Дечкен беттан 27-чохь Полшерчу Краковехь гуллур бу ШозлагIчу дуьненан тIамехь толлам баьккхинчу пачхьалкхийн куьйгалхой а, ткъа иштта кхечу пачхьалкхийн президенташ а, урхаллин премьер-министраш а. И цхьаьнакхетар Краков гIалина генайоцуш фашистийн Германино кхоьллина хилла йолу концлагер Освенцим, я кхечу агIор аьлча, Аушвиц маьрша яккхаран 70 шо кхачарна лерина хир ду.
Официала терахьашца, цу лагерехь нацистийн режимо цхьаъ ах миллион стаг вийнера, шайна юккъехь доккхаха долу дакъа жуьгтий а, амма иштта дуккхаъ цигонаш а, полшхой а, румынаш а, Iарбой а, ткъа иштта наци режиман дуьхьало еш я цуьнан закъалташна гIо деш гучубевлларш а болуш.
Хууш ма-хиллара, Освенцим Советийн эскарша I945-чу шеран дечкен беттан 27-чохь маьрша яккхира. 1-ра Украинин Фронт яра тIемашца цу лагерна дуьххьара тIекхаьчнарг, шена куьйгалла деш инарла-полковник Курочкин Павел а волуш. ХIинцалерчу Оьрсийчоьно, Советийн толамийн да ша лоруш йолчу, вуно доккхачу дозаллийца дийцаре деш ду и лагер маршаяккхар а, ШозлагIчу дуьненан тIамехь толам баьккхинарг коьртачу декъехь ша а лоруш.
Иштта дуьнено а, 1947 -чу шарахь Освенцим лагер лаьттинчу меттехь музей кхоьллинчу Полшано а, мукIарло до цу къизаллин масала хилла дахIоьттинчу лагеран тутмакхаш маьрша бахарехь Советийн эскаран мехалалла. Цундела вуно лазаме а хила декхар ду Кремлан дайшна хIинца баьржина хаам – Освенцим маьрша яккхарна леринчу даздаршка воуьйтур вац Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир.
Шинари дийнахь Рейтер агенталло даржийна Полшин куьйгалло Путин Владимир цу дуьненан куьйгалхойн цхьаьнакхетаре ца кхайкхина аьлла. Бахьана – Украина бахьана долуш Малхбузенний, Оьрсийчоьнний юккъехь кхоллайелла шийла юкъаметтигаш.
ТIаьххьара дуьненан куьйгалхойн цхьаьнакхетарехь Путин Владимира дакъалецира даханчу шеран лахьана баттахь Австралехь дIаяьханчу Джи 20 саммитехь. Амма и дакъалацар а дацара да воккхавийр волуш: ма-дарра аьлча, кхечу пачхьалкхийн куьйгалхоша Путин шайна ганне а ца гучуха тергал ца ван гIиртира цуо цигахь даьккхинчу дийнахь.
Ткъа шозлагIчу Iуьранна, массарел а хьалха, ур-аталла Джи 20 тобан декъашхойн юкъарчу мартехь а дакъа ца лоцуш, цигара дIавахара Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. Цу хиламан терго йича, цецволийла дац аьлла хета политологна Чапханов Русланна хIинца рогIерчу цхьаьнакхетаре Путине кхайкхане а ца кхайкхар.
Чапханов Руслан: „Хьалха а дуьненан куьйгалхоша Путин кхин шайн дан хIума ца хиларна тIеоьцура, цуьнца къамел а дора. ХIинца хьал хийцаделла. Цуо еш йолу забарш а, эвхьаза бегаш а массарна а кIордина. Малхбузено а шен риторика хIинца хийцина. Цуьнга кхин ладугIуш стаг воцийла тIаьххьара Австралехь хиллачу саммитехь а массарна а гуш дара.
Гуш дара Малхбузенан собар чекхдалар а, дуьнентIехь хIоьттина йолу къепе а, адамийн бакъонаш а Путинс хьешар кхин дIа лан Малхбузе реза ца хилар а. Цундела Путин хьалха санна хьаладаьлла хилла хьал чекхдаьлла аьлла хета суна“.
Ша Кремло, Полшера баьржинчу хаамна шен Iедалехь жоп делла - нохчийн кицанехь дуьме хьала ца кхаьчначу цициго „иза-м мерза а хир бацара“ аларх терра долу жоп. Путинан пресс-секретара Песков Дмитрийс „Эхо Москвы“ радиога цу хьокъехь элира, Оьрсийчоьнан президент Освенцим маьршаякхар даздаре гIур вац, шен белхан график тIехсов юьзина хиларна, аьлла.
„Цуьнца цхьаьна Оьрсийчоьнан куьйгалхочуо вуно лору ШозлагIа тIом дIабаларна лерина долу массо а цхьаьнакхетарш а, даздарш а,“ - элира цуо, Полшера шен Путине цкъачунна кхаьчна цхьа а официала кхайкхам ца хиларна мукIарло а деш.
Хьахон догIу, Евробертан декъарчу пачхьалкхашна юккъехь уггаре а дероха Кремлан а, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран а политика емал еш ерг Полша хилар. Цуо кху тIаьхьарчу масех шарахь кхайкхамаш бо НАТО тIеман альянсе Малхбалерчу Европехь шен тIеман баханаш алсам яхаре а, ткъа Украинехь кризис йолаелчахьана Полшано кхойкху Оьрсийчоьнна дуьхьал йолу санкцеш кхин а шога яхаре.