ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ша бакъйолу нохчо йара иза". Эстемирова Наталья йийна 15 шо кхечи


Эстемирова Наталья
Эстемирова Наталья

2009-чу шарахь товбеца-беттан 15-чу дийнахь Соьлжа-ГӀалахь лачкъийна йигина йийра нохчийн бакъонашларъярхо Эстемирова Наталья. Цкъачунна карийна бац иза йен кхайкхийнарш. Эстемирован дахарх а, цо бинчу балхах а дагалоьцу цуьнан доттагӀаша а, белхан накъосташа а.

Эстемирова Наталья йина оьрсийн-нохчийн доьзалехь. Цуьнан да, иза бер долуш, шен деца-ненаца цхьаьна махкахваьккхира Нохчийчуьра. Уралехь кхиъна йу иза, цигахь лакхара школа а, хьехархойн училище а чекхъяьккхина цо. Соьлжа-ГӀалара пачхьалкхан университетан историн факультет а чекхйаьккхина цо. 1998-гӀа шо тӀекхаччалц Эстемирова школехь истори хьоьхуш йара. 1990-гIа шераш йуккъе девллачу заманахь йолайелира иза бакъоларйаран болх бан: "Новая газетица" йукъарлонаш леладора цо, ткъа 2000-чу шарахь бакъоларйаран "Мемориал" центран Соьлжа-ГIалара офисан белхахо хилира цунах.

Нохчийн идентификалла харжар а, цунна тӀаьхьайалар а Натальин шен лаамехь дара, дагалоьцу "Мемориал" бакъонашларъяран центран декъашхочо Черкасов Александра: "Нохчийн махка берашна хьеха йеана иза, Соьлж-гӀаларчу цхьана школехь хьехархочун болх беш йара. Цуьнан шен синкхетамца бина харжам а бара и. 1992 шарахь Наташас дакъалецира дешаран белхахойн йозуш йоцу профсоюз кхолларехь".

Закъалтхой дӀахецна. Иза тамашийна хета тарло. Амма хьехархо – нахаца къамел дан хууш стаг ву. Наташина хаьара

Оццу шарахь Эстемировас шен дуьххьарлера адамийн бакъонашларъяран акт йира.И нисделира хIирийн-гIалгIайн конфликт йоьдучу зонехь, кхин дIа дийцира Черкасовс: "Къаьмнашлахь йеш "чисткаш" йара, тIемаш, мухIажарийн тулгIенаш, адамаш закъалте лецар. Закъалтахой тIехь автобус гира Наташина. Иза ларъеш болчарна тӀе а йоьдий, цаьрца къамел долийра цо, ша ЦӀен ЖӀаран белхахо юйла а хоуьйтуш. Гуманитаран низаман пайданех а, цара лелош дерг инзаре хIума хиларх а тешийта хьийзара иза. Закъалтхой дIахийцира. И тамашен хIума ду аьлла хета тарло. Амма хьехархо – нахаца къамел дан хууш стаг ву. Наташина хаьара".

Эстемирова Лана, Эстемирва Натальин йоI
Эстемирова Лана, Эстемирва Натальин йоI

1994-чу шарахь Натальин йоӀ Лана дуьненчу йелира, цхьана ханна иза Нохчийчуьра дӀайахара Уралехь болчу гергарчаьрга хьошалгӀа, амма дукха хан йалале юхайеара иза. Хьалхара тӀом чекхбаьлча кхоллабеллачу фильтрацин лагерийн тутмакхийн юкъараллин балха тӀехь дакъалоцура цо. Телевиденехь болх беш йара иза, репортажаш йохуш, къаьсттина Нохчийчуьрчу Веденан кӀоштарчу Элистанжи олучу юьртана тIе тохарш дарх лаьцна.

1999-чу шарахь гIадужу-беттан 21-чу дийнахь гӀалин юккъерчу базарна а, берийн хӀусамна а, маьждигана а ракеташца тохарш дечу хенахь Соьлжа-ГIалахь цхьа сагIа йукъадоьлла дийна йиссинчу Эстемировас тоьшаллаш дира Москвахь оцу тӀелатарийн.

"Инарла Маниловс, ракеташца тохарш дар харцдеш, Наташин юьхьа дуьххьалдIа хаьттинера: "ХӀун тайпа тӀелатарш ду, хьанна гина?", цо жоп делира: "Суна гина! Со а йара цигахь" аьлла. Шен йоьIан плюшан ловзорга йукъахь тоьшаллаш ден материалаш арайаха аьтто баьллера цуьнан", - дуьйцура Черкасовс.

И къамел хиллачул тIаьхьа Эстемирова "Мемориалца" цхьаьна болхбан йолайелира 1999-чу шеран гурахь. 2000-гӀа шо йуккъе даьлча Соьлжа-ГӀалахь схьайиллира офис. Дуьххьара цо болх бечу чолхечу а, кхерамечу а гӀуллакхех цхьаъ дара 2000-чу шеран чиллан-бутт болалуш Новье Алды юьртахь федералан ницкъахоша 50 сов стаг верна лерина сюжет. Гулдинчу тоьшаллашна тӀе а тевжаш, рапорт арахецнера.

Эстемирова йара 2002-чу шарахь Нохчийчуьрчу Шуьйта кӀоштахь йалх маьршачу вахархочунна герз тоьхначу ГРУ-н спецназийн тобанан буьйранчас капитан Ульман Эдуарда динчу зуламех дуьххьара дийцинарг.

"Наташас Шуьйта кIошта схьавалийра Орлов Олег а, кхин а журналисташ а, ткъа цул тӀаьхьа бен цига ца йеара "Новая газетан" журналист Политковская Анна. Наташас хаддаза цхьаьна болх бора Политковскаяца. Политковскаян тексташкахь цуьнан цIе йац, иза ларйеш ца йазйора цо, амма цуьнан доккхаха долу дакъа кечдина Наташин материалашна тӀе а тевжаш", - дуьйцу Черкасовс.

"Кадетийн гӀуллакх" – иза а рогӀера лаккхара таллам бу, журналистаца Политковская Анница а, адвокатца Маркелов Станиславца а цхьаьна Эстемировас дакъалоцуш бина. 2001-чу шарахь Мурдалов Зеламха дӀакхачийра Соьлж-ГӀаларчу Октябрскан кӀоштан полицин декъе, цигахь гӀуллакх деш йара Ханты-Мансийскера ОМОН, лакхарчу лейтенанта Лапин Сергейс куьйгалла а деш. "Кадет" цIе а йара цо лелош. Цунна тIехь къизаллаш лелийнера, иза шайгахьа ваккха хьийзаш. Цул тIаьхьа къайлаваьккхира иза. Мурдаловн дакъа тахана а схьакарийна дац. Делахь а, Эстемировас а, Политковскаяс а гулдина тоьшаллаш тоьар дара Лапин лаца. Иза дуьххьарлера гIарадаьлла долу гӀуллакх дара, стаг нуьцкъала дӀаваккхарна жоьпаллехь волчу кхерамазаллин белхахочунна хан а тоьхна, бакъйолу набахтехь йаккха хан тухуш.

Нийса дешнаш лахар

Эстемирова юкъаозийна коьрта адамийн бакъонашларъяран агӀо йара Нохчийчохь нуьцкъала нах къайлабахар. Лачкъийначу нехан гергарчаьрца а, бала хьегначу нахаца шайца а зӀене йуьйлура иза. "Мемориалехь" итт шарахь гергга хан йаьккхинчу хенахь эзарнаш тоьшаллаш гулдира цо, бохуш дуьйцу цуьнан белхан накъосташа.

Эстемировас документашца гайтина тоьшаллаш тахана а лелаш ду, боху "Нохчийчухула Дуьненайукъара трибунал" монографин авторо, бакъонашларъярхочо Дмитриевский Станислава: "Масала, Наташас хеттарш дира цхьана Ахъяд цIе йолчу стаге, иза 2000-чу шарахь Октябрьскан кӀоштан полисхойн декъехь латтийна хиллера. Луьра Ӏазапаш хьегна хиллера цо, амма дийна виссинера. Ткъа суна хаьа и Ахъяд мила ву. Ткъа шо даьллачу хенахь, цхьа бутт хьалха, Наташас дитина тоьшаллаш бахьана долуш, со кхийтира, вуьйцург мила ву".

Депортацин бала хьегначарна хIоттийначу меморила хьалха йу Эстемирова Наталья
Депортацин бала хьегначарна хIоттийначу меморила хьалха йу Эстемирова Наталья

Эстемирована мехала дара и ша дийцар, автор хилар, шен цIе а тIехь материал арахецар - и коьрта дацара цунна. ХӀунда аьлча, цу стагаца къамел деш йерг иза йара, гергарчаьрца а, баланаш хьегначаьрца а зӀене йуьйлура иза, боху журналисто, бакъонашларъярхочо, Локшина Таняс: "Цхьа а эрна хӀума дацара цу тӀехь, оцу ирчачу дийцарийн цхьа дакъа дара Наташа".

Эстемирован кхин цхьа мехала Iедал дара, леррина массо а хIума гулдина а, документашца кечдина а хиларал совнаха, адамаш тешийта нийса дешнаш карадора цунна. Цаьрца къамел дан хаьара цунна - полицин белхахошца а, талламхошца а, цаьрца барт бар а нислора цуьнан, билгалдоккху Черкасовс.

Бакъонашларъярхочо дуьйцу, 2008-чу шеран бIаьста, лаьцначу кхиазхочун ненан дехарца, Эстемирова Кадыров Рамзанан уллера накъост Делимханов Адам коьртехь волчу "Нефтеполкан" декъе йахарх лаьцна: "Цуьнца къамел динарг хиллера цхьана хенахь тIемало хилларг а воцуш, мацах милцочун болх бинарг. Цо цуьнца къамел динчул тIаьхьа ши кхиазхо дIахецна хиллера. Тхуна ца хаьа церан цӀераш а, хӀунда аьлча, Наташа цига йахана хиллера лаьцначун ненан дехарца, цуьнан фамили а ца хоьттуш".

Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара а, дозанал арахьара а Нохчийчу баьхкина журналисташ а, бакъонашларъярхой а, адвокаташ а йеххачу хенахь Эстемирован Соьлжа-гӀаларчу петарехь Iара. Иштта дахаран кеп йара цуьнан, даим неIарш йиллина хIусам хуьлура, бохура Эстемироваца уллора гергарло хиллачу Локшинас: "Мехале дара Наташина болх бан нах богӀуш хилар, цунна лаьара ма-хуьллу дуккха а хьекъале нах Нохчийчохь болх беш хила, амма вуьшта Наташа ша а йара адамаш дезаш, хабаре стаг, хьеший дукхабезара цунна. Ткъа цунна хазахетара цӀахь цхьаболу нах хилар, шайца тайп-тайпанчу хӀуманех лаьцна къамел дан йиш йолуш, йеккъа цхьана Нохчийчоьнах лаьцна дийцина ца Iаш".

Даим а драйвехь йехаш а, къахьоьгуш а йара Наталья, дуьйцу Дмитриевскийс: "ХIара дан кхиа деза, цига даха деза, тIаккха кхечухьа. Наб оьху, дIавижа лаьара, лозу корта, боцу ницкъ. Цхьаъ вогIура: стаг вайна олий, йа буьйсанна йуккъехь телефон тухура: цхьаъ цхьанхьа дIавигина олий. ТIаккха цхьанхьа доьлхура тхо. Оцу графикехь иза муха йехара а хаац суна. Оццул шерашкахь и ловш хилла стаг хьера ца волуш муха вуьссур вара, со хууш вац. Хаац, амма иза-м ца йахара тиларчу. КIорггера кхетам болуш йара иза. Ткъа уггаре а коьртаниг, даима а цхьацца пайда боццучу хIумана тIехула самукъадолура цуьнан: "Урамехь зезагаш ду, хьажахьа!" Йуха олура цIеххьана: "Хьонка бохка болийна. Базарахь хьонка а эций, и кхарзий вай". Хьонка а оьций, кхорзура оха, иза а дар-кх хазахетар".

Наташина мехала дара болх бан нах богӀуш хилар цунна лаьара ма-хуьллу дуккха а хьекъале нах Нохчийчохь болх беш хила

Бакъонашларъярхочо дагалоьцу, ша цкъа Соьлжа-ГӀала веанчу хенахь, Эстемирова йолчахь сецча, луларчу петар чохь йа кадыровхой хиллехь а, йа Ямадаевн нах хиллехь а, цхьа гIовгIанаш йина ца Iаш, эшарш лоькхуьйтуш, маьхьарий детташ, балкона тIехь герзаш кхуьйсуш нах хилар.

"Уьш, гуш дара, кхераме, боьхан нах бара, цу тIе карахь герз а долуш. Цаьрца къамел муха дийр ду а, бехк муха боккхур бу а ца хууш. Амма Наташа царна тӀе а йахана, цхьа къамел дина цаьрца йухайеача, цхьана юкъана тийна -тапъаьлла лийлира уьш", - дуьйцу Дмитриевскийс.

Изза хилларг дагалоьцуш, Черкасовс дуьйцу, Эстемирован Соьлжа-ГӀаларчу петарна лулахь бехаш хилларш Кадыровн нах бара бохуш. Цхьаболу Кадыров Рамзанна гӀортор йеш хилла ца Ӏаш, Кадыровн "Нефтеполкера" нах бара уьш аьлла. Царна тIевахна, цаьрца вистхилар а кхераме долуш, тIетуьйхира Черкасовс.

ДоттагӀаша а, белхан накъосташа а дагалоьцу Наталья чӀогӀа принципаш йолу стаг санна. Масала, Дмитриевскийс дуьйцу, Соьлжа-ГӀаларчу Победан проспектан цӀе Путинан проспект аьлла хийцича, цо дуй биънера ша кхин цкъа а цу тӀе ког боккхур бац аьлла – ткъа, боху цара, ша баккъалла а кхин гучу ца йелира цигахь. Оцу проспектехула герга хилча а, го боккхий кхечу некъашца лелаш йара иза, цига ца йахархьама.

Эстемироваца цхьаьна болх бинчу нохчийн жигархочо, шен цӀе йовзийта ца лиира цунна, дуьйцу, шен гӀуллакхехь ша хьалха йолура иза, цуьнан амалехь дара и, амма ала йиш яц, кхерам буй иза хууш йацара. Нохчийн леларан кодексехь цхьа онда кхетам бу "йахь" , доьналла" бохуш - цунах дӀабовла вуно хала ду нохчашна - оцу маьӀнехь аьлча, иза ша бакъйолу нохчи йара, боху цо. Къаьсттина и дара цунна цхьана а кепара компромиссе йаха ца могуьйтург.

Эстемирова Наталья, архивера сурт
Эстемирова Наталья, архивера сурт

"Ткъа халахеташ делахь а, цхьа а стаг вацара и сацон, цунна тӀеӀаткъам бан, цунна кхерам дага а боуьйтуш. Цо лазаме тIеоьцура шен цIе цхьана арахоьцучу материалашкахьь хьулйан йезаш, йа иза сецон оьшуш хьал хIоьттича. Иза нийса дац, товш дац олура цо", - дерзийра къамелдечо.

Иштта цIена адам дара Наталья, шена гинчух, ша дечух жоьпалла адамо тIелоцуш тара цунна. Ткъа бакъоларйаран кхерамзаллица долу хьал де дийне телхина догIура Нохчийчохь, дуьйцу Локшина Таняс: "Ткъа, бакъдерг аьлча, ша йалале жимма хьалха, цхьа-ши де хир дара, чIогIа шуьйра интервью йелира Наташас. Цо дийцира инзаречу хӀуманех лаьцна, Куьрчала кӀоштахь стаг нахана хьалха дIа а хIоттийна, верах а цхьаьна. Ткъа и дерриге а шен цӀарах дуьйцура цо. Цуьнан дуккхаъчу белхан накъосташна хетарехь. Оцу интервьюх шатайпа тIаьхьара тIадам хилира".

"Иза даима а юха йогӀура"

Эстемирова Наталья йеле хьалха кхин цхьа хилам а бара – Кадыров Рамзанца цуьнан хилла цхьаьнакхетар. "РЕН ТВ" телеканало йинчу репортажехь дуьххьалдIа дийцира Нохчийчохь зударий коьрта йовлакхаш техка декхаре барх, ша цунна дуьхьал хиларх а. Локшина Танина хетарехь, цул хьалха Кадыровс а, цуьнан гоно а цхьана кепара арахьара стаг санна тӀеоьцура Эстемирова Наталья: оьрси хилла хьехархо санна, цхьана хенахь Нохчийчохь дIатарйелла, оьрсийн "Мемориал" организацина болх беш йолу. И интервью йеллачул тӀаьхьа дерриг а хийцаделира.

Локшинас даладо Натальин дешнаш: "Сан сайн гӀуллакх ду коьртахь йовлакх лелор а, цалелор а. Нагахь санна, со тезета йоьдуш хилахь, со коьрта йовлакх тиллина гIур йу, бохам беанчу нехан сий деш, веллачун ларам беш. Амма со урамехула йоьдуш хилча, цхьаннан а бакъо йац соьга, йа кхечу нохчийн зудчуьнга и тилла баха". И дешнаш аьллачул тӀаьхьа гучуделира Кадыровна, Наталья цхьа арахьара тIейеана оьрси йоций, и дешнаш нохчийн зудчо аьлла дуй, тешна йу къамел дийриг.

И мӀаьрго Натальин кхолламехь хийцам хилла дӀахӀоьттина аьлла хета Черкасовна. Кадыров кхийтира иза "шен ницкъийн сферехь" хиларх: "ХIинццалц схьа, иза орси йу а бохуш, цуьнца иштта лела йиш хиллехь а, иза нохчи йелахь, тӀаккха шен карахь болчу гӀирсашца низаме даккха маьрша долчу дозанехь ду".

Локшинас дийцарехь, Эстемирова оьгӀазъяхана хилла Кадыровс шеца къамел дечу кепана. Цо мохь хьоькхуш, сийдоцу дешнаш лелош, кхуьнан йоӀах лаьцна хеттарш а дина хиллера: "Дерриг а цуьнан бен бала хила йиш йоцу, чIогIа инзаре хIуманаш. Наташа цхьана ханна Нохчийчуьра дӀайахара. Амма иза вуно сиха йухайеара, иза даима а йухайогIура. ХӀунда аьлча, дукха болх хуьлура, хӀунда аьлча, цуьнга сатуьйсуш дуккха а нах бара, хӀунда аьлча, цхьаммо гӀо дан дезара оцу нахана".

Дерриг а цуьнан бен бала хила йиш йоцу, чIогIа инзаре хIуманаш. Наташа цхьана ханна Нохчийчуьра дӀайахара. Амма иза вуно сиха йухайеара, иза даима а йухайогIура

Ша йеле масех де хьалха Эстемировас йукъараллехь информаци йовзийтира лаьмнашкарчу Аьхкинчу-Борзера Альбеков Ризван лачкъорах а, иза кхел йоцуш верах а лаьцна. Цул тIаьхьа маса Нохчийчуьра омбудсмен Нухажиев Нурди волчу кхайкхина хиллера "Гражданское содействие", "Мемориал", ишта кхечу бакъонашларъяран организацийн а белхахой. Цаьрга омбудсмено дийцинера, Кадыров вуно реза вац йоллу "Мемориална" а, къаьсттина Эстемирована а аьлла. Ганушкина Светланас иштта дагалоьцура и денош: "Наташас Альбеков верах лаьцна зорбане даккхаро оьгӀазвахийтира Кадыров, цо тIекхайкхинера Нурди а, иза воцург а".

Цул тӀаьхьа масех де даьлча йийра Эстемирова Наталья.

"Иза новкъа йара, иза царна массарна а товш йацара, иза массарна а бале йаьллера. Со тешна йу, и гӀуллакх тӀаьххьара тIадам бара. Цхьа а шеко йац, Наташин Ӏожалла, цо адамийн бакъонашларъярехь бинчу балхана дуьхьал бина бекхам хиларх. Иза дуьззина гуш ду", - тешна йу Локшина Таня.

Наталья баккъалла а чаккхе йоцуш дуьйцучу дуккхаъчу дийцарех цхьаннан турпалхо хилла дӀахӀоьттира, иза нийсса изза волайнхо хилла дӀахӀоьттира – иза нахана хьалха лачкъийра, йийра, дуккха а нах лечкъийна ма-хиллара, тӀетуьйхира бакъонашларъярхочо.

Таллам а, Европан кхел а

Эстемирова лачкъийра 2009-чу шарахь товбеца-беттан I15-чу дийнахь Ӏуьйранна. ТӀаьхьо иза лачкъош гинчу тешо бакъонашларъярхошка ма-дийццара, Наталья шен подъездера арайаьлча, масех стага схьа а лаьцна, машен чу тоьхнера. Мохь тоьхна шен цӀе йаккха аьтто хиллера цуьнан. Оццу суьйранна ГӀалгӀайчохь, Кавказан трассина гена доццучохь, ГIеза-Юьртан йистошкахь карийнера герзан чевнаш йинчу Эстемирова Натальин дакъа.

ГӀалгӀайчоьнан талламхоша стаг верна а, бакъо йоцуш герз лелорна а гӀуллакх долийнера. ШолгӀачу дийнахь ший а гӀуллакх вовшах а тоьхна, цхьана процессе дӀаделира Оьрсийчоьнан Федерацин прокуратуран Къилбаседа федералан кӀоштарчу талламан декъе. Къаьсттина мехала гӀуллакхашкахула волчу лакхарчу талламхочо Соболь Игоря куьйгалла дечу талламан тобанна тӀедиллинера гIуллакх таллар.

Бакъонашларъяран "Мемориал" центро дӀахьедар дира, Эстемирова Наталья йер цо лелийначу бакъонашларъяран гӀуллакхца дузуш. Цуьнан белхан накъосташа Эстемирова йерна жоьпалла Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна тӀедиллира, цо "Натальина кхерамаш туьйсура, сийсазйора, иза шен мостагӀ лорура" аьлла.

Талламхочо Соболь Игоря коьрта йиъ верси йу бохура иза йеран: Нохчийчоьнан Ӏедалан сий дайа Ӏалашонца; гамо хиларца; бахархойн бакъонаш йохош хиларан факташ зорбане йахарца доьзна Нохчийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахоша йийна хилар.

"Мемориалан" белхахоша чӀагӀдора тӀаьххьара верси тидаме эцар. Йуьхьанца дуьйна а уьш тешна бара Эстемирова адамийн бакъонашларъяран болх бахьана долуш ницкъахоша йийна хиларх.

Москвара митинг, 2009 шо
Москвара митинг, 2009 шо

Йуьхьанца хетара, талламхой боккъал а болх беш бу, бохуш дуьйцу Локшинас: "Наташин белхан накъосташка а, доттагIашка а масийттазза хеттарш дира. Ас айса а кхузза къамел дира протокола тIе дIа а йаздеш. Тхоьга а юх-юха а вовшашка телефонаш йеттара, кехаташ йаздора, протокол ца хIоттош а. Талламан тоба цхьа хӀума билгалдаккха хьийзара. Тхуна, Наташин белхан накъосташна, цхьаъ бен йоцу нийса хеташ йолу верси йуьйцура цара. ХӀара дикка дӀадахдира цара, масех баттахь лаьттира, тӀаккха иза лагӀделира. ТIаккха цӀеххьана гучуйелира и абсурдан верси, Наташа тӀемалойн карах йелла, бу бохучу цхьаболчу тIемалойн цIераш а йехира цара".

2010-чу шеран дечкен-баттахь талламхоша керла верси кечйира, Эстемирова тӀемалойн вербовщико Башаев Алхазура йийна хиларх, цуьнах лаьцна арахецначу публикацешна тIехула бекхам беш аьлла. Иза йийна ши шо даьлча, 2011-чу шеран товбеца-беттан 15-чу дийнахь, Талламан комитето дӀахьедира, таллам дӀахьош Башаев Алхазура Эстемирова лачкъийна, йийна хиларх "объективан тӀечӀагӀдарш карийна" аьлла.

Бакъонашларъярхоша бозуш боцу таллам дӀабаьхьира шайггара. Эстемирова Наталья йийна ши шо кхочуш, "Дуьненаюкъарчу адамийн бакъонашкахула йолчу федерацино" а, "Новая газето" а, бакъонашларъяран "Мемориал" центро а рапорт арахецнера, талламо хьалха йаьккхина верси бакъ хиларх шеконаш кхуллуш долу бакъдерш шена чохь долуш.

2021-чу шарахь мангал-баттахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело сацам бинера "Эстемирова Оьрсийчоьнна дуьхьал" аьллачу гӀуллакхехь. Хилларг талларан эвсаралла цахиларна тӀе а тевжаш, кхело къобал ца дира бакъонашларъярхо йерна Оьрсийчоьнан Ӏедалшна тIехь жоьпалла хилар, Москвано бехкзуламан гӀуллакхан йуьззина материалаш шайга кхачийна цахилар билгал а доккхуш.

Бакъонашларъярхочунна Черкасов Александрна хетарехь, Эстемирова йерна жоьпалла Оьрсийчоьнан Ӏедалшна тIехь хилар ЕСПЧ-но къобал ца дар гӀалат ду, шеко а йоцуш. Делахь а, хӀинца иза цхьана барамехь нисдина лара мегар ду аьлла, билгалдоккху цо: "БIаьста Страсбургехь Оьрсийчоьнан Ӏедалша динчу политикан нах байарх лаьцна ладогӀарш хилира, масала, Литвиненко а, Политковская а, Немцов а, кхиберш а байарх лаьцна. Оцу пакетехь ду иштта Эстемирован гӀуллакх а. Страсбурган кхелана хIинца хета, хIара гIуллакх – Оьрсийчоьнан Iедалан векалш чалтачаш болу гIуллах ду аьлла".

Кхераман атмосфера

Эстемирова йийна итт шо кхаьчначу дийнахь бакъонашларъяран организацеша арахецначу цхьаьна дӀахьедарехь чӀагӀдина ду, Нохчийчохь бакъонашларъярхой даим а хьийзор а, Оьрсийчоьнан Ӏедалша иза йийча эвсара таллам ца бар а, республикехь адамийн бакъонашца долу хьал эшна хилар гайтар ду. Кхераман климат кхуьуш хиларца меттигера бахархой ца хIутту бакъонашларъярхошка гӀо деха, аьлла ду дӀахьедарехь.

Наталья йуьйчу хенахь а санна, хӀинца а чӀогӀа кхоьруш бу нах бистхила, ткъа иза йийначул тӀаьхьа-м цара шайн Iа лакъийра, аьла хета Локшинана: "Хьо цхьана хIусаме воьду, цигахь стаг лачкъийна, Iазап хьегна цунна тIехь, хьоьга олу дуьххьалдIа: шу стенна даьхкина, шуьга Наташа лар ца йелла, аша тхо муха Iалашдийр ду? Цара соьга сайгга масийттаза иштта аьлла меттиг бу. Боккъал а цхьа шатайпа инзаре тӀеӀаткъам бира цо зенаш хиллачарна а, юкъараллина а тӀехь".

Эстемирова йийна бутт кхачале Соьлжа-ГӀалахь йийра "Спаси поколение" цӀе йолчу бакъонашларъяран организацин куьйгалхо Садулаева Зарема а, цуьнан цӀийнда Джабраилов Алик а. Садулаева Зарема Нохчийчохь тӀемаш бахьанехь зенаш хиллачу заьӀапчу берашна а, кегийрхошна а гӀо дарехь дакъалоцуш йара. Цо, Эстемировас санна, гуш-хезаш критика йора республикехь адамийн бакъонаш къиза йохош хиларна.

Эстемирова йийначул тӀаьхьа Нохчийчохь ротацин кепехь болх бечу Оьрсийчоьнан бакъонашларъярхойн вовшахтохараллех лаьтташ йолу "Консолидаран мобилан тоба" кхоьллира "Ӏазапна дуьхьалояран комитето". 2014–16-чу шерашкахь цу тобанан офисехь талораш лелийра, бакъонашларъярхошна а, жигархошна а, журналисташна а тӀелатарш дира.

Жигархошна а, журналисташна а, бакъонашларъярхошна а дуьхьал бакъо йоцуш наркотикаш лелорна бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал дехира: "Кавказский узел" гIирсан корреспондентана Гериев Жалавдина (2016 шо), "Кавказан къаьмнийн ассамблеян" президентана Кутаев Русланна (2017 шо), бакъонашларъярхочунна Титиев Аюбана а (2018 шо).

2020-чу шарахь 1АДАТ телеграм-каналан оппозицин чатан модератор 19 шо долу Тепсуркаев Салман лачкъийра, хьийзош, нахана хьалха юьхьӀаьржа хӀоттийра иза.

"Iазапашна дуьхьал Команда" тобанан юрист хиллачу Янгулбаев Абубакаран а, оппозицин 1АДАТ телеграм-канал лелочу ИбрехӀиман а нана Мусаева Зарема лачкъийра Лахарчу Новгородехь. Доьзалан петарера 2022-чу шеран дечкен-баттахь нуьцкъала Соьлжа-ГIала дIайигинчу цунна йукъарчу режера колонихь даккха 5,5 шо туьйхира.

Мусаева Заремин вердикт йовзийта 2023-чу шарахь товбеца-баттахь кеманца Соьлжа-ГIала йеанчу "Новая газетан" журналистна Милашина Еленина а, адвокатна Немов Александрна а аэропортера араболуш тIелетта, къиза йиттинера, царна кхеле баха аьтто а ца луш.

Наталья цхьаьна а йоцуш, цуьнан белхан накъосташа бан гӀерташ хилла болх кхин а тIе чолхе хуьлуш бара. Кхерамийн агӀор а, йукъараллехь дӀалаьцначу кхераман атмосферан агӀор а. Хенан йохалла нохчийн Ӏедалша республикера арайехира йерриг а бакъонашларъяран организацеш, бохуш, дерзийра Локшинас шен къамел.

  • 2009-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бехктакхаман гӀуллакх долийра хӀетахь бакъонашларъяран "Мемориал" центран куьйгалхо хиллачу Орлов Олегана дуьхьал. Бехктакхаман гӀуллакх долоран бух бара Орловс нахана хьалха дина дӀахьедар: Эстемирова Наталья йерна бехк биллира цо Кадыров Рамзанна. 2010-чу шарахь мангал-баттахь Орлов кхеле озийра, бакъонашларъярхо Эстемирова Наталья йерца воьзна ву Кадыров бохуш, дӀахьедарш дарна. 2011-чу шеран мангал-баттахь Орлов бехказа ваьккхира, цул тӀаьхьа Орловна уггар доккха таӀзар - кхо шо набахтехь даккха тоза деза бохуш, чӀагӀдеш хиллачу Нохчийчоьнан лидеран агӀоно латкъам бира оцу сацамна. Сийсазваран гӀуллакх масех шарахь лаьттира, 2012-чу шеран дечкен-баттахь дӀадаьккхира.
  • Дуьненаюкъарчу Human Rights Watch цӀе йолчу бакъонашларъяран организацино зорбане яьккхина Дуьненан рапорт 2023 - хӀора шарахь дерриг а дуьнентӀехь адамийн бакъонаш ларъеш долу хьал толлуш. Оьрсийчоьнах лаьцначу декъехь билгалдаьккхина ду Нохчийчохь адамийн бакъонаш къиза талхор. Цу кепара бакъонашларъярхоша тидам тӀебохуьйту "муьлхха а адаман резадацар къинхетам боцуш дойуш хиларна", шайна юкъахь махкара бевддачу Кадыровн критикийн гергарнаш лецар а, уьш гечдарш деха декхаре бар а долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG