ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Чурт санна лаьтта со"... Европан гIалахь


Цхьалхаллин васт - гила борз
Цхьалхаллин васт - гила борз

«ГΙум-Азин арахь, чурт санна, Тянь-Шанан лаьмнашка гΙийла бΙаьрг бетташ», цхьана заманахь, къам махках даьккхинчу шерашкахь, цхьана дийнахь, ГΙиргΙазойн махкахь ойлане ваьлла лаьттина нохчийн поэт Гадаев Мохьмад-Салахь санна лаьттара иза, Гадаевн цкъурал тΙаьхьа кху дуьнентΙе бала хьега хьалакхиинчу нохчийн цкъуран векал, Европан дог ларалучу Прагехь, цуьнан зевне Вацлаван ураммий, Прикоп олу майдий цхьаьнакхетачохь...




Юххера, туристашна сувенираш юхкучу туьканчуьра, гΙараяьккхина лоькхуш хезара, кхузахь, логикехь ойла йича, цкъа а хезийла а доцу зевне пондар, нохчийн пондар.

Муха йоьжна туьканхойн тидаме Сатабаев Денис вуно товш лоькху, амма дуьненан кхечу маьΙΙехь, Европехь, цо воьду-вогΙучун лерг делош хиларх теша а атта доцу нохчийн йиш? И хаттар хьаьвзира Ризванан коьрте.

Ризван, цо ша шех ма-аллара, Нохчийчохь яхь йолу къонахий кхачийча, хьаннашкарчу Кавказ-Имарато къоман маршонан некъ джихIаде берзийча, Имаратах а, Кадыров Рамзанах а ведда, мухIажир ваьлла стаг ву.

Юьхьанца цхьа Ιаламат доккха хазахетар а, цецвалар а иккхира шен дагчу нохчийн пондар дийнан делккъехь Прагин майданахь хезча, бIонашкахь дΙасалелачу нахаца шен кийрахь цIеххьашха гΙаьттина доза доцу синхьаам бекъа, нохчийн маттахь мохь тоха дог хиллера шен, бохура Ризвана.

Амма богΙ- богΙуш, меттабогΙу корта: хьох ваций Декъастанахь-Нохчийчохь, мила ву кхузахь хьох а, хьан къоман мукъамах а цецвала? – аьлла кхо ша-шега. ТIаккха, эхь-бехк а ца лоьруш, бΙаьрхиш дуьйделла леша. Коьрте хьийза даьлла Ризванна даханарг, дайнарг, могΙаршкахь чекхбийла боьлла цуьнан иэсан бΙаргаш чухула сенханлера хьумаршаш - бΙеннаш доттагΙий, бевзинарш, безнарш.

Ιан а ца лой, Сатабаевн пондарх нехан а, шен а садакхон леринарг мила ву хьажа воьду Ризван. Цхьа африкахо вара, боху, шен базар еш Iаьччохь, нохчийн йиш компьютерехула хазийтинарг . Иштта дΙа, хаз а елла, йиллинера ша и йиш ладогIа, шена-м ца хаьа и хьена ю а, амма хаза-м хета шена и, аьлла Африкера веана, Прагехь туьканахь белх бечу жимчу стага.

Ризванан дийцар тоххара дицлойла дара, иштта масал Маршо Радиона а дуьхьал ца даьллехь. Ларамза, белхан некъ дIакхоьхьуш, кхин а цхьа Сатабаевн фанат карийна Маршо Радиона Чехин коьртачу шахьарахь.

Элеонора – оьрси ю. Ткъеха шо хьалха советан юкъаралла йоьхча хиллачу адамийн дамар-дарцо Европе кхачийначех цхьаъ ю иза. Цо ша дуьйцу, шен хΙун бала бу пондарчин Сатабаев Денин кхоллараллин а, нохчийн эшарийн а, оцу къоман а.

Элеонора: « Сатабаев Дений? Ала дуьззина дешнаш а ца тоьаш хазахета. Дозалла а, оцу къомана динчу зенах дагахьбаллам а, даймахкехьа дог гΙертар а... Со Казахстанера ю, сан накъосташлахь дуккха а нохчий а бара. ХΙара аьлла, эшаран цΙе яккха а ца хаьа суна, иштта мукъам бу-кх цуьнан..... Корта хьовзош музыка ю. Исбаьхьалла заманаш хьалха дуьйна а гайтина ю музыкехь. Амма Денис пондарх дийриг, мел керла хΙума ду иза, мел дика гойту цо къоман амал! Нохчашна тайна юьсу эшарш а яц уьш – массарна а товш ю».

Сатабаевн пондар Маршо Радионо Элеонорица хьехабе де Оьрсийчохь советийн Ιедало репрессешкахь хΙаллакбина нах дагалоцучу денца цхьаьнадеъна нисделллера.

Дагалецамаша ойланаш мустйо оцу дийнахь муьлххачу а нохчочун. Амма иштта оцу дийно, къаьсттина нохчаша лайна бала дага а богIий, оцу къоман къина боьлху нах Кавказна генарчу Европехь нисбелча, тамашена хета.

«Бакъо юй те цкъачунна Оьрсийчоьнан, аьлча а, Кремлан, ша бехке яц Сталин-паччахьа хΙетахь леллийначунна, цо нах Ιазапехь бахкийна хилар ша емалдо, бохуш, дагалецамийн барамаш махкахь хΙиттон?

Ткъа керлачу исторехь, кху ткъеха шарахь, бΙе эзарнашкахь хΙаллакбина нах хьенан бехканна белла, баьгна, кешнаш а доцуш байна? Церан къа хьан дагалоцур ду? Цкъачунна Оьрсийчуьра Ιедал, ша латточу репрессийн барамашца Сталинан Ιедална тΙаьхьакхиаза делахь а, цул дукха оьшуш а дац», - бохура репрессеш лайна нах дагалоцучу дийнан гуламехь Москох ХΙелсинкин тобан Оьрсийчуьрчу куьйгалхочо Алексеева Людмилас.

Оцу къамелан лорах зIенехула Маршо Радионо а дира цуьнца къамел. Дуьненна а евзачу бакъоларъярхочо иштта дийцира, тахана Оьрсийчохь адамийн бакъонашца лаьтта хьал шена муха го довзуьйтуш.

Алексеева: «37-гΙа шо юхадеана аьлча, и тΙех хир ду. Амма оцу агΙор гΙулчаш яхар – массо а махкаллин бакъонаш нахера дΙаяхар, кхерам царна чубоссор, дехка мел тарлуш дерг дехкар – иза дерриг а Ιедалехь долуш ду. Гуламаш дΙабахьар доьхкучу кхачар а, уьш Ιедална товш бацахь, Ιедалх йоцчу юкъараллашна дуьхьал даьккхина низам а, эладитанах, пачхьалкхан къайленах а, пачхьалкхана ямарло ярах долу а низамаш. Бакъду, уьш репрессеш ен низамаш ду. Вуно чΙогΙа ледара а, дуьнено а тΙеэцна долчу низамашна дуьхьалдовлуш а ду уьш. Лаам хилча, хьанна а таΙзар дан аьтто беш. Оцу маьΙанехь аьлча, зама тар а елла Сталинан заманех. Цу тΙе пачхьалкхан дума а, Ιедал а дΙагΙерташ хилар а хаало».

ХIун зIе ю Оьрсийчохь адамийн бакъонашца йолчу проблемашний, Сатабаев Денин пондар Прагехь бекарций, хаттар хIoттало кхузахь.

Ткъа Европехь нохчийн пондар хазар-м ду шен символ йолуш хΙума, Прагехь вехачу Ризванна хетарехь.

ХIетахь тхан хиллачу къамелехь Ризвана бохура, «хуьлда иза Москох, я Оьрсийчоьнан кхечу хΙучΙичΙаьллахь. Дел тахана кавказхочо шен хелхар, лакхал оьрсийн лерсинна товш йоцу йиш, хьовзадел нускал, чΙижаргΙел кхин кхераме а йоцу тапча а кхуссуш! Дерриг а санна, Москохара газет, телевизион, агенталлаш ю и тайпа хиламаш даккхийчу зуламийн могΙара а бехкина, ерриг а Оьрсийчухула кавказхой гезбохуш, уьш дуьненна а къахьбеш хьийзаш. Олий цаьрга цхьаммо, хуьлда иза президент я парламент, собарде, аш хΙун до, иштта дуьненах самукъадолуш, сапаргΙат нах ма бу кавказхой, вайна хΙун новкъа ду церан хелхарш, эшарш, ловзарш?

Хезаш дац ишттаниг халкъашна цхьана а воккхачу хьаькамера. Ксенофоби, оьрсех боцурш оьрсашна къахьбар, вуьйш оьрсех къехкор – хила дезаш санна дΙахΙоьттина хьал ду, бохучух тешна ву мухIажир Ризван.

Алексеева Людмилас дуьйццург дийцира Маршо Радионе кхечу гоьваьллачу бакъоларъярхочо, «Мемориал»-юкъарлонан куьйгалхочо Черкасов Александра. Цунна а хета тахана Оьрсийчуьра Ιедал шен хатΙца цкъа а ца хиллачу кепара гергадахана Сталинан Ιедална аьлла.

Черкасов: «Шо хьалха хьанна моьттура цхьана агΙор адамийн протестан болам а лелаш, вукху агΙор иза бижош йолу низамийн база Ιедало кхуллур ю?..».

Оцу юккъехула Европехь африкахочун я бухарчу чехе я, децΙа гат а делла, кхузахь яха тΙееъначу казахстанхочун ша лоькхучу нохчийн пондаре безам бохуьйтуш волчу Сатабаев Денин ницкъ бу барам буьстина ца валлал беза-боккха.

Оццул мехала таро ю оцу жимчу нохчийн къонахчуьнгахь.

Оьрсийчохь репрессеша хΙалакбинарш дагалоцучу деношкахь кхин цхьа барам а бара Чехин шахьарахь Прагехь. Нохчаша тΙаьххьарчу ткъа шарахь лайна а, ловш а болу баланаш балхабеш, ша хΙинцца кхузахь, чехийн маттахь арахецна «Серноводскера зударий-берзалой» цΙе йолу жайна довзуьйтуш яра Швейцарерчу Базель-гΙалара еъна яздархо Брежна Ирена.

Цо шен жайни тΙехь дагалоьцу Нохчийчохь шозза а тΙемаш буьйлалуш шена нохчийн-гΙалгΙайн дозанерчу Серноводскехь оьрсийн эскаршкара йийлина къизалла гар а, цара хΙоттийначу жоьжахатΙех меттигера зударий къонахаллийца чекхбийлар а.

Оьрсийчоьно а, цунна тΙаьххье кхечу дуккхаъчу пачхьалкхаша а хьолана тоьлла лаьттачу мехкийн могΙара йиллинчу Нохчийчоьнан, ма-дарра аьлча, цигарчу бахархошна шайнна бисина гΙайгΙанаш ахь тахана стенна карлабоху хьайн жайни тΙехь аьлла, хаьттича, Брежна Иренас элира, тахана Сталинан репрессеш а хьехош, нохчашна тΙехь еш гΙелонаш йоцуш санна кепаш хΙиттайо дуккхаъчара кху деношкахь а. Шен кхочучу ницкъаца ша иза дуьненан тергонера ца дерриг дина – жайна арахецна, элира немцойн яздархочо, нохчийн маттахь маршалла а хоттуш.


Брежна Иренин "Серноводскера берзалой-зударий" жайнан мужалт, архецна Прагехь 2012 шеран ГIадужу-баттахь.
Брежна Иренин "Серноводскера берзалой-зударий" жайнан мужалт, архецна Прагехь 2012 шеран ГIадужу-баттахь.
Брежна: « Марша вогIийла! Суна сайн бIаьргашца дайна Нохчичохь шина колониалан тIамехь лелларг. Сталинан репрессеш а юйцуш, иза хаьха а цадар ас кхетош дац. Оьрсийн юкъаралла Iинчу йоьдуш ю, нах а бойъуш, динчу инзаречу зуламийн декъахь ша хилар а ца кхетош».

Тептаран хьалхарчу декъехь ша дуьххьара Нохчийчу яр а, цигахь ша инзаръяккхина нохчийн амал а йойвзуьйту Брежна Иренас юхьанца немцойн а, хΙинца чехийн а маттанашкахь арадаьккхинчу жайни тΙехь. ХΙун дара нохчаша ша цецъяккхинарг иштта дуьйцу цо.

Брежна: «Со 96-чу шеран чиллан-бутт бовш кхечира Сипсу-ГIала. Тхо Соьлж-ГIала кхача дагахь дара. Амма Нохчийчоьнан малхбузенна тIеетташ бомбанаш яра, Серноводскана тIе. Тхо цигарчу боккха некъа тIехь лаьттара, Серноводсканий, Сипсу-ГIалиний юккъехь. Еттачу бомбанашка а хьоьжуш. Тхо юьрта ца дитара.

ТIаьхьо магийра зударшна массех сохьтана бедарш схьаэца баха. Зударшкара йовлакх а даьккхина, иза а тиллина, хьехархо йолучуха со а яхара Серноводске. Цигахь гира суна, бомбанаша йохийна юьрт муха хуьлу. ХIетахь йира ас сайн дуьххьара репортаж а. Сан кинжкин цIе ю «Серноводскера зударий-берзалой». ТIамехь сайна зударий муха байна дуьйцу ас».

Брежна Ирена цхьа шога хьажар а карийна ца йирзира шен цIа тΙемаш лаьттачу махкара хΙетахь. Цхьана а гΙагΙано къовлуш а доцу адамалла карзахдолу Швейцарера еъначу журналистан кийрахь. Цуьнан безам боьду маршо къуьйсучу новкъахь шена къонахалла а, доьналла а дайначу къоме.

Брежна: «Доьазза хан яьхьна ас Нохчийчохь. Шозза – хьалхарчу тIамехь, шозза - Ичкери йолуш. Оцу массо а заманахь йозанаш а дина. Со даима ю нохчийн бакъоларъярхошца-зударшца зIенехь. Сох а хилла оцу къоман дакъа.

Ткъа мел майра, мел оьзда ду и къам! Со и тайпа адамаш ду аьлча а тешар яцара сайна ца дайнехьара. Зударий бу къонахий санна, хьаша-да лоруш, вуно хаза. Ца яханера со цига тIеман дараш дийца, со халкъо латточу дуьхьалонах дийца яхана яра».

Хийла нохчочунна хΙинцале дицделла хΙуманаш цΙийх доьлла Иренин. ХΙинца цхьа наггахь бен а воцчу европахочун бала а боцуш, шайн гΙайгΙанашца шаьш бисинчу нохчашца ю цуьнан син уьйраш. Цо дозаллийца дуьйцу оцу шен зΙенех лаьцна а.

Брежна: Ас юьтур яц и тема. Наха суна баркалла олу. Оццу нохчашкара Iаьмна суна сайна динчу диканна дуьхьал баркалла ала а. Халахета суна дуьнено нохчаша хьоьгу бала бицбина. Моссаза хилла со и тема йита дагахь. Хьанна оьшу юьзина ехачу Швейцарехь сан дийцарш. Мила кхетар ву? Делахь а дита ца ло, яздо-кха кхидIа а.

Даго са огу, ахь кIезиг пайда беъна оцу къоманна, бохуш. Политика а, дуьненан юкъаралла а херъелла нохчийн хьолах….Сайна цхьаьнхьа нохчийн мотт хеззашехь, Хьо нохчо вуй, юй, хотту ас. Суна дукха пайда беъна нохчаша. Цара дикане сатийса, къонахаллина тIегIерта а марзйина со. Суна чIогIа дукхадеза и къам. Со кхета цунах. Дуьне даьккхина бу сан доттагIий-нохчий. Иза кIорга гергарло ду, валар-висар тIехь кхолладелла. Дика-м дара диканехь девзина хилча. Со-м хIинца а ю тIамера юхаерзанза».

Оьрсийчоьнан информацин гIирсаша Советан заманахь репрессеша дакъазбаьхна нах хьахочу кхушеран дийнахь, ГIадужу-беттан 30-чохь, цхьа геннара хьахийна битира нохчий. Дагалецамашкахь дацара я вайнах махках бохийна I994 шо а, я кху заманца лелла а, лелаш а йолу репрессеш а.

Амма иза дац дуьненна хIумма а ца хаьа нохчашна тIехь яллочу къизаллах бохург. Дуккха а бу Европехь, политикашлахь ишттанаш кIезиг хиларх, вайнехан къина билхина могIархой. Къаьсттина дукха бу полякашлахь, немцошлахь, Скандинаверчу къаьмнашлахь.

Украинехь дика вевзачех ву поэт Драч Иван. Маршо Радионо шега Киеве телефон а тоьхна дехарх а воккхавеш, йовзийтира цо ша оьрсийн эскарша нохчий цIий Iоврашкахь Iеночу муьрехь яьккхина байт.

Шен байт нохчашна дIахазор елахь, кхин а дош ала а лаьа шена цаьрга, бохура телефонехула Драч Ивана. Иштта дара и дешнаш.

Драч: « Муха а, хΙуъа а хуьлуш делахь а, нохчий оьгур бац. Веккъа цхьа нохчо бен дуьнентΙехь ца висахь а, массарна хууш хир ду и сийлахь, турпал къам дуйла, маршо къуьйсучу кхечу къаьмнашна масал дуйла».

Наггахь нохчочунна а ца вевзачех хила тарло хIара украинахо а – поэт Павличко Дмитро. Маршо Радион Прагерчу Украинан сервисе иза веъанчуьра, дийхира оха цуьнга, нохчий украинахошна хьалхара тIемаш а беш, Оьрсийн империн огIазалла шена тIехь ловш, эгаш къам ду бохучу маьIнехь, «Вайна хьалхара» аьлла цIе а тиллина, кинжка арахецначу цуьнга шен лаамехь цхьа байт ешар. Цуьнан байтан маьIна паргIатчу кепехь довзийтича иштта ду.

Юха а Москох ю хьийзош
Шен мехкан дуьхьа гIаьттина халкъ,
Юха а бакъдолчух тилла, гIагIанах хьерчарш
Нохчочо тIеоьцу тIамца.

Ши корта болчу аьрзуно шина къамкъаргаца
Муьйлу нохчийн бIаьрхишца ийна цIий,
Ткъа вай-м Iа дIатийна, леш санна,
Вайх селхана мукъаевллачу гIоьмех а кхоьруш.

Иза харц кхетаман амал ю,
Хетаршца эделла доцург,
Ткъа кхочур ма ву эхь доцу москаль,
Нохчийчоь ша хьаьшча, вай гора эгон а.

ЦIийла хьарчина веха Пхьармат,
Ахь Парижерчу гIоне са ма тийса,
ВагIахь, вогIур хьуна УНСОра къонах,
Шен канашкахь хин къурд а бахьаш.

Ткъа Европа, и къена гужам,
Шен геналлера Iийр ю гежаш,
ЦIийх Соьлжа а,
Мел долу Iаьрчаш а дуззалц.

Яххьаш цо лечкъор ю гуьлмаьндех,
Йогу цIе къеганал кхераме яц бохуш.
Кхочур ву эхь доцу москаль
Париже а, Нохчийчоь яккхича ваьлча.

Цигахь цIе йогу, вогуш ву Пхьармат,
Адамаш, хьовсийша, чалтачаш ца гойла-х даций,
Ас мохь бетта, ткъа адамаш дац гуш,
Гуш ду дуьзина гайнаш.

Дикка зама яьлла нохчашна шайн пачхьалкхахь, Оьрсийчохь, шайх лаьцна хаамийн гΙирсашкахь, нехан къамелашкахь довха дешнаш ца хеза. Амма оцу хьолах цкъа а дулийла дац ша схьаэцча - адам, къам-м - муххале а. Оцо хенан йохалла баккъала а ша цхьа заьΙап ву моьттуьйта мел могуш, кхетамчохь волчунна а. Оццу тΙе даладо дерриг а къам.

Мехала ду тΙеман хьунаш йирзина а, я маьршша даха тахана а аьтто боцуш хьийзачу нохчийн къомана дуьненан кхечу маьΙΙехь а шех кхеташ, шех дог лозуш нах буйла хаар.

Цундела хилла хир ду-кх Ризване, Прагерчу мухΙажире, Сатабаев Денин пондар ша лелачу, Декъастана генарчу гΙалахь хазарх хазахетар совдалар а, цуьнга ца хоьттуш цуьнан бΙаьргех хиш лешар а.

Пекъар ма дуй цхьалха са - тΙетовжа кхин синош а доцуш...
XS
SM
MD
LG