ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Сатийсам ца бов, амма леш ду адамаш". Нохчийн лаамхочо дуьйцу Украина Iалашйарх а, Ичкерихь хиллачу тIамах а


Андерсон Микаэль
Андерсон Микаэль

Курскан кIоштара Украинан ТIеман ницкъаш аратаса хьийзачу йукъанна Оьрсийчоьнан эскар Харьковн кIошта гIерташ ду. Оцу регионехь денна бохург санна тIелетарш до дронашца а, ракетийн тохаршца а. Оьрсийчоьнан эскарна хьалхатетталучу хенахь дуьхьало йо ишта Нохчийн Ичкерия Республикан леррина декхарш кхочушдечу Къаьстинчу батальоно (ОБОН ВС ЧРИ). Шен белхан башхаллех, Ичкерин хиллачух, хиндолчух, иштта малхбузен пачхьалкхаша нохчашна бехкаш дахкарх а дийцира Кавказ.Реалии сайтан корреспондентана оцу декъан пресс-секретаро Андерсон Микаэла.

Андерсон Микаэлан 38 шо ду, Нохчийчохь вина а, кхиъна а ву иза. 2005-чу шарера схьа дуьйна федералан эскаршна дуьхьал шолгIачу тIамехь дакъалаьцна ву иза. 2009-чу шарахь Норвеги дIавахара иза. 2022-чу шеран зазадокху-баттахь, буьззинчу барамехь тIом болийча, тIамтIе ваха сацам бира цо, Украинера нохчийн батальонах дIа а кхеташ.

– Хууш ду, ОБОН Украинан эскаран Интернационалан легионна йукъа йахарх. ХIинца муьлхачу форматехь ду и дакъа?

– Тхан бина барт бу, Ичкерин суверенитетехьа болчу наха Украинехь тIом бан гунахь долу шайн эскар вовшахутуш, массо а дакъош йукъахь а долуш – шайн дисциплина йолуш, дика Iамийна. ХIинца вовшахтухуш йу артиллери, пехота, леррина тобанаш, авиаци – йуьйцурш дронаш йу. ТIейогIучу заманчохь тхан Iалашо йу тхешан армина йуьззина авиаци кхолла, тIеман кеманаш. Геннара Iалашонаш леца йеза. Артиллерих тхоьгахь цкъачунна минометаш бен йац.

ХIора тIеман операцина кечам бо оха- мел а тера йогIу сценарий хIоттайо.

ХӀордехула десант ховша Iема тхо, хин дуьхьалонаш йаха а Ӏемира тхо. Иштта дронаш карайерзош ду тхо, тIеман керла герз и долуш санна. ХӀинца кхузахь, Украинехь а, хьалха Нохчийчохь а тӀеман башхалла стенца йу бохуш, хоьтту соьга кест-кеста. И ду хьуна йуккъерчу бӀешерашкара мушкет лакхарчу технологийн герзаца йустар санна.

– Муха билгалйоккху аша, шаьш болх бен йолу тIеман агIо?

– Украинхойн тIемалошкара дехар кхочу тхоьга цхьана декъахь шайна гIо оьшура олий. Нагахь санна, мукъа нах хуьлий, уьш цига хьовсабо оха. Дукха хьолахь талламан-диверсин болх бо оха, йа позицешкара йаьса меттигаш дIайуза доьлху, цигахь нах тоьаш бацахь. Леррина операцеш дIахьош йелахь дуккха а нах оьшу- масала, талламе виъ стаг вахийтина, хIаваэхула меттигаш зиэн йиш йу. Амма цкъацкъа ткъа стаг оьшуш тIеман Iалашонаш кхочушйан йезаш меттигаш а нисло.

– Билггал шаьш тIемаш бина меттигаш масалшца йийца аьтто буй хьан?
– Белгородера операцихь дакъалаьцна оха. Сира зона олучу меттиге хьовсийнера тхо, цигахь кIира даьккхира оха, и меттиг тхешан карахь латтош. Стохка гIуран-баттахь оха ларйира Часовой Яр (Украинан Донецкан кIошт.- Билгалдаккхар) олу гIали чувоьдийла

1990-чу шерашкахь дуьнено букъ тоьхнера тхуна. Ткъа хIинца хоьтту: "Нохчийчоь маца гIоттур йолуш йу?"

Стигалкъекъа-бутт бовш Часовой-Ярехь цхьанна а ваха луучу кӀошта чудахара тхо. "Шаьш шайна тоьхна" даллал кхераме позицеш йара уьш. Шишша бӀе метр йукъ гучуйелира контактан лини тӀехь, цхьаммо а латтош йацара иза Украинан агӀор. ХӀетахь оьрсашна хууш дацара тхайнаш цигахь боций, и хиънехь цигахула чекхлелхар бара уьш. Цигахь кхозуш дронаш йара, цхьа хӀума хезара хаддаза лелаш, гӀовгӀа йеш, хууш дацара уьш хьенан дронаш йу а.

Тхоьга хоьтту: "И кхузткъа чакхарма окопаш йаьхна йац, цигахь лаьттийла дуй шун?" Ас элира, дог реза цига гIур долуш ду тхо дала, амма и меттиг тхоьга латталур йац, мел дукха нах цига бахийтахь а. ХIетте а картица къастийна, цхьацца меттигаш билгалйехира оха, мелхо а и меттиг дIа а лаьцна, и зона тхешан контролехь латтон.

Оцу дийнахь тхуна тIе кхоьсира дронаш тIера йалх граната. Тхан цхьа накъовст вийра, масех лазийра, амма тхо къар ца делира, и дIалаьцна меттиг Iалашйира оха.

– Орсийчоьнан бахархой йийсаре ийцирий аш?

– Херсонан агIор тIом хиллачул тIаьхьа танкхо нисвеллера тхан карахь. Йохийначу танк чуьра хьалавала аьтто ца баьллера цуьнан, тIаккха каравеанера иза. Украинхошка дIавелира оха иза, ткъа цуьнан тапча тхайга схьаийцира.

Кхо бутт хьалха Харьковн агӀор йийсаре лаьцнера ГРУ-н белхахо (Оьрсийчоьнан тӀеман ницкъийн инарлин штабан коьрта урхалла - Билгалдаккхар). Волчанскана гергахь хиндолчу тIелетарх цо информаци йалар бахьана долуш, Украинан къайлахчу сервисийн белхахоша болх бира цу курсана хьалха. И операци бахьана долуш Украинан Коьртачу къайлахчу сервисан куьйгалхочо Буданов Кирилла совгӀат дира Шишани Ӏабдул Хьакиман (Ажиев Рустам) тобанера виъ тӀемалочунна, батальоне а веара иза. Цунах лаьцна цхьанхьа а йаздина дацара.

– Цундела оьшуш ву батальонехь пресс-секретарь?

– Оха лелочу 99% гIуллакхех лаьцна цхьаммо а дIайаздеш а дац, цхьанна а коьрте ца догIу и. Йухадаьхкича ойла йо-кх ахь, операци видео тIе дIайазйан йезаш хиллера, масала, историна дIайилла олий. ХIинца батальонехь и болх бан волавелла со.

ТIеман Iалашо- тIом бац

– Курскан кIоштара дозана чубахкарх лаьцна "Ахмат" спецназан командиро Алаудинов Аптис йина комментареш муха хийтира хьуна? Доккхачу декъана йуьхьанца цкъа дIахьедира цо, ВСУ кадыровхошна генахула тIехбевлла дIабахнера, цундела тIом ца болийнера шаьш аьлла. Йуха бохура, шен декъо сацийна йу Украина.

– Уьш (кадыровхой) корматалла йолуш бац, церан йа лартIахь мотиваци а ца хуьлу, дисципина а йац. Стенна оьшу царна Путинна хьалхара бала, шайн даймахкехьа а ца белла болу. Церан йоллу Iалашо – бахам гулбар. ТIамтIехь со царех Iоттавелла вац, ткъа "Ахмат" батальонехь дуккха а нах бу Нохчийчуьра боцу.

– Шайн лаамехь доцуш, Оьрсийчоьнехьа тIемаш бан бахна нохчий йемал бой ахь?

– Сан дог лозу адамех, доьзална тIехь ницкъбийр бу бохуш, кхерамаш туьйсуш цига бахийтинчу. Амма бакъду, цхьаъ дуьхьал ваьлла а ца Iаш, шайн командирана дуьхьал ткъа стага герз айдахь, тIаккха нохчий бертаза тIамтIе хьийсор бацара.

– Иштта делахь, хIун аьлла жоп лур дара ахь украинхойн журналисто Карпенко Дмитрийс йийсаре лецначу нохчашкара бехкаш дохуш аьллачунна жоп луш? Цо бехкебира махкара бахархой, цара Кремльца а, цо хIоттийначуьнца а къийсам ца латторна.

– Суна гина йац и передача, сайн дог дохо ца лиира суна. 20 шо сов хан йу Нохчийчоь дIалаьцна. Иза а Украинан гIо доцуш ца хилира, оцу заманчохь Оьрсийчоь цуьнца йукъарло лелош йара. Амма оха бехке ца йо Украина.

2022-чу шарахь украинхой оьхура суна тIе, нохчий террорхой бу бохуш, тоххара Оьрсийчоьнан нохчех лаьцна лелочу пропагандина тIетайна дара шаьш бохуш. Тхо шайна девзича, дог-ойла хийцира шаьш бохура. Ткъа "нохчий йоллехь бу" бохуш волу Карпенко,- цуьнан гIуллакх дац тхоьга и дийца. 1990-чу шерашкахь тхо цIелахь керчачу хенахь, массо а Оьрсийчоьнехьа вара. Дуьнено а цхьана букъ тоьхнера тхуна. Ткъа хIинца хоьтту:"Маца гIоттур йолуш йу Нохчийчоь?". Амма халкъо хоттур ду – стенна? Тхох йуха а кхо бIе эзар стаг хIаллаквайтий? ТIаккха дуьнено йуха а эр дара, Оьрсийчоьнан чоьхьара гIуллакх ду и.

Украино къобалдина Нохчийчоь дӀалаьцна мохк хилар, амма кху дуьнентӀера цхьа а пачхьалкх цунна тӀаьхьа ца хIоьттина. Балтикан пачхьалкхаша а, Польшано а цунна гӀортор йича, логикехь хир дара.

Амма тхо оцу бакъдолчунна тӀехь деха: тхо цхьаъ дан гӀерта, оха къийсам латтабо, дегайовхо латтайо, амма тхан адамаш дойу. Стен дуьхьа? ТӀеман Ӏалашо - тӀом бац. Иза суверенитете боьдучу новкъахь дӀахьон политика йу. Дуьнено тхоьгара цхьаъ доьху, амма цунна дуьхьал хӀумма а ца кховдадо.

Андерсон Микаэль ву ОБОН-н дакъошкара тIемалошца
Андерсон Микаэль ву ОБОН-н дакъошкара тIемалошца

Умаровн гIоьнча

– Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу хенахь хIун лелош вара хьо?

– 2005-чу шарера 2009-чу шаре гергга герз карахь Ичкерин тIеман ницкъашца вара со. Йуьхьанца могIарера гIаттамхо вара, ткъа 2006-чу шарахь, Басаев Шемал вийначул тIаьхьа, цуьнан ноутбук чуьра информаци йухаметтахIоттон волавелира со. Компьютер къевлина йара паролашца, амма сан аьтто белира. ТIаккха Умаров Доккас (гIаттамхойн буьйранча, Москвахь хиллачу масех терактах жоьпалла шена тIелецира цо.- Билгалдаккхар) ша волчу дIавигира со. Цуьнан хадархошца вара со, компьютеран операторан болх а беш.

– Норвеги дехьаваьллачул тIаьхьа хIун лелош вара хьо?

–Политикаца воцуш со цкъа а хилла вац. Норвеги ма кхоччура, Ичкерин агIончийн йукъаралла карийра суна, йукъараллин болх бора ас цигахь, пикеташ хIиттайора ас Путинна а, Кадыровна а люстраци йайта.

Андерсон Микаэль
Андерсон Микаэль

– Дозанал арахьа легализацица проблемаш йарий хьан?

– ТховкӀело йоьхучу хенахь ас дийцира Оьрсийчоьнца тӀом бина хиларх лаьцна. Хьаькамаша хаьттира соьга герз мичара даьллера хьуна аьлла. Ас ма-дарра жоп делира, оха тӀамехь оьрсашкара схьадоккхура, цхьадерг оццу оьрсашкара оьцура аьлла. Ас иштта дийцира, оха цхьана хенахь Оьрсийчоьнан Ми-8 вертолет чудаийтарх лаьцна а. Ах шо даьлча, абсурде жоп кхечира суна, тховкIело йала дуьхьало йеш. Цу тIехь йаздинера "маьрша лелаш долу тӀеман кема чудожийна" хилла аша, ишта "герз духкучу нахана йукъахь а хилла" аьлла.

Со цаьрца къовсавелира, мухӀажарийн статус а, цул тӀаьхьа шайн пачхьалкхан паспорт а делира суна цара. Оьрсийчоьно кехат даийтинера, Норвегин Iедалхошка со дIавоьхуш, амма суна экстрадици ца йира.

– Хьуна хетарехь, Норвегихь берш кхеташ буй тахана Нохчийчохь долчух а, хиллачух а, шу Украинехьа тIом беш стенна ду а?

– Цхьацца дискуссешкахь дакъалаьцна ву со, радиохь а хилира со. Норгийн эксперташкара хезна суна, Нохчийчоь а, Кадыров а Путинан – агIончаш бу бохуш. Со цецвуьйлура: "Путинехьа а йолуш, Нохчийчоь шен суверенитет йолуш мохк болуш санна дуьйцу аша. " Тхо маьрша мохк бу алий, дIакхайкхадахьара аьлла дехча, аша олура шу – Оьрсийчоьнан цхьа дакъа ду. Ткъа хIинца Нохчийчоь цхьа шакъаьстина пачхьалкх йолуш санна къамел до аша".

– Ичкери маьршайаккха Iалашонца цуьнан эскар йуха кхолларх къамелаш до аша. Мила гIур ву? Хьаьнца?

– ХIаъ, хIара боккху некъ бу, цхьана хIумана тIера боло безаш болу. Марш а йеш Соьлжа-ГIала чу гIойла дац тхан тахана. Амма тхайн бух боьттина, кхин дIа хиндолчьунга хьежа йиш йу тхан.

***

Карарчу хенахь Украинин эскаран агӀор тӀом беш нохчийн йалх дакъа хилар хууш ду: царна йукъахь йу шакъаьстина лерринчу Ӏалашонан батальон – ОБОН ВС ЧРИ а. Украинера нохчийн тӀемалой кечлуш бу, къаьстинчу батальонийн баххаш тӀе а тевжаш, йозуш йоцчу Ичкерин жигара эскар кхолла. Цо къийсам латтор бу Нохчийчоь Оьрсийчоьнах дIакъастош.

  • Биъ бутт баьлча Украинехь низаман проект болх бан йолалур йолуш йу. Цуьнца а догIуш, аттачу дер ду мехкан паспорт эцар пачхьалкхехьа тIемш бечу лаамхошна а цхьана. Украина Iалашйечу Нохчийчуьра бахархошна цо таро ло легализаци йан. Амма массо а вац цу инициативех тешаш.
  • 2023-чу шеран дечкен-баттахь Кавказ.Реалии сайто дийцира нохчийн лаамхойн батальонашкара тIемалойх лаьцна. Уьш бара украинхойн армигахьа тIемаш беш болу, амма Оьрсийчу дIахьийсон кхерам лаьттарш. Дукхахберш пачхьалкха баьхкинераа къайлах, цхьаболчийн Украинехь баха йелла бакъо чекхйаьллера.
  • Батальоне кхача луучарна оьшуш йу буьйранчин, йа кхечу тӀеман белхахойн рекомендациш, шайна йеххачу хенахь дуьйна и нах а, церан доьзалш а, церан кхиамаш а бевзаш бу аьлла. Цул совнаха, Украинин кхерамазаллин сервисаша массаьрца а интервьюш йо, аьшпаш къастош йолу тесташ а йо. ОБОН-ан тӀемалоша шаьш а дийцира Кавказ.Реалиин сайте шаьш муьлш ду а, стенна тӀемаш бо шаьш Украинехь а, шайна кхане муха го а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG