Кадыров Ахьмадан некъ базбечу конференцехь дакъа ца лаьцна Оьрсийчуьрчу бусалбанийн Урхалло
"Динашна юкъара барт чIагIбен некъаш" цIе йолу дуьненаюкъара конференци дIаяхьна оршоьтадийнахь Москох. "Кремлний, Нохчийчоьнний юкъа барт буьллуш Кадыров Ахьмада къахьегарх" йолу тема а яра барамехь айдинчу къамелашлахь.
Iеламнах хила ца Iаш, динан юкъараллашца зIе кхобу Президентан кхеташо а яра конференци вовшахтоьхначийн декъахь. 38 пачхьалкхера бара векалш. Къибаседа Кавказера конференце баьхкинчу Iеламнахалахь, политикашлахь бара Нохчийчуьра а, Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а нах.
…Тамаше дара оццул йоккхачу конференце Оьрсийчоьнан бусалбанийн урхалла (ДУМР) цаяхар. "Президент-отелехь" хIоттийначу оцу барамца шен цхьа а юкъарло дац, аьлла, дIахьедира барам болабала цхьа хан юьсуш оцу урхалло а, Оьрсийчоьнан Муфтийн Кхеташоно а (Совет муфтиев России).
Гайнутдин Равила доладечу Урхаллин (ДУМР) пресс-гIоьнчалло довзийтира "Кавказ.Реалиина" петохаран бахьана: "Коьртаниг ду оцу бараме бусалба нехан барт бохош лела нах баьхкина хилар. Царна тхаьш резадацар хаийтархьама цига ца доьлхуш севцца тхо. Кхин бахьана дан а дац".
"Бусалба нехан барт бохош лелачийн" цIерш ца ехира Гайнутдинан агIоно. Амма хьалха леллачу юкъаметтигаша гатира оцу хьукматна барт ца карийнийла, масала, Нохчийчоьнан муфтиятца (Оьрсийчоьнан бусалбанийн урхалло букътухур бу ала дац конференцехь дакъалаьцначу пачхьалкхан векалех, академикех, Оьрсийчоьнан керстанийн Килсах я Iаьрбийн мехкашкара баьхкинчу хьешех).
Довзийтар:
2016-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь "дуьненаюкъара бусалба конференци йоьдуш цакхетам буьйлира Оьрсийчоьнан Муфтийн Кхеташонний, Нохчийчоьнан муфтиятний юкъа. Мила лара веза "суннат бусалба", ткъа мила ву "динах тилларг", къастош бара бараман декъашхой хIетахь.
Резолюцино (фетвано) "нийса бусалбанаш" бу аьлла, къастийра суфий-бусалбанаш. Оцу сацамна реза ца хилира Муфтийн Кхеташо, "Оьрсийчуьрчу бусалбанийн декхарш ледара девза" фетва хIоттийначарна, элира цуьнан векалша. "Радикализмна тIекарло йо" аьлла, Гайнутдинна тIе IиндагI дожийра шегара жоп луш нохчийн муфтис Межиев Салахаь.
Нохчийчуьра и гулам берзича (2016-чу шо дерззале) Оьрсийчуьрчу Бусалбанийн Гулам ( Духовное собрание мусульман России - ДСМР) кхоьллира Москох. Цунах хилира пачхьалкхехь бехачу бусалбанашна тIехьожу йоьалгIа хьукмат. Кхеташ ма-хиллара, ца ешаш тIеийцира и урхалла Гайнутдинан хьукмато. Бусалбанаш тергонехь кхаба стенна оьшу Москох ши урхалла латто, цецбуьйлура эксперташ.
Амма тIаьххьара кхоьллинчу бусалбанийн хьукмато къобалдира Соьлж-ГIалахь кхайкхийна фетва.
Кадыров Рамзанан лаамца шен рогIера "дуьненаюкъара" конференци хIоттош ю Соьлжа-ГIала – "Ислам – боссийна болу къинхетам, машар" ю цуьнан цIе. Кху беттан 28-30-гIа деношна лерина ю иза. Дуьненаюкъарчу терроризмца, экстремизмца муха къийса деза, пачхьалкхаша муха чIагIдан догIу экономикан, синбахамаллин, социалан хьашташ кхочушдаран некъаш, хIун дича толур ду исламан кхечу динашца долу гергарло, дийцаредайта бохку конференцин дай.
Нохчийчоьнан муфтиято "Кавказ.Реалиига" бинчу хаамца, конференце кхайкхина Оьрсийчуьра а, арахьара а Iеламчаш, динан дай – Гайнутдинан урхалла а ю церан декъахь.