ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къинхетам Кавказехь бен карор бац


Оьрсийн бобераш, Оьрсийчуьрчу цхьана берийн цIийнахь.
Оьрсийн бобераш, Оьрсийчуьрчу цхьана берийн цIийнахь.

Деношкахь Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думин декъашхочо, берийн бакъонаш тергонехь латтон векал винчу адвоката Астахов Павела элира шен белхан накъосташка, оьрсийн бобераш гена пана махка хьежон ца оьшу, царна вуно дика керла дай-наной каро бу кавказхошлахь, нагахь санна уьш цаьрга дΙалахь. Астаховн ойла тайна къаьсттина нохчашна.




Iамерка Оьрсийчуьра бобераш дIалур дац аьлла, Яковлев Димин цIарах долу низам пачхьалкхан думано тIеэцча, цунах боьзначу баланца Iоттаделла хIинца Iедалш. Шо харе мел долу, алсам ца далахь а, терахьашца лахлуш доцчу боберашна хIун дан деза:

Астахов Павелна хетарехь, Кавказерчу доьзалшка дIадала деза тIехь да-нана доцу бераш. Иза цкъачунна эксперимент хир ю , цундела тIедожош хIума а дац иза, боху цо.

Нагахь санна, иза юкъадаккхахь, нохчийн юьстах Iийр бац, аьлла хета юккъараллехь. Йишйоьхна бераш нохчаша тIеоьцург хиларна цхьа а шеко яц, элира Маршо Радиога Докаев Рамзан цIе йолчу соьлж-ГIалин вахархочо.

Докаев: «Ма дарра аьлча, Нохчийчохь и бала боцуш бу. Цу тайпа берийн Iуналла деш цхьацца доьзалш бу. Цо ма баххара бобераш, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара схьа дахкадахь, суна хетарехь, тIе а эцна, лелор дара аьлла хета суна. Берийн гIуллакх вай чIогIа до. Уьш оьзда гIиллакхехь Iамон гIерташ къа а хьоьгу. Астаховс бохург кхочуш дар дика хета суна».

Оьрсийчоьнан юккъараллехь кхетош-кхиоран болх ледарчу тIегIанахь бо, цундела долара даьхна а, дай-наноша дIатесна а бераш дукха ду, аьлла хета Соьлж-гIаларчу цхьана школан хьехархочунна Асланна.

Аслан: «Вай боберашка хьовсу церан гергарнаш. Оьрсийн муха хуьлу? ОьгIаз ма гIойла уьш, цара бераш дIакхуьсу, дай-наной а дIаттуьссу. Цхьана бахьанийца деш хир ду цара иза. Бобераш кхуза далийча, уггаре а диканиг царна Iемар а ду, гур а ду. Цара вайн дика гIиллакахаш тIеэцахь, кхоччуш адамаш хир ду-кх царах».

Нохчаша даима а тIеэцна гIаддайна, йишйоьхна веъна милла а. ХIинца исторехь иза башха дуьйцуш дацахь а, лелла хIума ду иза, литературехь билгаладаьккхина а ду, дуьйцу хьехархочо Аслана.

Аслан: «Идал-хитIера а, Украинера а схьаоьхуш ма хилла Нохчийчу нах. Уьш дика тIе а лаьцна, хьала а кхиина. «Дашо марха яра набъеш» цIе йолу книги тIехь ("Ночевала тучка золотая") яьккхина кино а ма ю. Цигахь а гойтуш ду-кх ма дарра».

Цхьана хенахь нохчаша тIеэцначу нехан тIаьхье хIинца шаьш цIенна нохчий бу бохуш лела. Ишшта, оцу боберийн бераш а, берийн бераш а, хир ду, аьлла, Асланна хетачунна тIетов Рамзан цIе йолу вахархо а.

Рамзан: « Иза а вай исторера факт ю. Шаьш хIинца нохчий бу, бохуш, гIиллакхаш а, мел долу хIума а тIе а эцна, Iаш ма бу уьш. Нохчийн мотт а царна хууш хилча, нохчий бу-кх уьш. Ишта сурт хир ду хIинца и бобераш кхуза далийча а»

Дукха ширчу заманахь дуьйна шайна юкъахь элий а болуш даьхначу луларчу къаьмнаша шайн божабераш нохчашка дIалуш хилла, цаьрга уьш Iамадайта. Оьрсийн маттахь «аталычество» олуш хилла оцу ламастах. ХIинца гарехь, и шира Iадат карладаккха гIерта Iедалш, аьлла, шена хетарг довзийтира ГIалгIайн махкарчу вахархочо Руслана:

Руслан: «Массо а хенахь нохчашка дIалуш хилла шайн бераш кхечу мехкашкарчу эланаша. Нохчийн бераш кхетош-кхиоран амалш тоьллачех лоруш хилла. Вай нохчийн йоккха система а хилла бер Iаморехь. Бобер, масала, цхьамма тIе а лаьцна, иза кхиийча, цунна мел бу боккха».

Шен аьтто бац кхин сов бер кхаба, ша 7 беран да ву, амма кхечу доьзалша, бераш кIезиг долучара, иза дан мега, аьлла, хета Русланна.

Шуьйрра дийцаре дан дезаш а, маьIане гIуллакх а ду адвоката Астахов Павела айдинарг. Иза къобалдо Маршо Радиоца къамел мел динчу нохчаша.
XS
SM
MD
LG