Пасха, керстанийн марха досту де - уггаре деза а, даимчул дукха нах килсе боьлху а де ду Оьрсийчохь, шеко а йоцуш. Оцу дийно къастам бойла ду тΙаьххьарчу хенахь лаьттачу къовсаман – мел нах бу керста ларалучу оьрсашлахь билггал керста, хΙун хьал ду, ма-дарра зийча, Оьрсийчохь килс а, цуьнан йозалла а къобалъярца.
И хаттар дистина лела тахана Оьрсийчохь. Ткъа айдаларан бахьана дозу массо а хΙуманна коьрте яьлла ехачу политикаца. Кхидолчу динашна а санна, керста динна а оьшу шена охΙлаболу могΙарш совбовлар, алссам адамаш шеца хилар. Оцу хьоло килсна а, цуьнан дайшна а таро ло карара ницкъ дебон а, ма-хуьллу дукха нехан синош карадерзон а, шайна ницкъалахь хила а.
Муьлха терахьаш, стенгара уьш схьаэцча бакъдолчунна герга хуьлу дин леладе нах багарбеш, боху хаттар айло Оьрсийчохь кест-кеста.
Масала, пачхьалкхан, халкъан дахаран дуккха а агIонашкара статистикан терахьаш латтош схьайогΙучу Левада-центро массех бутт хьалха хаттам бира Оьрсийчоьнан маьΙ-маьΙерчу бахархошка, царех хΙун дакъа герга ду динашна толлуш.
Цунна жоьпаш деллачаралахь 75 процент нах бара шаьш керста хиларх тоьшалла деш. 7 процент – бусулбанаш. Цхьана а динехь ша-ша вац аьллачийн ю 10 процент. Массо а динаш харцдеш болу атеисташ бу 5 процент. Керста ду шаьш аьллачу нахах 75 процент лела килса. Иштта дара Левада олучу аналитикан центро бинчу талламан жамΙаш.
Цо и хаттам бина биъ бутт бен а балале дара хΙара кхушеран Пасха – марха досту де. Оцу дийнахь Ιисах дела мел веш верг декхаре ву ламастехь доьзална кечбина кхача мозгΙаре базбайта килсе ваха.
Мел нах оцу Ιалашонца килсашка бахара гойту муьлха а кепара адам гулдалар шен тергона кΙел латточу Оьрсийчуьрчу полицин хьостанаш. Кху кΙирандийнахь стеннна, стенгахь нах гулбеллера гойтуш, чоьхьарчу гΙуллакхийн министралло килсашка баьхкинчу нехан а дина хьесапаш.
Итт эзар сов йоккха-жима килс ю Оьрсийчохь. Цига марха даста кечлучу буса бахана 4 миллион бахархой. Пачхьалкхехь бахархой 140 миллион хилча, царех 20 миллион болу бусулбанаш а, кхечу динийн векалш а дΙабаьхча, керста ларалучу нахах килсе оцу буса кхаьчнарш ца хуьлу ах процент а.
Пачхьалкхан дакъошкара а даладо полицино и тайпа терахьаш. Сибрех Пасхица доьзна килсе баха тарлуш хиллачу нахах ца бахана цига цхьа процент а. Изза хьал хилла Уралехь, Идал-хица болчу мехкашкахь. Мелла а алсам нах бахана килсе Пасхин буса Кавказерчу керстанех, 2 процент гергга. Ткъа уггаре дукха – Москох, 2 процент.
Пасхин буса, сурт юкъарчу кепе далийча, керста ду шаьш бохучу Оьрсийчуьрчу адамех бΙозлагΙа дакъа а дац парз кхочушдина.
Бакъду, пачхьалкхерчу мозгΙарша а, политикаша а, статисташа а керстанийн терахь мел алсам гойтуш нислахь а, оьрсаша шаьш оццу статисташна, масала, Левада-центрна, тоьшалла до, музей боьлхуш санна, шарахь цкъа бен шайх, керста бу бохучу нахах, дукхахберш килсе боьлхуш а цахилар.