ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Сайга лар ца йелла иза аьлла хета суна". Доьзалера гIелонах йеддачун везаро дуьйцу гергарчара йоI лачкъорах


Кудрявцев Станислав а, Сулейманова Седа а
Кудрявцев Станислав а, Сулейманова Седа а

Марсхьокху-бутт бовш схьакарийра доьзалехь латтийначу ницкъах йедда 26 шо долу нохчийн йоI Сулейманова Седа цуьнан гергарчарна ницкъахойн гIоьнца. Питерехь цхьана петар чохь Iаш йара иза шен тIехьийзачу кIантаца Кудрявцев Станиславца. ЙоьIан доьзало пайдаийцира хьалха леллийначу кепах: цара бехкейира Сулейманова къола дарна, "низамца а догIуш", иза Нохчийчу дIайигира хеттарш дан. ХIетахь дуьйна дIабахначу шина баттахь адвокаташна а, бакъоларйархошна а, Станиславна а шоза гина йоI. Амма нохчийн омбудсменан Солтаев Мансуран хаамашкахь. Видео тIехь хьаькамо чIагIдора, Сулейманов а"дика Iаш йу", цунна "цхьа а кхерам бац" аьлла. Амма оцу ролика тIехь ша йоIа цхьа а дош ца олу. Бакъоларйархой кхоьруш бу цуьнан дахарна кхерам лаьтта бохуш.

Кудрявцев Станислава дин тIеэцна, цо дIахьедина, ша къийсам латто лерина ву шен йезачу йоIехьа, цуьнан нахаца цхьаьнакхета дагахь а ву иза, шега маре йаийта аьлла, дехар деш, и хаттар машарца дIа а дерзош.

Кавказ.Реалиин сайтана йеллачу интервьюхь Кудрявцевс дийцира, цIера йеддачу йоIаца шен гергарло муха тасаделира а, дин тIеэца шен лаам муха хилира а, ша бехке цунна хIунда хета а.

– ХIун лелош ву хьо?

– Со Питерехь кхиъна, лакхара доьшийла чекхйаьккхина аса, диплом схьа а эцна, хIеттахь балха а нисвелира со хи бухула лелачу кемана тIе. Къилбехь хилла со, Камчаткехь а, хи бухула лелачу кеманаш тIехь белхаш бина цигахь а, дуккха а хан йаьккхина аса Мурманскехь. Гидроакустика лелош ву со, техникехь аьлча, хала болх бу и. Пхеа шарахь къевлинчу кегийчу гIаланашка а лелла со. Дуккха а мехкаш цистина аса. Сайн сина хезахетарна пхьола а лелийра аса: кор-неI деш, дабагIа деш. Вуьшта, кхиндолу адамаш а санна адам ду-кх со.

–Дийцахьа, Седица гергарло муха тасаделира хьан?

– Дукха хьолахь санна – интернетехь. ДагадогIу суна, йоллу суьйре къамелаш деш дIайаьхьира оха, Iуьйранна самаваьлча со кхийтира, цуьнга катоьхна йаздан лууш вара со. ТIаьхьо хиира, изза лууш хиллера цунна а. Вовшех дукха дика кхетара тхойша. Дуьйцург хIуъа делахь а, тхошиннан йукъара долуш санна хетара. Телефон карара охьа йуьллуш йацара аса, даим а цо сайна жоп деллий хьоьжура.

– Шуьшиъ доьвзинчу йуьххьехь хьуна хаьарий Седа -нохчи йуйла?

– Йуьхьанца дуьхьал йара иза тхойшиъ гайта. Цуьнан бакъ йолу цIе хаа гIиртира со дикка, цунна цхьанакхета а хIунда ца лаьа. ТIаккха хиира суна, иза нохчи йуй а, цIера йедда, шен нахах лечкъаш иза лелий а. Цул тIаьхьа аса шега кхин дIа йаздийр дац аьлла, тешна хиллера иза. Амма со кхера ца велира. Ойла йира аса, сайн хIун хуьлу хьажа веза со аьлла. ХIинца а иштта йу сан ойла.

Цунна ца лаьара тхойшиъ цхьаьнакхета, аама аса элира, мичча а дIаван со кийча ву аьлла. Бутт баьлча элира цо, ша Питерера дIайаха йеза аьлла, тIаккха вокзале веара со иза лаха. Дуьххьара ца тешнера иза. Ткъа минотехь къамелаш динчул тIаьхьа, тхойшиъ цхьа гергара хийтира тхуна.

Ша кхечу пачхьалкхе дIагIур йолуш йу, вайшинчух хIуммаъ а хир дац бохура цо. Амма тIаьхьо, цхьа хан йоьлча, цо йаздира, ойла хийцайелла шен, цхьанхьа а ца йоьду ша аьлла. Аса элира, со цуьнга хьоьжуш ву. Цхьана Iен доладелира тхойша, иза йало дагахь а вара со, цунна беш кечам а бара тхан.

Вашас бохура, ша йуьйр иза, шайна тIе цуо эхь деана

– Йуьйлалуш дуьйна а шуьшиннан йукъаметтигаш тIаьхьало йолуш йар-кх?

– Дера йара. Официалехь йукъаметтигашна регистраци йина ца Iаш, дуккха а шерашкахь цхьана даха а, деза а дог-ойла йара тхан. Сан да-нана а довзийтира аса цунна, сайн ненанана а. Айса иза йалийначул тIаьхьа доьзал боло а лаам бара тхан. Цул тIаьхьа, со хIинца а Iадийна лаьттарг хилира тхуна, марсхьокху-беттан 23-чохь.

– Иштта хIума нислахь цхьаъ дийр ду аьлла, план йан а йарий шун? Кхечу меттиге дIадаха деза, цIе хийца йеза, куц-кеп хийца деза аьлла, дийцаре динерий аша?

– ХIаъ, аса дуьйцура цунах лаьцна. Паспортах а, конспирацих а, нехан цIартIера сим-картанаш эцарх а. Сихха иза йала а йина, цуьнга керла цIе а, фамили а эцийта лаьара суна. Со кхеташ вац, амма шен доьзалера шена цхьа кхерам хир бу аьлла ца хетара цунна. Цара кхоьхьуьйту озаца дIайазйина аудиош тергал ца йора цо, ненаца шен доттагIчуьнгахула уьйр латтайора цо. Цхьа а шена тIаьхьа вогIур вац аьлла, со а цхьаьна тешийнера цо, цхьа паргIат делира тхойша. И доккха гIалат хиллера тхан. ХIетте а тхуна ца моьттура, цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх доккхур ду аьлла. Тхуна хIун моьттура, ваша а, деваша а тIаьхьаван тарло, царна хьлахара-м тхо довдур ма дарий.

Цуьнан нанас динчу арзаца бехкзуламан гIуллакх айдира цунна дуьхьал, чIогIа Iадийна йара иза, нанас иштаниг дарна. Машенахь ницкъахошца тхо полицин декъе доьлхуш, оцу кехате а хьоьжуш, цецйуьйлура иза, оцу тайпаниг хила йиш йац бохуш, ца тешара иза нанас динчух. ХIусамден гергарчара бертаза дайтина хила тарло и цуьнга, аьлла хета суна.

– Гергарчара хIун олий аудиош кхоьхьуьйтура цуьнга?

– Вашас бохура, ша иза йуьйр йу, цо тIе эхь даийтина шайна, нанас кхехьийтинчаьрга аса ла ца дуьйгIира, цо суна ца гойтура. Цуьнан дийцаршца хаьа суна иза а, аудиош суна ца гойтура цо. Цунах лаьцна дийца а ца лаьара цунна. Цхъа йоьхна ца хьийзара иза, цундела сан а дацара цхьа а бахьана. И сан доккха гIалат а хиллера.

– Иштта хIума нислуш ма ду. Масала 2021-чу шарахь Тарамова Хьалимат лачкъор, йа дукха хан йоццуш доьзалехь ницкъбарх йедда хилла Исмаилова Селима. Хьуна хаьарий царех лаьцна?

– ХIан-хIа, аса дешна дац царех лаьцна цкъа а.

– Седас шех лаьцна хIун дуьйцура? Нохчийчохь шен хиллачу дахарх?

– Дукха хьолахь хиндолчух дуьйцура цо. Ша суьрташ дохку, дуккха а суьрташ дехкина ша бохура. Шена муха йаха лаьара, дуьйцура цо, ша муха йаьхна ца дуьйцура. Саидина ца лаьара хилларг дагатийса, шен доьзалх лаьцна къамелаш дан лаъане а ца лаьара цунна. Лаахь а, ца лаахь а дийца бохуш, цуьнан коча со а ца оьхура. Тхешан хиндерг коьрта дара суна а.

– Седех Саида хIунда элира ахьа?

– Цо иштта дехнера соьга. ЦIе хийца лууш йара иза. Аса Сай олу цунах.

– Иза лачкъийначу дийнах лаций дийцахьа. Цунна тIаьхьа баьхкина аьлла, кхийтирий хьо?

– ХIаъ. Тхан цIенна чу воьддучохь славянхойн йаххьаш йолчу шина оперативнико сацийра со, хаьттира стенгахь йу йоI аьлла. Аса йац иза элира. Цара боху: "Тхуна хаьа, иза йуйла, стенгахь йу иза?". Аса боху Рыбацкехь шен доттагI йолчахь йу иза. ТIаккха ши нохчо-полисхо тIекхайкхира цара, шина машенчохь хиъна Iара и шиъ. Шайн кехаташ ца гайтира цара. ЦIарца хIиттийна кехаташ дара церан карахь, Питерехь видеокамераша дIайаздинарг а дара. И цIахь йац элира аса, тIакха цара шьаш со полицин декъе дIавуьгур ву элира. Сан тидам хилира, тхоьца нохчашца цхьа машен йара схьайогIуш, шолгIа циггахь йисира.

Йоьлхура иза некъан бохалла, ша йуьйр йу, ша йуьтур йац бохура

Телефон соьгара дIайаьккхира чIогIа шога, цуьнца зIене а волийла дацара сан. Со Iадийнера. Со декъе дIавуьгучу йукъанна, суна Iаткъам бора цара: иза цIахь йуй хаьа шайна, корехь иза гина шайна бохура. Керлачу хIусаме дIадиггалц жIалешка хьожуш йара Саида. ЖIалешца йолайала ара йала йезаш йара иза, цара иза лоцур йуй хаьара суна. Со иштта нисдаларна кхеравеллера: иза арайер йу, цигахь нохчашца машен йу лаьтташ, цара иза машен чу тухур йу, кхералур йу-кх иза аьлла… Со суо а цаьрца дIагIор-кх аьлла, дагадеара суна. ГIали йуккъехула хаьхкина, йуха а цIенна хьалха схьадаьхкира тхо. Тхо цхьаьний чу дахара. Оцу йоллучу заманчохь суна Iаткъам бора, кхерамаш туьйсура, зуламхочунна гIо дина аьлла хьо а гIуллакха йукъаозор ву бохуш.

– Оцу мIаьргонехь доллучух а кхетта хир йара иза?

– Кхеттера. Питерера полисхошца цхьаьна машен чу а хаийра тхойша. Йоьлхура иза некъан бохалла, ша йуьйр йу, ша йуьтур йац бохура. Иза полисхошка, оцу шина нохчоче дIайелира, неIарехь соьга ала ларийра иза: "Стас, хьуна хаьа-кх, хьаьнга хаийта деза". Иза тIехь йлду маше дIайоьдуш гира суна, маракхета а ца ларийра со цунна. Аэропорте иза лаха дахара тхо, цхьа де даьлча адвокаташ Соьлжа-ГIалахь бара. Амма цуьнга кехатна куьгйаздайтинера, адвокат оьшуш вац аьлла. Солтаевн ши пост йара цунах лаьцна хIоттийна – кхин хIуммаъ а дац.

–Санкт-Петербургера хьалххе дIа стенна ца дахара шуьшиъ?

– Цунна дукха йезара хIара гIала, ца лаьара дIайаха. Тхан компаних схьаийнера иза, оха кхузахь цхьана дIахьочу суьйренех а. Сан деца-ненаца а дика йукъаметтигаш тасайеллера цуьнан. Цхьаьна баккъал а самукъа долура тхан, хаза а хетара. ХIинцца дахар долалуш ду, и хаза а ду аьлла йара ойла.

– Седа лачкъийначул тIаьхьа ахьа бусалба дин тIеэцна. Муха веара хьо оцу лааме?

– Динан лехамашкахь со волу дикка хан а йара. Вайн пачхьалкхехь керста дин коммерцица доьзна ду, синан хIумане санна цуьнга хьоьжийла ца нисло. Дерриг а доладелира со Тунисе вахча, цигахь бусалбанийн доьзалехь Iийра со: зудий-майрий, иттех шо долу церан йоI. Цхьана жимачу маьждиге кхуьйкхура цара со шайца, имам вовзийтира суна. ХIетахь суна ца хаьара, ламаз муха до а, амма и нах цхьа дог цIена, дика бара, хьаша везаш. Оцу кепара адамаш суна цкъа а дайна дацара, цундела тайнера суна и. Кхин цхьа хIума а ду, Малхбузенан архитектура чIогIа хазахета суна. Цундела эр ду ас исламан динах лаьцна ойланаш 2015-чу шарера схьа дуьйна йара сан, суна цунах лаьцна дуккха а хаа лаьара. Ткъа ислам тIеэца ойла хилира сан, Саида сайн дахаран дакъа хиллачул тIаьхьа. Ламаз Iамийра аса дагахь, амма цкъачунна атта дац суна йоллу бакъонаш ларйан. Делахь а закат луш ву со – цIий а ло аса, тховкIело йоцчу неахана бедарш ло.

– Хьайн видео тIехь ахьа элир-кх Нохчийчу ваха лууш ву хьуо, Оьрсийчоьнан омбудсмене гIо а дийхира ахьа. Цхьаммо а жоп деллий хьуна? ХIун хиларе сатуьйсуш ву хьо?

– Суна муьлхха а хаам оьшура. Хилларг хIун ду а ца хууш, ваха хала ду. Соьга Iалаш ца йелла иза аьлла хета суна. Иштта дика йоI суна хьакъ йацара. Цо ловш дерг лан, изза лазам лан лаьа суна, дикачу дахаре цуьнан тешамна йамарт хилла со. Со кхузахь, сайн цIахь, паргIат веха. Ткъа иза цигахь. Цунах лаьцна суна хIуммаъ а хууш дац.

  • 20 долу Исмаилова Селима лачкъийна кхо кIира ахкIира даьллачу хенахь официалехь информаци гучуйелира: доьзалехь ницкъехь латтош хилла йоI йада гIоьртинера, амма иза лаьцна нохчийн ницкъахоша аьлла. Меттигерчу телехьожийлан эфирехь цо дIахьедира, ша кхерамзаллехь йу, Iад йита ша аьлла. ХIара дуьххьара дац доьзалехь гIело латтайора шайна тIехь аьлла, бевддачул тIаьхьа йухабигинчу бахархоша камерана хьалха шайгахь бала хилар харцдарх. Бакъоларйархой тешна бу, оцу кепара сюжеташ хIиттош йу аьлла: йийсараллехь латточу нехан аьтто бац шаьш хьийзочарна дуьхьало йан.
  • Къилбаседа Кавказера бакъоларйаран "Iазапашна дуьхьал Команда" организацин (КПП) филиалан юристана Аламов Мохьмадна а, цуьнан доьзална а кхерамаш тийсинера дойур ду шу бохуш, цо ГIалгIайчуьра Минеральные Воды гIала дIайигинчу Яндиева Маринин гергарчара. Доьзалехь гIело латтийна шена аьллачу йоIа орца дехнера кризисан "СК SOS" тобане, ткъа цара КПП-ра шайн белхан накъост гIоьнна йукъаозийнера. Цул тIаьхьа ЯндиевгIеран доккхачу тайпано ультиматум хIоттийнера: йа шайн йоI цIа йогIу, йа Аламов а, цуьнан гергарнаш а бойур бу шаьш аьлла.
  • Доьзалехь хьоьгучу баланех веддачу 19 шо долчу Тунжаханов Мохьмадан доьзало кхерамаш тийсинера адвокатна Соломина Татьянина. Цунна дуьхьал а йахна, такси кхайкхинера цо жимчу стагана. Шайн зIенашкахула Тунжахановгарна хиънера адвокатан кIант вуйла а, иза муьлхачу школе лелаш ву а. Адвокато маса Талламан комитете дIахьединашшехь, шина баттахь гIуллакх талла долийна а дац.
  • Доьзалехь ницкъбар –Къилбаседа Кавказехь уггар а коьртачех а, кест-кеста нислучех а проблема йу. Меттигерчу зударшна ницкъбо хIусамдайша а, кхечу доьзалхоша а. Даим а полицино иштта зуламаш тергамза дуьту, ткъа бехкзуламан гIуллакх деллахь а, кIезиг хан тухий, бовлуьйту. Хьалхо Кавказ.Реалиино дийцира регионера доьзалехь гIело латтийна, бовда дезначу кхааннах лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG