ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мехкадаьтта дайдаларо таро йохийна Оьрсийчоьнан


Оьрсийчоь-- Мехкадаьттан мах охьаболуш бу. Елкинан беламе сурт.
Оьрсийчоь-- Мехкадаьттан мах охьаболуш бу. Елкинан беламе сурт.

Оьрсийчоьнна вуно даккхий зенаш хуьлуш ду мехкадаьттин мехаш кхин д1а а лахдалар бахьана долуш, амма и мехаш гергарчу хенахь лакхадовларе даха са ца дуьту тергамхоша.

Дуьненаюкъарчу финансийн аналисташна хетарехь, мехкадаьттан мехаш лахдалар гергарчу хенахь соцур долуш дац. ХIара бутт болалуш мехкадаьтта 50 доллар барррелах доьхучура лахделча дуьйна схьа, уггаре а лазамечу сценареш луьстуш, шайхалла деш бу тергамхой. Кху деношкахь и мах кхин а шина долларан охьабаьлла, ткъа уггаре а вевзачарех немцойн экономистана Кунце Фредерикна хетарехь, мехкадаьттин баррелах 40 доллар дехар а дукха генахь ца дисна. Ткъа цхьаццаболчу тергамхоша-м Оьрсийчоьнна гуттар а ирча прогнозаш кхуллу, мехкдаьттах 20 доллар деха а сахьт дац, бохуш.

Цу кепара баккхийчу барамашкахь мехкдаьтта дайдаларан бахьана дукхахчу аналисташна СаIудийн Iарбойн куьйгалло юхьаралаьцначу политикехь го. Цу пачхьалкхено тIаьхьарчу шерашкахь мехкадаьтта даккхар а, дохкар а хаддаха алсамдокккхуш дара, дуьненаюкъарчу йохк-эцарехь и Iаьржа деши дохкаран барам иза эцалуучеран терахьал сов а хуьлуьйтуш.

Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу финансийн аналисто Эльгуинди Яссера Дойче велле радиона ша еллачу интервьюхь билгалдаьккхира, Саудийн Iарбойн урхалла даханчу бIешаран 80-чу шерашкахь ша дина хилла гIалаташ кхин дан лерина яц, аьлла. Цуо дийцарехь, хIетахь цу пачхьалкхан куьйгалло мехкадаьттин мехаш лах ца далийтархьама и сурсат даккхар юх-юха а лахдора. Цунах заман йохалла саIудашна пайда ца хилира. ХIунда аьлча кхечу мехкадаьтта доккхучу пачхьалкхенаш са1удийн масалца иза даккхар лахдан ца тикира.

Цундела хIинца цара мехкадаьтта даккхар лахдарна метта кхин стратеги юхьаралаьцна - шайн тешамечу а, политикехь гергарчу а клиенташна мелла а борахчу мехах мехкадаьтта дохкар, цу кепара дуьненчохь и сурсат духкучарна юккъехь алсамох йолу меттиг схьа а лоцуш. Кхузахь ала догIу, дуьненчохь мехкадаьтта доккхучу пачхьалкхашна юккъехь Саудийн Iарба хьалхарчу меттехь хилар а, цуьнгахь цу сурсатан мехаш хьалий-охьий дахарехь кхечу пачхьалкхашна бан вуно боккха Iаткъам хилар а.

Цундела а бу аналисташа цхьа ойла йолуш - гергарчу хенахь мехкадаьттин мехаш лакхабевр бу бохучуьнга сатуьссийла дац.

Цул совнаха, дуьненчохь карарчу хенахь хIоьттинчу хьолан терго йича, цхьаболчу аналистийн шеконаш кхоллало, мехкадаьтта даккхаран барамаш лах ца байта Саудийн Iарбано Цхьаьнатоьхначу Штаташца къайлаха барт биний-те аьлла, Оьрсийчоьнан экономикана кхин дIа а зенаш хилийтархьама. Цу тайпанчу моттаршана цхьа а дахкон тоьшаллаш дац, амма цу шина пачхьалкхан вуно гергара юкъаметтигаш хиларо и шеконаш бух боцуш ю ала меттиг ца буьту.

Малхбалин Европин Интитутан Iилман белхахочунна политологна Чапханов Русланна хетарехь, къайле яц, Цхьаьнатоьхначу Штатийн, СаIудийн Iарбойн дуккхаъчу хеттаршна тIехь цхьа ойла хилар. Амма цара хIинца къайлаха Оьрсийчоьнна дуьхьал барт бина бохург чIагIдан йиш яц, тоьшаллаш ца хиларна. Мухха делахь, хIоьттинчу хьолехь уггаре а эшнарг Оьрсийчоь ю, бохуш дийцира цо Маршо радионе.

Чапханов Руслан: „СаIудаший, Iамеркахойн, шеко а йоцуш, дукха чIогIа вовшех кхеташ а, вовшийн лелар къобалдеш а юкъаметтигаш ю. Делахь а, цара хIинца Оьрсийчоьнна дуьхьал барт бина бохуш чIагIдойла яц. Оьрсийчоьнан, мухха делахь а, хIинца зенаш дагардан дезар ду. Нах къелур бу. Схьагучу суьртехь, Оьрсийчоьнна цхьанна а кепара пайдехь хьал дац кхолладелларг“.

Хьахон догIу иштта, финансийн аналисташа мехкадаьттин мехех лаьцна деш долу Оьрсийчоьнан куьйгаллин дог таIон шайхаллаш тIечIагIдира масех де хьалха Саудийн элан доьзалан декъашхочуо Аль-Валид ибн Талал Аль Сауда ша Iамеркерчу хаамийн гIирсашна еллачу интервьюхь. „Со тешна ву, вайна кхин цкъа а гур дац, мехкадаьттин баррелах 100 долар луш йолу хенаш“, - элира цуо.

Дуьненчохь мехадаьттин мехаш охьадовларан бухбалош Аль-Валид ибн Талал Аль Сауда элира, и сурсат тIехсов доккхуш хиларий, иза оьцуш болчийн терахь лахдаларий ду бахьана аьлла. „Иракъехь вуно дукха мехкадаьтта ду доккхуш. Ур-атталла т1амо лаьцначу Либехь а доккха мехкадаьтта. Иштта кхечанхьа а. Ткъа дуккхаъ пачхьалкхеша альтернативан ягоргаш кхулуш ю. Иза ду мах охьабаларан бахьана“, - элира цуо.

Цуьнца цхьаьна Саудийн Iарбойн элира кIента кIант волчу Аль Валида дацаре дира шен урхалло Цхьаьнатоьхначу Штаташца барт бина, Оьрсийчоьнан экономикана зе дархьама бохург. „Иза дошдоцург ду. Саудийн Iарбано цкъа а дийр дацара и саннарг, хIуьнда аьлча цунна шена а хуьлу, Оьрсийчоьнна санна зенаш“ аьлла.

XS
SM
MD
LG