ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сочера олимпиада – "катуху" майда


 Оьрсийчоь -- Путинан Владимиран гIопе некъ бу буьллуш, Сочи, 23Ман2013.
Оьрсийчоь -- Путинан Владимиран гIопе некъ бу буьллуш, Сочи, 23Ман2013.

Ахшо дуьсу Оьрсийчоьнна Дуненаюкъарчу Ιаьнан Олимпан ловзаршна ша Сочехь ен спортан гΙишлош, кхийолу инфраструктура йина яккха. Белхан болар гΙийла хиларо а, ахча ца тоаро а шеконе доккху пачхьалкх ларалур ю Ловзаршна шен хеннахь кечъяла бохург. Хьал дардеш, яьржина лела цигахь коррупци а. Оцу хьокъехь орца дохуш бу дуккха а бахархой, политикаш.




«Оха гаранти ло Сочехь тхаьш Олимпан гΙишлош хеннахь йина йохург хиларан. Цига оха хьажош ду 12 миллиард долларе кхоччуш ахча», - элира Путин Владимира нийсса пхи шо хьалха Дуьненан Олимпан комитете, леррина цуьнан Швейцарерчу хΙусаме а вахана, Ιаьнан ХХII олимпиада Оьрсийчохь дΙаяхьа бакъо йоьхуш.

12 миллиард доллар – иза дац 400 миллиард сом а, ткъа хΙинцале Сочехь йина харж ю пхоьазза сов, цхьаъ ах триллион сом. ТΙаьххьара олимпиада хилла Канадерчу Ванкуверехь. Цигахь йина харж цхьаммо а, цкъа а цайинарг ю, бохуш, юьйцура прессехь – 3,5 миллиард доллар. Ткъа Канадерчу олимпиадал ткъозза еза ю Оьрсийчуьрчу ялъялархошна Сочехь хуьлуш ерг.

Европел, кхечу цивилан дуьненал эшна дехачу Оьрсийчоьнан халкъашна олимпиадах оццул балабар далхадо Москох а, Сочехь а. Коьрта декъанна оппозици ю орца дохург, коьртехь, даима а санна, юкъархой Навальный а, Немцов а волуш. Масала, Немцов Бориса иштта боху оцу хьокъехь.

Немцов: «Сочерчу Ιаьнан олимпиадана йина харж дерриг а дуьнено Ιаьнан олимпиадашна гΙишлош еш мел дайъинчу ахчанал а дукха ю».

«Халкъан маршонан партин» лидера, Оьрсийчоьнан оппозицин координатора Немцовс шен гонерчу а, юьстахарчу а тергамхоша зийначу факташна тΙе а тевжаш, Кремлан дайшкара юьйлу харцонаш юьйцуш, рогΙехь хΙоттийна рапорт ю Сочерчу олимпиадехь ахчанаш лечкъадарх лаьцна.

Немцов: «Тхан рапортан хьалхарчу декъан коьрта жамΙ иштта ду – олимпиадана кечамбеш лачкъийна 25-30 миллиард доллар».

Немцовс а, цуьнан накъосташа а шайггара кхуллуш а доцуш, гуш а, зен таро йолу а факташ довзуьйту.

Олимпиадан гΙишлош еш дайина 1,5 триллион сом дерриг а санна тешийнарш, аьлча а, Ιедало оцу ахчанах гΙишлош ян магийнарш бу Путин Владимиран гонера совдегарш – цуьнца школехь дешна я Петарбухахь иза могΙара хьаькам волуш, цуьнца «Озеро» («Ишал») цΙе йолчу фирманехь цхьана йохк-эцарш лелийна нах.

Царех бу, масала, вежарий РотенбергъгΙар. Озабезамашца цаьрга Адлерехь яйтинчу йовхо лучу энергостанцино дΙахуьлдина миллиард долларе кхоччуш ахча. Ткъа Европехь иштта станци еш ца дойъу цуьнан эхан ах ахча а.
Сочехь гΙишлошъечех уггаре йоккха компани ю «Олимпстрой».

Кху пхеа шерачохь виъ куьйгалхо хийцина цигахь. ХΙора даржах вохийначу хьаькамна дуьхьал гΙаттийна, къола дарна бехке а веш, дов. Амма цхьаьллиг а цхьаъ дац кхеле кхачийна.

Сочехь дуучу ахчанийн лар лаха йолон еза халкъан цΙарх кхоьллинчу тобано, аьлла хета Немцов Борисна.

Немцов: «Олимпиада кечъеш дина зуламаш талла юкъараллин комитет кхолла еза аьлла хета тхуна. Тхан кхетамехь, цигахь дина зуламаш таллар а, кхеле кхачор а – иза тхан декхар ду. Оха сатуьйсу юкъаралла тхайгахьа хиларе».

Ткъа къоланаш динарш, Немцов тешна ву, Путин Владимиран гонаш бу. Маршо Радиога цо иштта элира цунна тΙедоьгΙна.

Немцов: «Кхеташ ду, Путинан доттагΙий бара олимпиада кечъеш. Кхеташ ду, цунна шен доттагΙий чубохка ца лаьа. Амма тхо парггΙат хьоьжуш ца Ιало. ХΙунда аьлча, халкъан хьакъ даар дах а луш лаьттар ду. Цара ден къоланаш берийн ловзарш ма дац. Иза Оьрсийчоьнан кхерамзалла талхош хΙума ма ду».

Оппозицино даладечу масалех ду хΙара а. Аьчка некъ буьллуш ву шен «Оьрсийчоьнан Аьчка Некъаш» олучу Ιедалан корпорацица Путинан шира доттагΙ, оццу "Озерон" декъашхо, Петарбухара схьаваьлла хьаькам Якунин Владимир.

Оцу корпорацина, низамо декхаре ма-дарра къовсаме а ца дуьллуш, тешийна Адлерера Олимпан-юьрта аьчка некъ биллар. Цо бина болх легаршка баьккхича, некъан цхьана метрна йина харж нисло Европехьчул маситтаза дукха.

Иштта дукха ду Сочехь а, гонаха а мел дечу хΙумано дΙахуду ахчанаш. Джубга-юьртара Сочи газ кхачош Ιедалан кисанара дайна ахча ду Европехь изза болх беш довр долчул пхоьазза дукха. И тайпа масалш дехха даладойла ду.

Коррупци Оьрсийчохь лакхара охьаяьржаш юйла шеко а йоцуш хаьа массо а бахархошна. Тамаше ду кхин хΙума – Оьрсийчоьнан юкъаралла, бахархой, шуьйрра могΙарш а хΙиттийна, пачхьалкхахь лелачу харцонашна дуьхьал ца бовлар, лела зуламаш къайллаха шайлахь а далхош, бен дΙа а доцуш, бахар.

Немцов Борис а, цуьнан готта го а нахалахь шуьйрра яржо дагахь бу олимпиада кечъечу совдегарша, Ιедалан векалша дечу къоланех лаьцна шаьш деношкахь хΙоттийна рапорт. Амма уьш кΙезиг теша цо, шаьш хьалха а хΙиттийначу рапорташа баьхначул сов, нах сама а бохур бу, цара Ιедалшка жоп а доьхур ду бохучух.

XS
SM
MD
LG