ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Набахте хьажочу стагна туьйссу кхерамаш туьйсу Нохчийчохь адвокаташна"


Дубровина Екатеринас дуьйцу, муха гIиттадо республикехь" наркотикашца доьзна девнаш", уьш хьан кхуллу

Деношкахь Шелахь йирзина бакъоларъярхочунна Титиев Оюбна еш хилла кхел. Набахтехь даккха 4 шо кхайкхийна цунна, 200 грамм кIомал яьккхина цуьнгара, аьлла. Цунна тIехьарчийна 228-гIа артикл, 2-гIа дакъа - иза Нохчийчохь хьаннах а лата торуш, гоьдаьлла девза таIзар ду. Муха "тIеухку" наркотикаш, таIзардархошна дуьхьал муха латталур ву, дуьйцу Титиевн авдовата Дубровина Маринас.

- Дукха гIиттадой Нохчийчохь Бехктакхаман кодексан 228-гIа артиклца девнаш?

Кадыров Рамзана дуккхаза а баьхна шен махкахошка, "наркотикаш лелориг изза террорхо ву". 2017-чу шеран Марсхьокху-беттан 12-чохь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан куьйгалхошца ша дIаяьхьначу кхеташонехь Кадыровс наркоманица къовсам латто оперативан штаб кхоьллира, элира, махкахь кхин нароктикаш хаа цайолуьйтург дерриг а дийр ду. Цул тIаьхьа тобанашкахь леца болийра нах, ницкъхоша уьш нарокотикаш лелош бу бохура.

Луьттура бахархой, дийнахь иттаннашкахь дIагулбора шайн хьукмате полицино. Иштта хилира Оьрсийчохь наркотикашца доьзна зуламаш даьржинчу мехкийн лидер Нохчийчоь (2017-2018 шераш).

Нохчийчоьнан кхелашкахь массарел а дукха луьстучех бехкех бу ши бехк – 208-гIа артикл а (низамехь йоцу герзахойн тоба кхоллар, цуьнан декъахь хилар), наркотикаш лелорах йолу 228-гIа артикл а. Етта хенаш ю вуно лакхара.

- Стаг шена тIехьарчийначу бехках хьалхавалалой, къовсавала некъ буй цунна?

- Оцу къовсамехь тоьлла нах суна ца бевза. Дукха хьолехь наха даренаш до – ца дича етта, уггаре лакхара хенаш туху. Цундела адам доллучунна а къера хуьлу. Ткъа къерахиллачун бехк кхелаша толлуш а бац, шозза гулло кхелахой, шозлагIа вовшахкхетча, набахти кхайкхайо, бехкевечуьннна сацам карало. Нохчийчохь 2017-2018 шерашкахь лецначех дукха нах хьийсийна набахтешка. ТIебаьхьна бехк къовсабаьккхинарш вуно кIезиг бу царалахь. Ас болхбечу юкъанна иштачех цхьа Титиев а, кхин шиъ а бен вац.

228-чу артиклца бехкебечу нехан девнаш толлуш дац – уьш кхуллу, тIаккха кеп хIоттайо, толлуш санна. Изза сурт лийлира Оюбан а, кхин массех а девнца.

- Дукхахболучара боцу бехк стенна оьцу шайна тIе?

- Царна а, церан гергарчарна а бен Iаткъам вуно боккха хуьлу, цундела нах ца хIуьтту аьрзнаш дан. "Наркоманашна" Iедало ша тIехIиттабо адвокаташ дукха хьолехь. Ткъа "хьал ишта дац", "бакъдерг кхин ду" олу адвокаташ дукха бац.

- Кхечу регионера адвокат лаца аьтто цабаьлларг кхеле бакъдерг дIакхачо йиш йоцуш вуьсу-кх, ахь бахарехь?

- Вуьсу. Набахте хьажочу стагна туьйссу кхерамаш туьйсу Нохчийчохь адвокаташна – царна етта, боцу бехкаш дуьхьалбаха, церан гергарчарна кхерамаш тийса тарло. Хала ду оцу хьелашкахь бакъдолчунна тIехIотта.

- Маларш муьйлучу наханна 228-гIачу артиклан 1-ра декъо къастош болу бехк тIехьерчийна меттигаш ю бохург дуй бакъ?

- Ду, дерг ду иза. Суна девза и тайпа дов. Стаг арахь мелла лаьцна, лаьцна шен машен чу а хиина, лаьтташ волуш. Иза изоляторехь кхаьбна, оцу юкъанна полисхоша материал хIоттийна, кIомал оьзна а, иза шеца йолуш а валийна иза шаьш, аьлла. Бекхтакхаман кодексо маларх кхеттарна набахте ца кхачаво – цундела цунна 228-чу артиклца шо хан кхайкхийна, арахь яккха. Иза баккъал а хилларг ду.

- 228-гIа артиклца нах бехкебан полици маьрша ю-кх?

- Ю. Суна Шелан кIоштан полицин декъехь гина Iаьржачу полимеран тоьрмигаш, кIомалан тоьхмигаш, изза тоьрмиг бу Титиевна бехка бухахь а. И тайпа ши тоьрмигаш бу буьйцуш ахь дакъалоцучу кхин а шина девнехь. И кIомалх буьзина Iаьржа тоьрмигаш хIора а полицин декъахь болу сурт хIутту – эшначу хенахь полисхоша пайда а оьцуш. Титиевн девно вайна гайтира наркотик бухакхосса хIумма а хала доцийла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG