Иштта дара даханчу бIешеран хьалхарчу декъахь Германехь нацистийн Iедал урхаллехь долчу хенахь 1936-чу шарахь Берлинехь цхьайтталгIа аьхкенан Олимпикан ловзарш дIахьочу хенахь а. Цхьаццайолчу пачхьалкхаша цу ловзарийн бойкот ян езаш бохуш кхайкхамаш бар тергал а ца деш, спорт политиках къаьстина хила езаш ю бохучу бахьанца Дуьненаюкъарчу Олимпикан комитето ловзарш Барселоне дехьа даха ца тикира. Иштта изза бахьана далийра даханчу шарахь Сочехь Олимпикан ловзарш дIахьош а.
„Спорт политиках къаьстина хила еза“ - и парол, цхьа бозбуанчаллин формула санна, таханналца а схьайохьуш ю цу комитето, хийла коррупцино а, тоталитаран Iедалша а къоман салаьцначу пачхьалкхашкахь ша Олимпикан ловзарш дIахьочу хенахь.
Амма бакъдолчехь, массарна а хууш, спорт политиках къаьстина цкъа а ца хилла, бохуш дуьйцу Венерчу политологин Iилманчас Чапханов Руслана. Я и ши хIума хIинцачул тIаьхьа а вовшех къаьстина хир ду бохучух теша а хала ду, цунна хетарехь, хIунда аьлча, къаьстина яккхийчу, амма къечу пачхьалкхашкахь спортах идеологи а, шен, олуш ма-хиллара, аьтто куьг до Iедалша.
Чапханов Руслан: „Спортий, политикий даима а цхьаьна хилла ю. Къаьстина яккхийчу пачхьалкхаша, шаьш къе хилча, я иза популистийн политика лелош пачхьалкхе елахь, цу спортах идеологи а йой, цунах дийна цхьа болам а бой, адамаш цунна тIе дерзадо. Масала, Оьрсийчоь къен пачхьалкхе ю, йоккха елахь а, популизм а ю йигахь яьржина.
Цигахь боккха тидам тIе бохуьйту цу спортана, иза пачхьалкхено лерина терго еш лелош ю. Советан пачхьалкхе йоьхначул тIаьхьа яккхий комплексаш ю цигарчу Iедалийн, цундела спортехула шайна цхьа компенсаци ян гIерта уьш“.
Иштта ду карарчу хенахь Оьрсийчуьрчу спортошлахь цхьа ша-башха риторика яржар а. Масала, кху деношкахь Цхьаьнакхеттачу Штатийн тобанна дуьхьал эшначу оьрсийн хоккейн тобанан декъашхоша ден къамелаш. Цара шайн дIахьедаршкахь пайда оьцу „майдан“, „санкцеш“ бохучу дешнех. Оьрсийчоьнан хоккейн гуларчу тобан штабан куьйгалло баржийначу хаамехь яздина ду, Оьрсийчоьнан тобанна дуьхьал санкцеш яьхна аьлла.
„Цхьаьнатоьхначу Штатийн тобанца ловзар доладалле санкцеш юкъаяьхна ала мегар ду – хоккейн фортунера йолу санкцеш“, - аьлла яздинера спортхоша шайн дIахьедарехь, шайн тобанера декъашхо лазор бахьана долуш ловзарехь дакъалоцур долуш ца хиларна нундохуш.
Оццу хоккей тобан штабан куьйгалло жимма хьалха ша даржийначу дIахьедарехь билгалдаьккхинера, шаьш „спортан майдан“ ца хуьлуьйтуш, хьунаре хьовзарх лаьцна.
„Минскехь вай дашо даьккхинчул тIаьхьа вай даиманна а Iодика йина таьIначу заманийн декъазчу реформаторша дуьненан къийсамаш шарахь деаза дIабахьа беза бохуш хиллачу, цара хоккейн Европа а, уггаре а хьалха Оьрсийчоь а ша шен карах яларна, „спортан майданна“ тIеялон гIерташ къахьегна хиллачу“ - иштта патетикалле дешнашца яздинера БиБиСи хаамийн агенталло йалочу шен дIахьедаран кийсакехь спортхойн куьйгалло.
И тайпа дIахьедарш а, спортхоша политиках а, политико спортхойх а пайда эцар кест-кеста нисло Оьрсийчохь. Къаьстина, цхьана спортхо я спортан тоба дуьненаюкъарчу турнирашкахь эшча, уш эшар политикца а, оьрсийн спортхошца харцо юьйцуш хиларца а дузуш нисло.
Даханчу шерашкахь хийлаза оьрсийн спортхой допинг бахьана долуш гучу а бевлла, царна дисквалификаци йича, дека дуьйлалора Оьрсийчоьнан хьукматхойн аьзнаш, шайн спортхошца харцо йийцина бохуш долу.
Иштта, масала, хIара шо долалуш немцойн АРД телеканалан журналисташ бехха талламаш а бина, чIагIдира, оьрсийн яйчу атлетикера спортхой даима а аьлча санна допингаш муьйлуш бу, ткъа РУСАДА олуш йолу Оьрсийчоьнан допинган дуьхьал комитетан белхахоша иза шайна хуушехь къайлакхоьхьу, аьлла.
Цунна дуьхьал цу комитетан куьйгалло оцу сохьта дIахьедарш дира, немцойн журналисташ я гаррехь дуьненан юкъаралла Iехон гIерташ ю, я шайна ца хуург дуьйцуш ю, аьлла.
Ткъа даханчу шарахь Оьрсийчоьнан некадархойн Федерацин куьйгалхочуо Сальников Владимира дацаре дира, кхузза дуьненан чемпион яьлла йолу Ефимова Юлия допинг муьйлуш гучуяьлла боху хаам, цу хаамна тIехьа лаьтташ оьрсийн спорт сийсаз ян Iалашо йолу ницкъаш болчух тера ду аьлла дIа а кхайкхош.