ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь адамийн бакъонаш талхорна реза бац Европера бахархой


Оьрсийчоь -- Дуьхьалонан акци дIасалоллуш ю полици, 07Стиг2012
Оьрсийчоь -- Дуьхьалонан акци дIасалоллуш ю полици, 07Стиг2012

Оьрсийчурчу Iедалша адамийн бакъонаш хьоьшуш хилар а, цу махкахь адамаш, низамца а доцуш, луьйцуш хилар а, ткъа лийцинчарна тIехь къиза таIзарш деш хилар а ца гуш ца дуьссу Европехь. Оьрсийн Iедалшна башха тIеIаткъа бан аьтто бацахь, юкъараллин жигархоша шайн резадацар гойту дуьхьалонан акцешца. Кху деношкахь цхьа могIа Европерачу гIаланийн урамашка бевллера нах, Оьрсийчохь таIзарш дар емал дан.

Парижехь, Лондонехь, Берлинехь бIеннаш меттигера маьрша нах урамашка бевллера кху деношкахь Оьрсийчохь нахана тIехь деш долу таIзарш совцоре цигарчу Iедалшка кхайкхам бан. Цу акцийн бахьана Украинехь оьрсийн леринчу сервисхоша лаца а лаьцна, къайлаха Оьрсийчу дIавигина волчу цу махкарчу оппозицин жигархочунна Развозжаев Леонидан гуонахьара хьал делахь а, амма дуьхьалоне арабевллачара дийцаре даьккхира цу кепара а, цул инзарох а Оьрсийчохь адамийн бакъонашна дуьхьал деш долу зуламаш.

Германехь „Сацаде Оьрсийчохь таIзарш!“ бохучу кхайкхамца дуккха нах,- шайна юккъехь адамийн бакъонаш лархъярхой а, журналисташ а, юкъаралин жигархой а болуш, - гулбеллера Берлинерачу Оьрсийчоьнан векалтана хьалхахь.

Немцойн-Кавказхойн доттагIаллин юкъараллин куьйгалхочо Маас Эккехарда дийцарехь, цигахь бийцаре баьккхира Нохчийчура дIа Оьрсийчоьнан уггаре а йистахох Iоьхкучу кIоштанашка кхаччалца набахтешкахь а, полисхойн декъашкахь а нахана тIехь беш болу ницкъ.

Маас Эккехард: „ Путинс юккъе даьккхинчу оцу Iадатна- нах лийцарна а, Iазапаш дарна а- дуьхьала дIахьош акци яра иза, Берлинехь оьрсийн векалтана хьалхахь „Резадацар дIадовзийтар, поэзехула перформансаш а еш“ аьлла цIе а йолуш. Оьрсийн жигархо махкан дозанал арахь лаца а лаьцна, цунна таIзарш дина, иза ша шена тIекхайкхийтар бахьана долуш яра и акци.

Развозжаев Леонид вуйьцу ас, Пачхьалкхан Думин депутат волчу Пономаревн гIоьнча волу. Цул совнаха, кхузахь вуно дукха бу нохчий а, оьрсийн Iедалхоша таIзарш а дина, кIелхьарабевлла болу. Дуккхаъ ишттачу нехан досьеш ю суна хьалха Iоьхкуш, амма цу нахера пурба доцуш, ас цIераш яха йиш яц. И тайпа тоьшаллаш чIогIа ду соьгахь, цара шаьш дийцина а, мухIажарех йолчу бундестамтера соьга кхаьчна а“.

Нохчийчохь хьалхара тIом болуш оьрсийн эскархоша лаца а лаьцна, къиза таIзарш лайначех ву карарчу хенахь Европехь вехаш волу Банжаев Ваха. ХIетахь ша цу баланах маьрша ваьлчул тIаьхьа „Оьрсийн фильтрацин лагерийн закъалташ хиллачеран юкъаралла“ цIе йолу цхьанатохаралла а кхоьллина, лийцинчеран а, таIзарш лайначеран а гIуллакхаш толлуш ву иза. Вахас дийцарехь, карарчу хенахь Европехь дукхе-дукха бу оьсрийн таIзарийн системах чекхбевлла болу нах.

Банжаев Ваха: „Цара йиттина, хьйизина ву Якубов Самир, Брегенцехь Iаш ву иза, ша ца дина долу хIума шена тIелаца бохуш. Хьалхарчу тIамехь хилла ву иза. Къаьстина и хьалхарчу тIамех хилларш а, цхьажимма цу юккъехь тIемалошна гIо деш хилларш а бу цара юхьаралаьцнарш.

Цунна тIехь цара динарг къематде ду, етташ, хих дуьзна шишанах коьртах детташ, довха сереш Iуьттуш. И саннарш дуккхаъ бу. Уьш хьийзоран хIоранна а тайп-тайпана сценареш ю. Чернокозовехь а, ПАП-I-эхь, ГУОШехьий хилла бу царех дукхохберш.

Набахтешкахь я полисхойн декъашкахь нахана беш болу ницкъа цхьана Нохийчохь хилла ца Iа, иза йоллучу Оьрсийчоьнан башхалла ю бохуш дуьйцу Вахас кхин дIа.

Банжаев Ваха: „Цхьаъ царех Зубайраев Зубайр ву, Оьрсийчохь набахтехь хьийзинчарех. Иштта хIинца МагомадовгIар вежарий бу. Уфас набахтехь уьш, кхинберш а нохчий тутмакхаш дIа а гулбина, Нохчийчохь тIом беш хилла болу спецназера эпсарша къиза йитина царна, буьйсанна сахиллалца, ялх сохьтехь таIзарш а совцош.

ГIожмаш етташ, жIаьлеш тIехоьцуш, эчиган арматураш етташ хьийзийна уьш. ХIинца и гIуллакх толлуш ду тхо. И хIума кхечу набахтешкахь а ду, Уфахь хилла ца Iаш. Пензехь а ду иштта хьал“.

Оьрсийн набахтешкахь я мичча а кхечу меттигашкахь шайна таIзарш диначеран, я цхьа кхин муьлха а гIело лайначеран цхьа некъ бу, нийса лара мегар долш, аьлла хета иштта болу баланаш лайначу нахаца доккха зеделларг долчу адамийн бакъонаш ларъярхочунна. И некъ – кхеле валарехь бу, Вахас дийцарехь.

Банжаев Ваха: „Суна и нах цу Оьрсийчура ара а бевлла, кхуза Европе схьа а баьхкина, кхеле бовлар нийса хета. Кхузахь оха мехаза юристийн гIо а до царна, ваха-ван аьтто а бо, тхайгара тоьшаллаш а луш.

Бакъду, цара кхузара дIа Дуьненаюкъарчу Кхеле латкъам базбича а, кхерамаш туьйсу церан цIахь болчу гергарчарна. Церан баккхийчарна, и латкъам юхабаккхийта шайн доьзалхочуьнга, бохуш, тIеIаткъамаш бо. ХIетте а, кхеле бовла беза-кх уьш. Кхеле бовлар бен кхин некх бац“.

Иштта хета Европехь а оьрсийн таIзарийн ситемах чекхбийлинчаьрца белхаш беш волчу Банжаев Вахина.

Ткъа Европерачу коьртачу шахьаршкахь Оьрсийчура таIзарш а, низам дохораш а емал дан арабевллачу наха Берлинерачу а, Парижерачу а, Лондонерачу оьрсийн векалташка и цхьанна а кепара я низамашца а, я дуьненаюкъарчу конвенцешца а йогIуш йоцу къизаллаш сацаяре болу кхайкхамаш дIакховдийра.
XS
SM
MD
LG