И махкара йорт ян еза бохуш болу синхьаамаш Оьрсийчохь хьалха а кIеззиг ца хиллехь, амма къаьстина хIинцалера президент Путин Владимир Кремле юхавирзича дуьйна схьа вуно чIогIа алсам даьлла махкара бовдар бен кхин дарба дац аьлла хетачийн терахь, бохуш чIагIдо тергамчаша.
Статистикан талламашца, карарчу хенахь Оьрсийчура уьдучу нехан терахь 1917 -чу шарахь революци а яьлла, Iедале болшевикаш баьхкинчу муьрехь хиллачуьнца дIанисделла.
Вуьштта аьлча, тIаьхьарчу итт шарахь Оьрсийчура 1 миллион 250 эзар стаг дIавахна. Аналисташа чIагIдо, цу дIаоьхучу нахана юкъахь къоман интеллектуалан элитин доккхаха дакъа ду, вуьшта аьлча, уггаре а хьекъал долу нах а, говзанчаш а бу, цундела, нагахь санна, Iедало сихонца орцанан гIулчаш ца яхахь, оьрсийн Iилма кхион гергарчу хенахь хIара бу аьлла нах буьсур бац, бохуш. ХIунда аьлча, оцу Iилманчашна кхин дIа ца лаьа, мацала ца валлал бен доцучу алапах иттанаш шерашкахь карла ца йоккхуш йолчу техникаца белхаш бан.
Масала, нагахь санна могIарерчу лоьрана-терапевтна Оьрсийчохь луш долу алапа итт -пхийтта эзар сом бен ца хиларна, цуьнан кхин да хIума ца хуьлу, цомгашчу нахера я церан гергарчаьргара кхаьънаш а, совгIаташ а ца ийдича.
Ткъа Европехь, къаьстина схьаэцча, Германехь я Австрехь, лоьрана, иза болх бан дIаволалучу муьрехь, алапа мел кIезга а 2500 эзар евро ду, масех шарахь болх бинчул тIаьхьа и алапа 4-5 эзар еврога кхочу, ткъа цул тIаьхьа, белхан говзалле а, специализацига а хьаьжжина, 10000 еврол сов а долу.
Кху Iай Нохчийчура а, цуьнца цхьаьна Оьрсийчура шен доьзалца дIаяха сацам бина, кехаташ хьалха-тIаьхьа довларе хьоьжуш ю 42 шо долу Соьлжа-гIалин яхархо Сатабаева Марет. Шега кхин ца лало боху цуо, дела денна дуьхьала етталуш йолу гIелонаш а, харцонаш а. Лоьрийн болх беш йолчу цунна шена бIаьргашца гина, Европе ша яхана йолуш, цигахь лоьрийн дахар а, белхан хьелаш а, алапаш а муха ду а, Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а уьш муха ду-м иштта а хууш дара цунна.
Сатабаева: „ Уггаре а хьалха сайн берийн могашалла а, церан дешар а бахьана долуш йоьду со, цул тIаьхьа со суо бахьана долуш а йоьду. Со лор ю, кхузахь цхьаьна лоьрийн цIийнахь болх беш а ю. 5000 сом ду сан алапа, ткъа сан 5 бер ду. Цу ахчанах соьга и бераш ца кхабало. Цигахь? Европехь? болх беш болу нохчийн лоьраш бевза суна, дика алапа а долуш, Iаш бу уьш, суна баттахь оццул бен ахча ца ло аьлча, цец а буьйлуш. Цундела сайна а цигахь болх карор бацара теша, аьлла сатуьйсуш, берашна деша аьттонаш а хир бацара теша, аьлла“.
Амма деккъа цхьа Iер-дахаран хьелаш а, аьттонаш а ца бийцича а, Iедалшкара гIелонаш а, нехан бакъонаш ларъян декхарийлахь болчара, мелхо а, цу нахаца лелаен харцонаш а кхидIа лан ницкъ бац шен, бохуш, дуьйцу зудчо.
Сатабаева: „Хьалха со цига яханза йолуш со цецюьйлура Европе дIаоьхучу нахах. Шайн йиша-ваша а, гергарнаш а, мохк а битина, дIа муха боьлху те уьш, олий хетара. Амма со цига яхана еанчул тIаьхьа, цигара нах а, Iедалийн нахаца йолу юкъаметтиг а гинчул тIаьхьа, дIаяха сацам хилла сан.
Керстанаш бу-кх уьш, амма белахь а, хьо мичча а водахь а, лоьран тIе я Iедалшна тIе, хьо вокзале водахь а, аэропорте водахь а, чохь а, арахь а массо а стаг велавелла, хьасане ваьлла ву. Ткъа кхузахь...цкъа Москохахь милицхочуьнга урам хатта тIеяхана со, цо лаца а лаьцна, прописка яц аьлла, шайн балха тIе дIа а йигина, ах буьйса яллалц цу чохь яллийра. Иза-м тоаьар ду, елла дIаяллалц кхин диц ца дан“.
Гергарчу хьесапехь изза бахьанаш ду интернет-агIонашкахь Оьрсийчура "кIур бан беза" бохуш, цигара бовда кечбеллачара я хIинцале а бевддачара даллош дерш а. Кхин царех къаьсташ дац, иштта социологин талламашца билгалдаьккхина ма-хиллара, Оьрсийчуьра Европе, уггаре а хьалха Ингалсе дIаоьхучу бизнесхоша а, олигархаша а дахкош дерш а.
Цуьнца доьзна хир ду кху деношкахь зорбане даьхна Оьрсийчурчу миграцица доьзна керла терахьаш а. Британехь цу махкарчу экономикана миллион фунт стерлингал совнаха инвестицеш йинчу совдегаршна луш йолу инвестицийн виза шайна лахьара аьлла, дехар динчу Оьрсийчурчу бизнесхойн терахь кху тIаьхьарчу цхьана шарахь 78 процентана лакхадаьлла.
Доллучу дуьнентIера и тайпа виза йоьхуш Британе дехарш дечу къаьмнийн векалшна юккъехь оьрсий хьалхарчу меттехь бу бохург хьехон а оьший теша?