ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европано кIадо йина Оьрсийчоьнна


Оьрсийчоь -- ПАСЕН векал Гросс Андреас а (аьрроагIор), Коммунистийн артин лидер Зюганов Геннадий а (аьттоагIор) дакъалоцуш ву Оьрсийчура президентан харжамаш дIабирзинчул тIаьхьа хиллачу Москох зорбанан конференцехь, 21Деч2012
Оьрсийчоь -- ПАСЕН векал Гросс Андреас а (аьрроагIор), Коммунистийн артин лидер Зюганов Геннадий а (аьттоагIор) дакъалоцуш ву Оьрсийчура президентан харжамаш дIабирзинчул тIаьхьа хиллачу Москох зорбанан конференцехь, 21Деч2012

Европан Кхеташонан парламентан ассамблеяно Оьрсийчура хьолах лацна долу рогIера рапорт зорбане даьккхина. Бозуш боцу тергамхой цец а бохуш, кIеда-мерза мах хадабо цу рапортан авторша Оьрсийчохь тIаьхьарчу шерашкахь хиллачу хийцамийн.


ТIаьхьарчу ворхI шарахь арахецна дацара Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблеяс, я доцца аьлча, ПАСЕ-но шен Оьрсийчурчу хьолах долу рапорт, цу хьукматан Iадаташца иза хIора шина шарахь дан догIуш делахь а. ТIаьххьарлера цу кепара ПАСЕ-н рапорт 2005-чу шарахь дийцаре даьккхира.

ХIетахь цу белхан дайша емал йира Оьрсийчоьнан куьйгалло бахархойн маршонаш хьешарехь дIахьош йолу политика а, цу махкахь оппозицина беш болу тIеIаткъамаш а, хаамийн гIирсийн маршонаш ехкар а, Путин Владимирс дIайолийна йолу „Iедалан вертикал“ демократина зене хилар а.

Иштта цхьа дакъа хIетахьлерачу рапортан авторша Нохчийчурчу хьолана а лерира. Оьрсийн эскархоша пачхьалкхан лаккхарчу куьйгаллин маршонца маьршачу нахана тIехь къиза таIзарш дар а, Нохчийчурчу тIамах лаьцна яздечу журналисташна кхерамаш тийсар а, царна дуьхьал талораш дар а, ницкъаллин структураша нах идор а, уьш цул тIаьхьа тIепаза бовш хилар а – и дерриге а сацадаре кхойкхуш яра хIетахьлера резолюци.

Ала догIу, и хIетахьлераниг а резолюци, шена чохь критика хиллехь а, аналисташна тоъалла дера ца хеттера, цул хьалха ПАСЕ-но шен сацамашкахь а, рапорташкахь Оьрсийчурчу хьелан мах хадор тидаме эцча.

Ткъа хIинцалера резолюци Оьрсийчохь хIоьттинчу политикан башхачу системица йолчу кIеда-мерзаллийн лакхе хилла дIахIоьттина. Хьалхалерачу критикаллин лар а ца карайо кху деношкахь арахецначу Европин Кхеташонан Кремлан леламийн маххадорехь.

„Оьрсийчоьнан Федераци шен пачхьалкхехь демократи кхуьучу боццачу муьрехь уникалан хьеле кхаьчна“, - бохуш яздо рапортан авторша. Кхиамаш юккъехь цара хьахадо, губернаторийн харжамаш юхаметтахIиттийна хилар а, оьрсийн юкъаралла шен бакъонашкахь къийса урамашка ялар а, Iедална цу юкъараллин кхайкхамашка ладогIа лаар а.

Доцца хьахийна дитина рапортан дайша Политковская Анна а, Эстемирова Наташа йийнарш, кхин дIа болу критикалле журналисташ а, адамийн бакъонаш ларъярхой байъинарш хIинца а маьрша хилар. Иштта экама хьахийна витина Ходорковский а, Магнитский а.

Шена тидам тIе бохуьйтуш ду 2005-чу шарахь арахецначу рапортан а, хIинцалерачу хестамечу жамIийн а автор цхьаъ хилар-Швейцарера политик Гросс Андреас. Доллучу дуьнентIехь а Оьрсийчура политикан хьал, Путин Владимир Медведев Дмитрийца шеконечу гIанташ хийцаран гIоьнца Кремле юхаварна тIера дIа килсан дай пачхьалкхан а, юкъараллин а белхашна вуно жигара юккъе гIерта болабаларна тIе кхаччалц де дийне мел долу гIайгIанца тергал деш лаьттачу муьрехь, рапортин авторна кхиаме а, дика а хийцамаш карийна Оьрсийчохь.

Ала догIу, хIетахь, Нохчийчура тIом марсабаьлла лаьттачу муьрехь а, вара Гросс шен Оьрсийчоьно Къилбаседа Кавказехь лелош йолу къизалла кIадъян гIертарца а, тIеман юкъехь нохчийн парламенте депутаташ хоржуш Кремло дIаяьхьана хилла моттаргIанаш бакъярца а билгалваьлла.

И хIума къаьстина гуш дара, Гросс Андреасан хьежамаш а, дIахьедарш а, цуо кечъеш йолу резолюцеш а цул хьалха ПАСЕ-н Нохчийчоьнах волу рапортхочуьн, немцойн политикан Биндиг Рудольфан критикаллечу хьежамашца юьстича.

ХIетахь Гросс Андреасан Оьрсийчоьнца йолу кIеда-мерзаллин бахьанаш талла баханчу оьрсийн журналисташна гучуделира, Швейцарера политик Оьрсийчоьнан лакхарчу хьаькамашца а, депутаташца а леринчу раутехь хан йоккхуш хила хилар а, цунна цигахь вуно комаьрша шун хIоттийна хилар а, чIерийн Iов, уггаре а дезачух къаьркъа а, кхин дIа болу махбеза кхачанаш а юккъехь болуш.

Билгал олийла дац, цу раутехь садоIаро рапортхочун тIеIаткъам бинерий теша бохург, амма хIетахь дуьйна цуьнан куьйга кIелара мел довлуш долу Оьрсийчоьнах долу рапорташ цхьаъ вукхул кIеда хуьлуш ду. Иштта хьал ду хIинцалерачуьнца а.

Дела денна Нохчийчоьнна тIе етташ йолу бомбанаш а, хIоъ-молха а, эзарнашкахь оьрсийн эскархоша адамаш дайъар а, царна тIехь таIзарш лелор а лахдалар Оьрсийчоьнан политикан лакхара мах хадон тоьуш леринчух тера ду Швейцарерчу политико. Я рогIера Москохарчу лакхарчу кабинетехь кхин цкъа а чIерийн Iов а, тоьллачух къаьркъа а хIоттийна хилла те везачу хьешана?
XS
SM
MD
LG