Муьлхачу а Нохчийчуьрчу мухIажарна шаьш церг ирйича, шаьш цунна даима а туьллуш йолу цIе „террорхо“ тиллинера Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисхоша Успаев Мохьмадна а, иза Швецерчу Iедалошка, дуьхьало а йоцуш, схьавалийтархьама.
2006 шарахь Швецерчу Гоьтеборг гIалахь ларамза меттигерачу Iедалойн каравахана волу Успаев, цу хенахь харцахьчу кехаташца Швеце ваха схьавеана хилла волу, хIетахь дуьйна Оьрсийчоьнан агIоно дIавоьхуш, ткъа адамийн бакъонашларъяроша а, журналисташа а цунна гонахьа эккхийтина йолу гIовгIа бахьана долу швецихойн Iедалхоша дIавала ца хIуттуш, лаьтташ дара и дов.
2007-чу шарахь цкъа хьалха Швецин инарла прокуроро, тIаккха цу мехкан Лакхарчу Кхело а сацам бинера, шайн пачхьалкхан Оьрсийчоьнца вовшаша лоьхуш болчу зуламхойн экстрадицех лаьцна бина барт хилар бахьана долуш, Успаев Мохьмад Оьрсийчу дIавала веза, аьлла.
Амма ша мухIажаро ша цига дIавелча, шена валлалца таIзарш дийр ду, бохуш, чIагIдина хиларна, цуьнан кхолламах болу сацам Швецин урхалло бан бийзира. Ткъа цара иза дIа а ца луш, мелхо а, Швецехь цо дина бохуш долу зуламаш талла сацам бира.
Ткъа Успаевс дина бохуш долу зуламш дан а дара инзаре лакхара. Иза бехке веш вара, тIемашкахь дакъа лацарал сов, террорхо хиларна а, ткъа иштта маьрша адамаш закъалте лацарна а, уьш дайъарна а. Иштта, масала, оьсрийн Iедалхоша чIагIдора, I999 шарахь Итар-Тасс агенталлина болх беш хилла волу фотокорреспондент Яцина Владимир Успаевс вейтинера бохуш.
Журналистийн гонашкахь, къаьстина Нохчийчурчу тIемашца доьзна белхаш беш хиллачарна, дика вевзаш хилла волу фоторепортер Яцина Владимир шозлагIа тIом балале хьалхарчу аьхка, 1999 шарахь Сипсу-гIалахь вадийнера, Нохчийчу ван дагахь цигарчу аэропортехь охьавоьссинчара. Цигара дIа, цхьаццаболчу хаамашца, зуламхоша иза Хьалха-мартантIа дIавигнера, и тайпа талораш дарца гIарабевлла хиллачу вежарий АхмадовгIара керта.
ХIетахь дуьйна 2 миллион доллар делча маьрша воккхур ву, бохуш, цу кертарчу тоьличохь латтийна хилла волу Яцина, шозлагIа тIом а болабелла, АхмадовгIар шайн тобанашца лаьмнашка дIабоьхча, цара шайца дIавигнера закъалте лаьцна волу Яцина а. Амма, и гIуллакх шерашкахь толлуш хиллачу Новая Газета журналисто Измайлов Вячеслава чIагIдарехь, ламанца цомгуш хилла волчу Яцинах зуламхошна деза кир хилла хилар бахьана долуш, иза лелон кхин дIа шайн карах ца даьлча, цара иза вийнера.
Цу гIуллакхан юххьехь лаьтташ хилла хиларна бехке вора оьрсийн Iедалхоша хIинца Швецехь бехказа лерина волу Успаев Мохьмад. Цара дийцарехь, иза хиллера, „ша хьо ларвийр ву“ аьлла, Яцина шех теша а тешийтана, иза мелхо а зуламхошка дIавелларг. Бакъду, Успаев иза дацаре дора. Цуо чIагIдарехь, иза Нохчийн республика Ичкерин президент хиллачу Масхадов Асланан гергара стаг хилар бахьана долуш коьртах ваьккхина вара оьрсийн Iедалхоша.
Мухха делахь а, хIинца пхеа шарахь сов шайн бозуш боцу талламаш дIабаьхьначул тIаьхьа Швецин прокуратурано дIакъевлина нохчийн мухIажарна дуьхьал схьадиллина хилла бехктакхаман гIуллакх.
Гоьтеборг гIалин прокурора Матс Сэлльстрема шен сацамна бух балош элира, Оьрсийчуьра шайга Успаевн бехк тIечIагIбеш дахкийтина хилла долу кехаташ шайн тоъалла ца карийра, аьлла. „Цара деш цхьа а тоьшалла дац, шеконе лоруш хилла волу Успаев боккъал а бехке ву бохучунна“, - элира цуо.
Тергамхоша дийцарехь, тIаьхьарчу деношкахь Швецехь бина болу позитиван сацам дуьххьарлераниг бац нохчийн мухIажарийн хьокъехь Европерачу пачхьалкхашкахь тIеэцнарг. Дийна тобанашца тIаьхьарчу беттанашкахь нохчийн мухIажарш Австрера цIахьежош хилла меттигера Iедал хIинца кху деношкахь шаьш вайнахана депортаци ян тIеэцна хилла болу сацамаш мелла а юха баха йолаелла.
Масех доьзал, хIинций-хIинций шаьш кеманна тIе боху, бохуш, Iаш хилла болу, дагахь а доцуш, бита сацам бина Австрин Iедало, бохуш дуьйцу цу махкарчу адамийн бакхонаш ларъяран жигархочо Банжаев Вахас.
Банжаев Ваха: „Кху Австрехь депортацеш ян кечбина, набахтешка чубоьхкина хилла масех доьзал дагахь а доцуш, арахецна Iедало. Тхо тхаьш а ду цу гIуллакхах цецдевлла Iаш“.
И хIума дукха хан йоцуш Австрера депортаци йинчу цхьана нохчийн мухIажарийн тобанна юккъехь хилла волу ши стаг, Москохахь кема охьадуссушехь Iедалхоша го а бина, лаьцна дIавигина, ткъа цул тIаьхьа лар йоцуш вайна хилар бахьан долуш яьллачу IалагIожаца дузу Банжаев Вахас.
Цу гонахьа иккхинчу скандалах бахьана хилла, карарчу хенахь шайн кхолламе ладогIуш Iаш болчу нохчийн мухIажарийн кхелащ хийца мегаш ю боху цуо
Банжаев Ваха: „И хилам бахьана долу йоккха гIовгIа яьллера Австрехь. Парламентехь баьццарчу партин депутат волчу Петер Пилца дийцаре а даьккхинера и хIума. Цу гIовгIанах пайда эца гIерташ, белхаш беш дукхаъ адвокаташ а, юристаш а бу.
ХIунда аьлча, кхузахь депортаци еш волу стаг иза Оьрсийчохь хьийзош ву. Амма хIинцалца схьа кхузара Iедалш ца тешара цу хIумнах, шайна позитив ялийта харцдерг дуьйцу аш, бохуш. ХIинца царна шайна гина иза бакъ хилар“.
Бакъду, и сацамаш нохчийн мухIажаршна пайдехьа болчу агIор Европерачу кхелаша тIеэцар дукха деха лаьттар ду аьлла хеташ вац адамийн бакъонашларъярхо. Цунна хетарехь, хIинцалера IалагIожан тулгIе мелла дIа лах ма еллехь, юха а вайнеха мухIажаршна депорташ ян йолор ю Европано.