ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францехь жоьпе озийна Саркози


Франци -- Саркози Николя Тов 1, 2014
Франци -- Саркози Николя Тов 1, 2014

Францин хилла президент Саркози Николя лаьцна, иза ша Iедалан коьртехь волчу хенахь прокуратурин а, полицин а куьйгаллина кхаънаш дала гIиртина бохучу шеконашца.

Цкъачунна 24 сохьтана лаьцна ву Фраццин уггаре а скандале а, уггаре а дукха шен доьзалан а, безаман а дахар бахьана долуш гIараваьлла а, цу шен доларчу дахарах политикан капитал йина а хиларца вевзаш волу экс-президент Саркози Николя.

Францин уггаре а нуьцкъала стаг хилла волу иза лацаран бахьанехь коьртаниг – коррупци бохучу дашца ала мегар долуш ду. Саркози бехке веш ву шен тIеIаткъамах пайда эца гIертарна а, Iедалан белхахошна кхаьънаш дала гIертарна а, шена оьшуш долу хаарш цаьргара дахьарма цуо царна лакхара даржаш хьехна хиларна. И дерриге а цуо ша президент волчу хенахь, аьлча а 2007 -чу шарера 2012-чу шаре кхаччалца, лелийна хилла, Iедалхоша чIагIдарехь.

Масала, Саркози шен адвокатца Эрзог Тьерица цхьаьна шен хьокъехь Францехь масийта шо хьалха долийна хиллачу бехкталламан гIулкхах лаьцна къайлахчу информаце кхача гIерташ хиллера. Цу Iалашонца цуо телефонехула къамелаш динера хIетахь кассацин кхелан прокурор болх беш хиллачу Азибер Жилберца.

Нагахь санна ахь шена цу гIуллакхах йолу информаци хилийтахь, ша хьуна Монакохь лакхара дарж нисдийр ду аьллера Францин президента цу Жилбере, ша деш долчу къамелашка ладугIуш дуйла а, уьш дIаяздеш дуйла а ца хууш.

Саркози Николя лаццане а Iедалхоша шайн тидаме лацаран бахьана иза 2007 -чу шарахь президент хоржучу муьрехь шен президентан кампанина Саркозис хIетахьлерачу Либин куьйгалхочуьнгара Каддафи МухIамарера ахчанаш ийдина хилар гучудаларца доьзна ду. Тайп-тайпанчу хаамашца, 50 миллион евро деллера цунна Каддафис 2006-чу шарахь. Иза гIардаьккхинарг вара 2011 шарахь Каддафин кIант Сайф Ислам. Шен дешний тоьшаллаш ду шегахь бохуш чIагIдора Каддафин кIанта. Ткъа 2012 шарахь и тоьшаллаш Mediapart цIе йолчу интернет агIонна тIехь зорбане а девлира.

Ша Саркозис, кхеташ ма-хиллара, уьш харцкехаташ ду аьлла дIахьедар дира. И гIуллакх толлучу хенахь францхойн Iедалхойн кадаьллера кхечу мехалчу ахчанца хиллачу бозбуанчаллийн ларлаца – Францехь ехачу миллиардхочун Бетанкур Лилианца доьзна долчу. Массийтаза шеконе лаьцна яра и къаналла Алцгеймер лазар долуш йолу тароне зуда низамца доцуш Саркозина ахчанаш делла бохучуннна, амма я иза а, я Саркози а бехке хилар тIечIагдан тоьшаллаш ца карадора талламхошна.

Ткъа и тоьшаллаш хIинца церан каракхаьчна, Саркозис телефонехула динчу кхамелашка ладогIар бахьана долуш.

И дерриге а вуно цецвоккхуш хIума хетало Малхбузера кхелан йозуш ца хилар ца евзачаьрна. Карарчу хенахь Нохчийчохь дIайоьдуш йолчу уггаре а гIовгIане кхелан – Кутаев Русланна тIехь йеш йолчун, - терго йича го, оьрсийн кхелан, талламийн а, йоллу нийсо а, низам а лардаран система Iедалах я Iедалан векалех йозуш хилар.

Иштта кхиинчу пачхьалкхашкахь цхьа а кхета йиш йоцуш дара Оьрсийчоьнан хьалхарчу президента Ельцин Бориса шегара дарж Путин Владимире дIадалар а, цкъа хьалха а шена а, шен доьзална а керлачу Iедалло цхьа а зе-зулам дийр дац, я Iедалан ницкъаца шайн леламаш толлур а бац бохучунна гарантеш а яьхна. Иштта дара шен президенталлин ши хан чекхяьллачул тIаьхьа Путин Владимирс шегара гIант цхьана ханна Медведев Дмитрийга далар а.

Венерчу Малхбален Европин талламийн институтан Iилман белхахо волчу Чапханов Русланна хетарехь, дустийла дац Европера а, Оьрсичуьра а лакхарчу Iедалхошна тIаьхьа халкъо а, Iедалан аппарато тидам латторан системаш.

Чапханов Руслан: „И Саркози лацар санна долу хIум а кху Европерчу пачхьалкхашкахь цецвала оьшуш хIума дац. И саннарг дуьххьара хилла а дац, тIаьххьара а дац. Оьрсийчоь а, Нохчийчоь а цу хIуманна тIехь цхьа бIе шарана тIаьхьайисина ю кхечу пачхьалкхашкел а. Цхьа зама а еана, и система хIотта ма е-ззара а дIа хIоьттина, хийцамаш хилча, хила там бу цигахь а иштта.

Министр велахь а, президент велахь а – уьш менеджерш бу. И бохург хIун ду? Уьш халкъо шайн хьашташ кхочушдан дIахIиттийна нах бу, ахча а луш, ясакхш луш. И кхетам нахехь хилчхьана хийцалур ду цигара хьал а. Ткъа схьагучу суртаца иза кесталгIа хир долуш дац“.

Дера, мас-маликаш ма дац Малхбузера Iедалхой а, хьукматхой а, хьаькмаш а. Цигахь а нисло президенташа а, министраша а шайга кхаьчначу даржех шаьшна са йеш а, низамца ца догIург лелорехь цу даржах пайда оьцуш а. Амма цигахь, мел кIезга, аьтто бу и тайпа нах кхелехула жоьпе озон.

Масала, ворхI шарана хан тоьхна чу воллира Израилан президент хилла волу Моше Кацав. Францин президент хиллачу Ширак Жакна ши шо арахь яккха хан туьхира 2011 -чу шарахь. Ткъа Германин президент хилла волу Волф Кристиан шен даржах вуьйхира, цунна дуьхьал бехкталламан гIуллакх схьа а доьллуш, 700 еврона мах болу совгIат шен цхьана доттIагIера цуо схьаэцна хилла бохучу бахьанийца.

XS
SM
MD
LG