Националистийн тобанех кхоллаеллачу «Оьрсийн Платформа» юкъаралло билгалдоккху пачхьалкхан бахархошлахь вовшашка шина тайпа цабезам бехаш хилар. Цхьана агIор – кавказхойн вовшашлахь ю гIоьртина юкъаметтигаш, вукху агIор – оьрсашний, Оьрсийчуьрчу кхечу къаьмнашний юкъахь лаьтта цабезам. ДIахьочу социологин хеттамаша гойту, пачхьалкхерчу бахархойх 50-75 процент нах Къилбаседа Кавказ, шайх гена йоккхуш, Оьрсийчоьнах дIакъасторе сатуьйсуш беха, боху националистийн артикло.
Кавказ оьрсийн къомо юзош а, цуьнан чоьтах хенера йолуш а ю, чIагIдо Оьрсийн платформано, шен декъашхоша зорбанехь а, Москохарчу а, кхечу гIаланашкарчу а гуламашкахь а хьалха а баьхна ма-хиллара.
Ксенофобин ун даржоррий, къаьмнаш вовшашца кхидIа а эгIоррий бен Оьрсийн платформано шен артикла буха диллина дацахь а, адамашлахь и хьу гена ца ялийта гIертар хIора а кхеташ волчу политикна, идеологна ду тIехь.
Националисташа рогIехь бечу кхайкхаман мах хадабайта Маршо Радионо къамеле кхайкхира Москохахь журналисташна низаман хаарш даржочу центран эксперте, Оьрсийчоьнан юкъараллин Палатин хьехамчига Пантелеев Борисе.
Пантелеев: «Тхаьш динчу жамIашкахь тхо тешна ду ксенофобин проблема экономикехь а, вайн пачхьалкхан политикан кепаца а йозуш хиларх. Яц кхиарехьа яьхна гIулчаш, динамика яц белхан меттигаш кхолларца. Цу тIе, коррупци ю меттигашкахь а, центрехь а, иза а ю халкъ бухарчу а, Москохарчу а Iедалех кхардош.
Ахча ца тоар, дахаран хьелаш цхьана а кепехь доцуш хилар ду нехан резадацар цу ксенофобин хорша даьккхинарг. Цундела кхоллало и тайпа лозунгаш, Москохахь боху, «оха кхобу кхидолу къаьмнаш», ткъа меттигашкарчу бахархошна шайн хьаькамашкара хеза, «массо а зулам а, массо а харцо а Москохара схьа ю».
Пантелевн Борисна хетарехь, Оьрсийчоьнан Iедалша а, хаамийн гIирсаша а дебайо пачхьалкхехь ксенофоби. Масала, цхьана дуьненаюкъарчу спортан къовсамашкахь кавказхо тоьлча, цо Оьрсийчоьнан сий айдина, олий, дуьйцу, ткъа изза спортхо, масала, кхиберш санна, шен тароне хьаьжжина, езачу машена хиича, я цо цхьана оьрсийчо шена дуьхьалъяккхина харцо, кIонахчо санна, юхатоьхча, кавказхошна шаьш тIех даккхий адамаш хета, олий, дийца доккху. Цундела кхача а ца луш еха ксенофоби пачхьалкхехь, элира Пантелеевс.
Пантелеев: «Оцу шатайпа шалхачу стандартех пайда оьцу ма-хуьллу, цу тIе, хаамийн гIирсаша а мостагIалла даржаде мотт сов дукха буьйцу».
Орсийн платформа шех олучу националистийн юкъаралло, Iедале кхаьчча, ша я шен гонаша дендерг а довзуьйту артикла тIехь. Кавказхошка цхьа а къинхетам а хир бац, церан мехкашкахь тIеман-полицин раж хIоттор ю шаьш, шайн аьллар хилахь, яздо юкъаралло шен сайта тIехь. Ткъа шаьш кхин цхьаьнге а оьрсийчунна тIе куьг дохьуьйтур дац, я хIинца, я цкъа а, олий, йоьрзуш ю артикль.
И санна долу дIахьедарш Оьрсийчохь лелачу низамаша магош дац. Ткъа лелаш ду, Iедало цхьа наггахь а еш дуьхьало а йоцуш. Цундела сахьт дац, Оьрсийн платформано ша бохург, цуьнан мухха а мах белахь а, и мел къиза делахь а, чекхдаккха а.