь тIедеттачу герзана кIела а нисвелира. ТIаккха Цхинвале дIакхаьчча, тхуна еса гIала гира, тIеман техника а яра шорта. Хьешан цIийнехь а оьрсийчуьра журналисташ бен кхин адам дацара».

Цхинвали дIакхаьчча, журналистийн тобанех дIа а кхетта, машаран контингент цIе тиллинчу, оьрсийн тIеман декъан буьйранчийн зорбан-конференци нисвелла Царнаев Сайд-Хьуьсейн. Иза йолаялле, уллехь цхьа тамашийна эккхар хиллира, бохуш кхин дIа а шен дагалецамаш бовзитира цо.

Царнаев Сайд-Хьуьсейн: « Суьйре хила дукха хан ца йиснера. Журналисташ машархой болчу дIадуьйла аьлла дIакхайкхинера. Буьйранчийн зорбан-конференци хила езаш яра. Тхо кечам а бина, дIанисделла лаьтташ, инарла микрофонашна хьалваларцани, гена доцуш, 20 уллехь доккха эккхар хилира.

Ша верг дIасведира. Амма, лазийна цхьа астаг вацара,хилалчу эккхаран бараме хаьжча. Оцу хIуманна ойла йора оха. Цхьацца хIумш дага а догIура. Доьххьарлера эккхар ишшта хиллера.Юха цхьа ах сахьт далле, инзаре тIом дIаболабелира. ГIалана чу етташ яра, массо а агIорара.

Хьашан цIа долчу дIадаьхча, цигахь ша верг аьлча санна тIемлой бара. Царна уллехь тIом хуьлун дела, цигара а дIадахара тхо. Цхьана нехан цIахь ши дей, ши буьйсий яьккхира оха».

Маршо радио: « ХIинца пхи шо даьлла оцу конфликтан. Хьуна хьайна хIинца муха хета, оцу тIеман бахьанех а, муьлахчу агIонан бехк бара аьлла хета хьуна?».

Царнаев Сайд-Хьуьсейн: « Кхо Дей, кхо буьйсий даьлча а, тIеетташ долу герз ца соцура. Хьан етташ ю иза ца къаьстара. Вай цIахь хилларг, тидаме эцча, мьарша нахана юккъахь дараш а деш, тIееттар, тера дара оьрсийн эскархоша лелочуьнах. Иза дагахь дара суна.

Вуйьш верг а, лазош верг а маьрша нах бара. ТIеман сурт хIотто лелош дара тешга, ян хIун Iалашонца дара иза? И хаттар философийн санна ду. Мелла ойланаш кхоллало. Даиманна дагахь лаьтташ а ду суна. Гуьржийн эскарш цигахь кIезга дарий-м хаа суна».


Гуьржийчоьнах дIа а къастина ша йозуш ца хилар дIакхайкхина йолу Къилба ХIирийчоь, тахана, Оьрсийчоьнера миллиардашкахь ахчанаш схьаозош ю. Цхьацца долчу хьосташа, лучу хаамца, цьунана барам хIинцале хьалкхаьчча цхьа миллиард сов доллар. Амма, жигара юхаметтахIотторан белхаш беш бац цигахь.

ХIирийн коьрта гIала тахана а, саьлнаш юккъахь ю. И ахча, оьрсийн а, хIирийн а, даржхоша шайна юккъахь дIасадоькъуш ду бохуш, доьххьара дуьйцуш дац тергамхоша.
XS
SM
MD
LG