ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Седа гур йу аьлла, теша лаьа суна". ЙоI йийна бохучу йуккъехула иза лачкъорах долийна бехкзуламан гIуллакх


Сулейманова Седа
Сулейманова Седа

Махкара 26 шо долу Сулейманова Седа лачкъийна, бертаза Нохчийчу йухайигина бархI бутт гергга хан йаьллачу заманчохь Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх долийна "Стаг вер" аьллачу артиклехула. Волайнхо йу аьлла йоьIан нана йу билгалйаьккхина, шен йоI йарах чу кехат делла а йоцу. ГIуллакх талла бохуш, тIаьхьайаьлла лелларг Сулейманован уллора доттагI йара Патяева Лена.

Седин наха чIагIонаш йо, иза цIера йуха а йеддера бохуш, ткъа редакцица хиллачу къамелехь масех хьасто бохура, гергарчара йоI йина – хьалхо цунах лацна бакъоларйархоша а хаамбира. ХIун ду оцу гIуллакхехь хIинца, Сулейманова дийна карор йу аьлла, дегайовхо йуй, къастийра Кавказ.Реалиино.

ТIехула догIа тоьхна латтош йу, йийна йа йедда?

Бехкзуламан гIуллакх долийна аьлла, дийца даьккхича Сулейманова Седин гергарчара дIакхайкхийра, кху шеран чиллан-баттахь иза цIера йуха йедда аьлла, дийцира кризисан "СК SOS" центрехь. Оцу доллу беттанашкахь полицига иза лаха аьлла, орца даьккхина ца хиллера цара, ткъа чиллан-беттан 6-чохь, йедда бохучу шолгIачу дийнахь, бакъоларйархошка къар ца луш баьхнера цуьнан гергарчара, йоI цIахь йу. Цуьнга телефон дIайелла, иза йистхилийта реза ца хиллера уьш.

"Нагахь санна стаг вайнехь, 105-чу артиклехула гIуллакх долон йиш йу, нагахь санна, иза йийна-йелла хила тарло аьлла, шеконаш йелахь", - хаамбира хIетахь "СК SOS" тобано.

Сулейманова Седа йаьхначу Iалхан-Йуьртара цхьахволчу вахархочо, шен цIе цайаккхар доьхуш, дийцинера Кавказ.Реалиин корреспонденте, иза гергарчара йийна аьлла. Ша Седин генара гергара стаг ву бохура цо. Цуьнан дешнашца, цо хаьттина хиллера доьзале, йоI стенгахь йу аьлла, цунна жоп деллера, "Соьлжа-ГIалахь девешица" йу аьлла. Оцу йукъанна, къамелдечо бахарехь, Соьлжа-ГIалахь Седа гина йац.

Сулейманова Седа шен везарца
Сулейманова Седа шен везарца

Соьлжа-ГIалахь йехачу Седин генарчех гергарчу зудчо а къайлах дийцира СулеймановгIеран доьзалах лаьцна цхьацца хIума, иза тешна йу, йоI йийна хир йу аьлла.

"Церан цIийнах болчу баккхийчаьргара хезна суна, доьзалан да кхелхинчул тIаьхьа Седина а, цуьнан йижаршна а тIехь Iуналла деш хилла девежарий. Цара кхерамаш туьйсура боху, цаьргара цхьа товшдоцург даьлла аьлла, шайн лерех кхетахь, шаьш уьш бойъур бу аьлла. Оцу тIехь шогалла лелайора цаьрца. Со теша, цара хIуъа а дийр дара аьлча, амма цхьаммо а ала-м ца олу – набахтехь Iен ма ца лаьа царна. Шаьш ишта чIогIа къонахий хилча, дIаала ма-дарра, шайна йогIу хан такха, зуда йен йогIу аьлла хеташ шаьш делахь", - дийцира йайначу нохчийн йоьIана гергарчо.

Формалехь доцуш бакъдира Соьлжа-ГIалара полицино Седа йийна хилар. Цхьахволчу белхахочо дийцира редакцига, наха бахарехь, дIовш делла йийна йу Сулейманова.

Кавказ.Реалиино хеттарш мел динчу Нохчийчохь бехачара олург цхьаъ ду, стохка гезгамашин-баттахь нохчийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансурца видеоролика тIехь гинчул тIаьхьа, Седех кхин цхьаннан а бIаьрг кхетта бац.

"СК SOS" кризисан тобанан директорна Истеев Давидана хетарехь, стохка гIадужу-баттахь Сулейманова Седа дийна йара. ХIетахь материал кхечира цуьнга, иза бертаза къайлайаккхарх таллам беш Сулейманове шега хеттарш деш, цуьнан куьйга йаздина: "Сан дешнашца аьлла нийса йаздина ду" аьлла тIехь. Документана хIоттийна терахь ду 2023-чу шеран гIадужу-беттан 23-гIа.

Ницкъахошна оьший, царна массо а схьакараво. Амма Седица долчу гIуллакхехь – царна оьшуш дац

Истеевна хууш ду, талламан хеттаршна жоьпаш дала дезнера Сулейманова Седин гергарчийн: Седа чиллан-беттан 5-чохь йуха а йедда аьллера цуьнан гергарчо "Гражданское содействие" комитетан куьйгалхочун Ганнушкина Светланин адвокате. Тхуна билггал хууш дац, и стаг Седин мила ву. Цо аьлла, кехаташ а, бедарш а, цхьа а хIума схьа ца оьцуш дIайахна иза".

Бакъоларйархочун балхаца нисделла хIума ду, цкъа бевдда йухабигина Нохчийчуьра мехкарий тIехула догIа а тоьхна латтош. Масала, Лорсанова Аминат, доьзалехь ницкъабрна а, бисексуалах "дарба лелорна" а йеддера иза. Минводера аэропорте дIакхаьчнера иза, цул тIаьхьа йайнера.

"Нагахь стаг вайний, хьалхара беттанаш – гайтам бац. Иза цхьанхьа латтош хила тарло, молханаш а детташ. Лорсанован хьокъехь оха полици хаамбинера, цигахь элира иза шен лаамехь Нохчийчу йухайахна. Гергарчара синан лазарш долу нах латточу дIайелла хиллера иза, масех бутт баьлча мукъаденошкахь цIа йохуьйтуш хиллера иза. ХIетахь соьца зIене йаьллера Лорсанова, ишта хиира тхуна, иза дийна йуйла. Амма Седица дерг дIахделла", - бохура Истеевс.

Къа хьоьгуш бац талламхой, Сулейманова йа цуьнан дакъа схьакарон, аьлла хета цунна.

"Бехкзуламан гIуллакх дIакъовла, иза йийна бохург бакъ дац ала деза, йайнарг схьагайта йеза. Иштта ма хилира Нохчийчуьра кхечу зудаберашца а. Ткъа хIинца гайта цхьа а вац. Доьзало боху, стенга йоьду а ца олуш, иза цхьана агIор дIайахна. "Психологин хьал ледара дара" цуьнан, шаьш иза сица лазар долу нах латточу дарбан хIусаме охьайилла дохкуш дара, и хиъна йоI йедда аьлла. Ткъа хIинца ницкъахошна уггар а атта ду - Седа карон аьтто ца хуьлу. Царна оьшучу хенахь, царна милла а караво, амма кхузахь- царна оьшуш дац", - тешна ву "СК SOS" тобанан директор.

Сулейманова Седин тIаьххьара сурт
Сулейманова Седин тIаьххьара сурт

Шайн организацино Iалашйеш хилларг йийна хиларх дуьххьарлера гIуллакх талларан тIаьхьенах дуьйцуш, Истеев Давида бохура, гIуллакх иштта "латтор" ду кх ин йист ца йолуш. ЖамIаш хир ду, нагахь санна наха хеттарш дещ, Седа хоьттуш, йух-йуха дуьйцуш дижа ца дитахь.

Сулейманова Седа "сий лардеш" йийна хила тарло бохуш, даьржинчу йуккъехула "СК SOS" тобане буьйлучу нехан барам бан а бац. Шайн дIахьедаршкахь Къилбаседа Кавказера бахархоша дуьйцу гергарчара Iаткъам беш, доьзалехь шайна тIехь ницкъбарна довда лаьа шайна бохуш.

Ма-дарра дийцар?

ЙоI схьалаха бохуш, кест-кеста пикеташка йуьйлучу Санкт-Петербургера Сулейманова Седин доттагIчо Патяева Ленас дог ца дуьллу, йоI дийна хила мега бохуш. Делахь а иза чIогIа кхоьру, Седин наха иза йуха а йеддера бохург, иза дийна йац бохург хиларна.

"Талламбар хIинцца долийна, хьалхе ду жамIех дерг ала а, хьесапаш дан а. Соьга хIинца а талламхочо хеттарш дина дац, телефон тохар доцург. Талламо шайн-ма хьуллу эвсара болх бийр бу аьлла, дог тешна йу со. Со кхоьру, гергарчара Седа йуха а йеддера бохург, иза дийна йац бохург хиларна. Амма хIетте а цхьа дегайовхо йу соьца, цунах теша а лаьа суна, иза сайна гур йу аьлла", - дийцира Патяевас.

Сулейманова Седа а, цуьнан доттагI Патяева Лена а
Сулейманова Седа а, цуьнан доттагI Патяева Лена а

Цунна хетарехь, талламо и гIуллакх меттахдаккхар а, Сулейманова схьалаха бохуш, дукха хьолахь дуьненайукъара кампани йолорна ду – оцу тайпа пикеташ Оьрсийчоьнел арахьа а цхьаьна хIиттийра, Латинан Америке дIакхаччалц. Цул совнах, Оьрсийчоьнан бахархоша ши эзар сов кехат дахьийтира Талламан комитете, оцу йайначу йоIах лаьцна дийца долийра ишта Iедалхошкахьа долчу зорбанаша а.

Патяева Лена шозза лецира, шен доттагI схьалахар тIедожош пикете йаларна. Зазадокху-баттахь полицин декъехь ши дей-буьйсий даккхийтира цуьнга, "кхин а итт денна лаьцна йуьтур йу хьо" бохуш, кхерамаш тийсинера цунна ницкъахоша.

"Кхел хилла йац. "Антиковидан" артиклехула бехкаш кховдон гIоьртира цкъа хьалха, тIаккха полисхочо бохура, нах гулбеш барам хIоттийнера ас, хIунда аьлча, со дехьайолуш йара. Цуьнана аларо цецйаьккхинера со. Къечу пачхьалкхашкахь а ма хIиттийнера Седигахьа пикеташ, амма цхьа а ца лаьцнера – полицино баьхнера цаьрга, шайн гIишлона хьалха пикеташ хIиттайайта ца лаьа Оьрсийчоьнан векалтана, амма цхьаьнга а дIагIо ца баьхнера",- дийцира Патяевас.

Хьалхо SOTA телеграм-канало йаздира, шийлачу камери чохь оьшу йовха бедарш полисхоша дIакхачийна ца хилла Патяевана. Оцу йукъанна, жигархочо бахарехь, цхьахволчу ницкъахочун дог лезнера лачкъийначу Седех, оцу кепара гIуллакхах ша Iоттавелла ву аьлла.

  • 26 шо долу нохчийн йоI Сулейманова Седа цуьнан гергарчийн дIахьедарца нохчийн ницкъахоша Санкт-Петербургехь стохка марсхьокху-баттахь лачкъийра. Даим лелочу кепах пайдаийцира йоьIан доьзало: цара бехкейира иза къола дарна, "низамашкахь" иза дIайигинера хеттарш дан. Бакъоларйархой тешна бу, къоладарх гIуллакх шайггара долийна дара аьлла – Нохчийчуьра адамаш лечкъош оцу схемех пайдаоьцу дукха хьолахь. Цул тIаьхьа дуьйна цуьнгара кост хилла дацара.
  • Мангал-беттан 25-чохь Сулейманове хеттарш дира уллохь адвокат а воцуш. Цуьнга бертаза куьгйаздайтира, адвокатан гIо оьшуш дац аьлла, и документ хIоттош а уллохь адвокат хила веззашехь. Хеттарш динчул тIаьхьа полицин декъера арайоккхучу хенахь йоI дIайелира цуьнан гергарчаьрга, адвокатийн ка ца йелира цуьнца цхьанакхета.
  • Мангал-беттан 29-чохь нохчийн омбудсмено Солтаев Мансура видео зорбане хIоттийра, шен Сулеймановаца цхьанакхетар хилар гойтуш. Цо чIагIдора, "йоIана цхьана а хIуманан кхерам бац" бохуш, амма цу тIехь йоIа дош ца элира.
  • Стохка чиллан-баттахь Сулейманова лачкъон гIоьртинера цуьнан вежарий, цул тIаьхьа ша йеха меттиг а, болх а хийца дийзира цуьнан, хаамбира "СК SOS" тобано. 2022-чу шеран гIадужу-баттахь йаьллера иза бакъоларйархошка, тоъал динца йац аьлла, гергарчара кхерамаш тийсарна. ХIетахь Нохчийчуьра йедда а йара иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG