ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь – Мьянма – РохIинжа: ХIун ду "къинхетамна" бухадиллина?


Кремло Мьянмица официалехь лелийна политика гараяла кечлуш санна го тахана.

Мьянмин эскаршна кеманийн биста кхаччалц герз а латтош, лата а Iамош, оьрсийн мотт а тIехь хьоьхура Шойгу Сергейн инструкторша. Ткъа Нейпьидона дуьхьал мел верг нисвора Путинан гоно «террорхо» статусан гура. …Ткъа хIинца?

Мьянмица Кремло хIинццалц лелийна политика

Кремло Мьянмица юкъаметтигаш уггаре хьалха юстуш лелийна Китайн оцу махкаца долчу гергарлонца. Ткъа Китай цунна тоьлла верас ю.

Мьянмехь Iедало а, дукхахболчу бахархоша а арахьара тIебаьхкина лору рохIинджаш хьийзош буйла дуккха а хан ю, дуьненна а санна, Оьрсийчоьнна хуу. 2012-чу шарахь махкахь 4 процент бен доцу и бусалба къам хьийзо долийча, Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацино орцадаха долийра шен декъашхошка-пачхьалкхашка.

Амма, масситтаза кеп-кепехь кечйича а, Мьянмерчу геноцидах хIоттийна резолюци чекх ца ялийтира Китайно а, шен ламастехь цунна даима а тIетовш схьайогIучу Оьрсийчоьно а.

Мьянмехь адамийн бакъонаш къиза хьоьшуш хилар хьаха а ца дира Путин Владимира стохка ша цигарчу президентца Тхин Чжоца цхьаьнакхеттачохь. Дозалла а деш дийцира шина мехкан гергарлонаш чIагIлуш латтарх лаьцна.

Шина дийнахь хилла «метаморфоза»

Мьянмехь рохIинжа къам хьийзор цIеххьана санна юьхьаръийцира кху шеран юьххьехь нохчийн юкъархоша, доккхачу декъанна, социалан машанашкахула. Юькъ-кара цу махка эха буьйлабелира вайнехан тергамчаш – масала, сагIаден цхьаьнакхетаралла Салсабил, цуьнца цхьаьна юридикан тергоян хиллачу Iалашонца вевзаш волу адвокат Мусаев Мурад.

Ткъа мичара дели а ца хуучу кепехь хьахийра рохIинджаша ловш болу бала деношкахь Кадыров Рамзана. Эццахь лилхира Москох а, Соьлж-ГIалахь а бусалбанаша дIабаьхьна гуламаш. Цара «шаръян» а йолийна Кремлан политика. Иштта го сурт шайн Iедал чуьра довза таро йоцчу Оьрсийчоьнан бахархошна.

Песков Дмитрийс иштта дIахьедар дира дахначу кIирандийнахь: «Сан ала дац оцу проблемех. Вайна гина прессо бен хаамаш, цара сагатдойту». (Терго йойла ду, хIинца Песковс ца боху, хьалха Кремлан векалша ма-аллара, Мьянмехь рохIинжаш-герзахой бу харцо лелош).

Кхин а гена йолу шолгIачу дийнахь (04.04.2017) арахьарчу гIуллакхийн министраллан официалера векал Захарова Мария – цо фейк ю (аьшпаш) олу Оьрсийчоьно Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацехь Оьрсийчоьно Мьянмех йолу резолюци чекх ца ялийтина аьлла Рейтерс агенталло ах шо хьалха баржийна хаам.

Амма Захарована бен-башха дац хаам цхьана Рейтерсо бина ца Iаш, Оьрсийчоьнан массо агенталлаша а баржийна хилар, Мьянмин Iедало резолюци чекх ца ялийтарна Кремлна официалехь баркалла аьлла хилар.

Стенна оьшу Кадыровна рохIинджа?

Бусалба умматах жоп лучу политикийн могIара Кадыровс ша хIоттийна массех шо ду. Исламан политикана а, Малхбалерчу мехкийн дахарна а, церан тIемашна а иза юкъагIертар – иттаннаш масалшца бевза хилам бу.

Цул совнаха, ца лов цо, ша динан лидер шена гаре терра, Малхбузехь исламна еш нисло аьлла шена хета харцо а – масала, Шарле Абдон карикатурашна дуьхьалоеш айбира миллион адамах хIоттийна гулам.

Ша-шена тIеэцна жоьпалла дIакхоьхьучу юкъанна Кадыров Рамзан мал ца ло юх-юха а ша Путинан «гIаш-салти» вуйла хаийта а.

Ткъа кIира гергга хьалха цо Мьянмерчу рохIинджаша лов бала хьахош, «Оьрсийчоь цигарчу тахана зуламаш деш хьийзачу «шайтIанашна» тIекарло еш елахь, со дуьхьал ву Оьрсийчоьнан позицина», аьлча, тусаделллера Оьрсийчуьрчу бахархошна иза Путинца ийгIина ваьлча санна.

Цхьа а фронда а яц Нохчийчоьнан куьйгаллин агIор».​

Оцу юкъанна Китайхь волчу президенто Путин Владимира элира (04.09.2017): «Пресс-гIоьнчалло арахеца деза сан а, Мисаран а дIахьедар Мьянмехь хуьлуш лаьттачун хьокъехь, Тхо дуьхьал ду муьлхачу а кепехь ницкъбарна, кхойкху оцу мехкан Iедал ситуаци шен дола эцаре».

Дуккха а басалбанийн дегнаш тедан Путина аьлларг дацара дуьззина тоаме. ХIун хир ду хIинца рохIинджа бахьанехь Кремлца «гараваьллачу» Кадыровх, хоьттира наха вовшашка. Делахь а дерриг а меттахIоттош, цакхетам бижийна Китайхь Путина ша аьллачунна тIетоьхначо: «Цхьа а фронда а яц Нохчийчоьнан куьйгаллин агIор».

Иза, нохчийн маттахь аьлча, шенний, Кадыровнний вовшашлахь цхьа а цакхетам бац, дерриг а вошийн дага хьоаьжжина деш ду, бохург дара.

…Ткъа иштта хилча, массо а хIума тохалеррачу шен гура юхадоьрзу: Путинна ца хууш, цо магоза, цуьнан лаамах йозаза яьккхина яц Кадыровс цхьа а гIулч. Мелхо а Кадыровс президентна цкъа а цо ца аьлларг Мьянмех лаьцна ала «бахьана делла». Юха а оригинале хила некъ белла. Ца белла шен цIахь, Кремлехь, кабинетехь Iачу юкъанна, белла иза Мьянмин тоьлла лулахо йолчу Китайхь Iаччу дийнахь.

«Цхьа а фронда а яц» Кадыровна, Путинна юкъахь. Ю хьажийна, юьстина, зийна, шайнна лелаеш политика. Халкъанна цунах цхьана ханна интрига хилахь а.

Социалан машанашкахь – кхин некъ дагара дийца бацаре терра – эзарнаш нохчаша, долийнарг шайх хьакхалуш хиларе терра, тергалдо Мьянмера хьал. Цхьаболучара баккъал а рохIинжех дог а лозуш. Вукхара, «юха а ночхий, цхьаьнхьа дIа а хьовсийна, питанна юкъа а ийзийна, байа бахьана ма даккхахьара Iедало», бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG