ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СабIарзделла динарг? Украинана дуьхьал тIом бан вербовка йарна "ахчанаш луш къовсам"


Ростовн кIошт. Батайскера тIеман комендатура. Архивера сурт
Ростовн кIошт. Батайскера тIеман комендатура. Архивера сурт

Украинана дуьхьал тIом бан вербовка йарна цхьана хенахь луш долу ахча алсам дIакхачочу субъектийн тептарехь нисйелла Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионаш. Цуьнан бахьана ду аьлла Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу эксперташа тIамтIе бахийта нах тIетоьаш цахилар. "Ахчанаш лучу къовсамо" ца хилийта йиш йуй керла мобилизацин тулгIе?

Кхарачой-Чергазийчоь пачхьалкхехь кхоалгӀа йу тӀаме хьежочу нахана луш долчу ахчанан барамца, хьесап дина "Важные истории" сайтан редакцино. Контрактна куьйгаш яздинчарна цара луш ду 1,6 миллион сом, и барам 68-зза сов бу меттигерчу бахархошна тIедогIучу ахчанан йуккъерчу бараме хьаьжча (23,4 эзар сом) – пачхьалкхехь уггаре а йоккха башхалла йу иза. Шаьш дечу лараршкахь журналисташа регионийн бюджеташкара цхьана ханна луш долчу ахчанах бен пайда эцна бац.

Кхин дIа рейтингехь Ставрополь йу, ГIебарта-Балкхаройчоь, Ростовн-кIошт, Кубань, Адыгей, Волгоград, Астрахань – цигахь луш долу ахча миллионал а сов ду.

Товбеца-баттахь дуьйна жигара йукъайевлла регионаш ахчанаш даларехь болийначу къовсаме. Шо доладелчхьана Краснодар-махкахь доьалгIа тIетоьхна луш долчу ахчанан барам: дечкен-беттахь дара и 200 эзар сом, марсхьокху-беттан йуьххьехь лакхаделира 1,8-1,9 миллион соьме. И барам регионехь цхьана хенахь цкъа лучу 1,2 миллион ахчана тIера бу, федералан 400 эзар соьмера, муниципалан 200-300 эзар сом.

Волгоградан кIоштара керлачу контрактхошна лур ду 1,2 миллион сом: товбеца-бутт чекхболуш бараман регионалан дакъа лакхаделира 800 эзар соьме кхаччалц. Ростов-кIоштахь изза 1,2 миллион сом регионалан бюджетера дIалуш ду, ткъа федералан тIетохарца хуьлу и – 1,6 миллион сом. Марсхьокху-бутт болабелчхьана регионалан ахчанаш далар совдаьккхира ГIалмакхойчохь а – 500 эзар соьме: муниципалитетан а, федералан а тIетохаршца контрактхошна лур долуш ду миллион сов сом.

Ставрополан махкахь регионан дакъа цIеххьана алсамдаьккхира хьалха хиллачул а товбеца-бутт бовш: 200 эзарна тӀера 1,5 миллионе кхаччалц. ГӀебарта-Балкхаройчохь "товбеца-беттан тIетохарца" контрактна куьйгаш йаздарна луш йолу компенсаци 1,5 миллион соьме кхаччалц хьалаяьккхинера, федералан пособеш тидаме а оьцуш. Регионашкара ахчанаш алсамдаьхна Дагестанехь а. Иза пхоьазза алсамдаьлла – 100 эзарна тӀера 500 эзарна тӀекхаччалц.

Кхарачой-Чергазийчохь регионан ахча хьаладаьккхира хьалхо, мангал-баттахь – 1,3 миллион соьме кхаччалц, йа 1,7 миллион федералан ахчанца цхьаьна. Астраханан кӀоштахь тӀаьххьара регионехь ахча тӀекхетта хилла зазадокху-баттахь: 250 эзарнера 500 эзарне кхаччалц. Адыгейхь и ахча 500 эзар соьме хьаладаьккхинера чиллан-баттахь хьалха.

Къилбаседа ХIирийчохь федералан доцу ахчанийн барам бу 400 эзар сом. Цу тIе и вовшахкхета регионалан 400 эзар соьмах, гIирс эца лучу регионалан 100 эзар соьмах, кхин а 100 эзар сом контарктхошна луш ду "бизнес-йукъарлонаша" а, "меттигерчу администрацеша" а. Нохчийчутра контарктхошна 2023-чу шарахь дуьйна луш ду 500 эзар сом, ткъа ГIалгIайчохь цхьана шарчохь регионало тIетоьхна 100 эзар соьмана тIера 200 эзарна тIекхаччалц.

Адам тIе ца тоьа?

Товбеца-бутт йуккъе баьлча Re:Russia зорбанан гӀирсо бовзийтира шаьш бина таллам, цуьнца а догӀуш, таллам дӀабахьале хьалха долчу шарахь Оьрсийчоьнан эскархошна а, ткъа иштта чевнаш хиллачарна а, беллачеран доьзалшна а луш долу ахчанаш дара ВВП-н 1,5% барамехь, йа кхо триллион кхаччалц. Бакъду, и таллам "ахчанаш даларан къовсам" хилале хьалха бина бу – иштта дуьйцу хуьлуш долчух лаьцна Кавказ.Реалиица динчу къамелехь экономисто Жаворонков Сергейс.

"Цкъа луш долчу 400-600 эзар меттана цхьайолчу регионашкахь 2 миллион сов ахча дала долийра. [ТӀеман гIуллакх дечийн] къоьлла хаалуш йу кхузахь хIуъа дийцича а. Коьрта проблема ахча дац – кхин долчу хIуманна йен харжаш лахйан, карор ду царна и. Проблема йу амма мел дукха ахча делча а, цига баха кийча болу нах кхачам боллуш цахилар, бохура Жаворонковс.

Контрактхошна цхьана ханна луш йолу компенсаци лакхайаккха йолийра охан-стигалкъекъа-беттанашкахь, билгалдоккху тӀеман аналисто Матвеев Яна,- ткъа массо а регионашкахь аьлча санна, таханлерачу дийнехь кхаччалц дӀадоьдуш ду и иштта.

"Путина иштта тIетуьйхира тӀеман министралло цхьана ханна луш долу ахча – шозза алсам. И дерриге а доьзна керла нах гулбар лахдаларца а, оццу хенахь гуьйре йуккъе йаьлча лаккхара эшамаш хиларца а. БIаьсте йуккъе йаьллачу заманчохь баларш кхин а алсамдевлира", - боху говзанчо.

ХIинццехь долчу хьелашкахь аьлла хета, Оьрсийчоьнан арми мобилизаци ца йича а ларор йу

Цуьнан дешнашца, ахчанан барам совбаккхаро жимма алсамдаьккхира контракт йан луу нехан терахь, амма хууш дац "мел тоаме хир бу и тIом бан луу керла нах".

"Цул сов, дефицит хӀинца а йуьсуш йу - иза гайтира Курскан кӀоштахь хиллачу тIелатарна эскархоша йинчу реакцино а. Цига хьажийнарш контрактхой бацара, доккхачу декъана, шайн лаамехь вовшахтоьхна ду бохучу дакъойн эскархой бара. Даим а тIаме хьийсочарех цигахь йу ГӀирман 810-гӀа хӀордан бригада а, салтийн 488-гӀа полк а", - дуьйцу Матвеевс кхидӀа а.

Эскаре кхойкхучарна Оьрсийчуьра арабовлуш гӀо деш йолчу коммерцин йоцчу "Идите лесом" организацера Чувиляев Иван реза ву, ахчанаш алсамдахаро уггаре а хьалха адамийн къоьлла хилар гойтуш йу аьлла.

"ХӀинццалц луш хилла ахчанаш, уьш тоъал дац контрактна куьйг йаздан дог-ойла хилийта. Оццу йукъанна кхета деза, йа 500 эзаран а, йа цхьа миллион ах миллионнан а, йа шина, йа пхеан а миллионех адамаш гӀур дац шайн синош охьадахка, нагахь санна шайгахь кхин йоккха цаторийла йацахь. Ткъа, маржа йаӀ, дуккха а нах холчахь бу, дуккхаъчийн ду - кредиташ, декхарш, цхьацца бахьанашца йаккхий харжаш йар, масала, чуьра стаг велла", - боху Чувиляевс.

Цуьнан зеделлачуьнца, дукха хьолахь контрактна куьгйаздан воьду стаг "тIебаьхкича".

"Йезарца дов даьллехь, иза ца йелхийта – контрактана куьгйаздан воьду. Ша шена тIе куьг даьхьна вала ойла хилла, хIунда аьлча, ваха маьIна ца го цунна. ТIаккха воьду иза контракт йан", - иштта дуьйцу цо контрактан гIуллакхе вахарх.

Цул сов, Чувиляевс тидам тӀебохуьйту, дукхахйолчу регионашкахь финансийн коьрта дукъ регионийн а, республикан а, муниципалитетан а белшаш тӀе доьжна хиларна а, федералан бюджето жима дакъа бен ца луш хиларна а.

"ХӀинца массо а кIелхьарбийла гIертар бу, Путинан тIедахкарш шьаш муха кхочушдийр дара ца хууш. Цуьнца а догӀуш, ма-дарра аьлча, и дерриге а ахчанаш баккъалла а царна лур ду, ма-дарра аьлча, йаккхийчу гӀаланашкахь школаш, некъаш, метрон станцеш йан, могушалла Iалашйеш, пенсеш дIалуш дайа дезачу ахчанах", - аьлла, дерзийра Чувиляевс шен къамел.

Керла мобилизаци?

Курскан фронт нисбалар тидаме эцча, мобилизацин кхерам хаъал алсамбаьлла, аьлла хета Матвеев Янна. Цул сов, цунна хетарехь, салтий тӀаме хьажорна кхерам алсамболу. Делахь а, Кремло шолгӀа мобилизацин тулгӀе дӀакхайкхор ма-хуьллу тӀаьхьатоьттур ду аьлла хета экспертана.

"Кхузахь дуккха а хӀума дозуш ду Украинан ТIеман Ницкъийн гӀуллакхех. Нагахь санна, уьш мел а жигара бовлахь, тӀаккха мобилизаци йина нах кхин а хьалхе оьшур бу. ХӀинца, карарчу хенахь долчу хьелашкахь, Оьрсийчоьнан эскар мобилизаци ца йеш ларор хир ду аьлла синхаам бу", - бохура Матвеевс.

Коьрта проблема ахчанца йац – тIом бан баха луурш тоаме цахиларца йу

Кхин ойла йу экономистан Жаворонков Сергейн. Цо дийцарехь, нуьцкъала мобилизаци кхайкхон тарло гурахь, гезгамашин-беттан 8-чу дийнахь регионийн а, муниципалан а харжамашкахь кхаж тесначул тIаьхьа. "2022-чу шарахь а хилира мобилизаци цхьана дийнахь болу кхаьжнаш тесна кӀира даьлча", - чӀагӀдо Жаворонковс.

Чувиляев Ивана фронтехь лаьттачу хьолах "Тришкинан кафтан" аьлла цӀе тиллира: "Цара Украинера эскарш Оьрсийчоьнан территори тӀе дехьадаха деза, цу кепара дӀалаьцна латтанаш дӀа а луш. ХӀунда аьлча, гуш ду, уьш сецон стаг хир воцийла. Йа массарна а мобилизаци кхайкхон йеза, тоннашкахь адамаш дайа а хьажош".

Эксперта дешнашца, салтий Курскан агIор нисбелира, Курске бахийта Оьрсийчоьнан тоъал контрактхой цахиларна.

"Мобилизацих уьш кхоьру, амма церан кхин харжам бисина бац", - дерзийра цо.

  • Кху кӀиранан йуьххьехь интернетехь бӀеннашкахь хаамаш гучубовла буьйлабелира Оьрсийчуьрчу эскаре дӀакхайкхийначу нехан гергарчаьргара. Цара дIахьедора, церан куьйгалла уьш Курскан кIошта хьовсо дагахь бу бохуш, ткъа цигахь ВСУ-н тIелетарш ду. Маршо Радион оьрсийн сервисо къамел дира бакъонашларъярхошца а, эскаре дӀакхайкхинчу нехан наношца а, Украинаца дозанехь Украинан регионашка эскарш дехьадаха кечдинчу гӀуллакхийн географи а, барам а хаархьама.
  • Оьрсийчохь алсамдолуш ду эскарера бовдарх гIиттон бехктакхаман гӀуллакхаш, йаздо Маршо Радион оьрсийн сервисо. Цунна тӀе тидам бахийтира "Медиазона" зорбанан гӀирсо а, кхелан статистикан анализ йинчул тӀаьхьа.
  • Кавказ.Реалии сайтана интервью луш политолого Шульман Екатеринас билгалдаьккхира, Украинана дуьхьал бечу тӀамехь дакъалаца контрактца эскархой гулбарехь регионийн Ӏедалшна хьалха халонаш лаьтташ хилар а, эскархой гулбеш йолчу база чекхъяьлла хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG