Американ а, Евробертан а санкцешкахь йолу Нохчийчоьнан Оьрсийчоьнехьа хиллачу президентан Кадыров Ахьматан цӀарахчу фондо карарчу хенахь 36 миллиард гергга ахча дайъина Украинехь буьззина тӀом дӀаболабеллачу кхаа шарахь. Иза йерриг а республикин шеран бюджетан доьалгIа дакъа ду, иштта Соьлжа-ГӀалин кхаъа шеран бюджет а, ткъа ахча мичара долуш ду, хууш дац. И терахь бакъдолчуьнца догӀуш дуй, Кадыров Рамзанна тӀамна миллиардаш дайъар пайдане дуй те, дуьйцу эксперташа Кавказ.Реалиин редакторшка.
Фантастикан терахьаш
ГIура-беттан 17-чохь республикан ницкъаллин структурийн куьйгаллица хиллачу цхьаьнакхетарехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дӀахьедира, 2022-чу шеран чиллин-баттахь дуьйна Украинина дуьхьал тӀаме вахана Нохчийчуьра 51 эзар эскархо. Царех ах бохург санна 'волонтераш" бу, Гудермесехь Оьрсийчоьнан спецназийн университетехь йоццачу хенахь Ӏамийна, контракташ а йина тайп-тайпанчу регионашкара йолахой. Цо иштта хаам бира Кадыров Ахьматан фондо эскархошна 35,8 миллиард сом барамехь гӀо дина аьлла.
Официалан хаамашца, цу ахчанан доккхаха долу дакъа тIамна 2023/2024-чу шерашкахь Ӏаьнан муьрехь хьажийна. 2023-чу шеран лахьан-баттахь хиллачу цхьаьнакхетарехь Кадыровс дIахьедира "15 миллиард гергга ахча дайъина СВО-н хьашташна (иштта олу Оьрсийчохь Украинера тӀамах- Ред.), ткъа кхо бутт баьлча цо дийцира 2023-чу шарахь 28,6 миллиардах хьажийна хилар. Зазадоккху-баттахь регионан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада дӀакхайкхийра 31,2 миллиард, ткъа оханан-баттахь – 32,5 миллиард сом СВО-н дайъина аьлла.
Йерриг а фондан активаш стохка 5,3 млрд сом дара
Дустарна, Соьлж-ГӀалин шеран бюджет йу 9,8 миллиард сом, вуьшта аьлча, буьззинчу барамехь тӀом лаьттинчу кхаа шарахь бохург санна, Кадыров Ахьматан фондо республикин коьртачу шахьаран кхаъа шеран сов бюджет цу тӀамехь йайина. Йерриг а Нохчийчоьнан бюджетан цхьана шарахь йеш йолу харжаш йу 128 миллиард сом гергга, ткъа тӀамна дайъина ахча оцу бюджетан 4-а дакъа ду.
Кадыров Рамзана дӀакхайкхийна терахь, инзаре хетар дара муьлххачу а кхечу коммерцин йоцчу организацина а, Ӏедало гIортор йаш йолу организацина а. Масала, цу кепарчу организацешна йукъахь гулдинчу ахчанан барамца хьалхарчу меттехь йолчу Русфондо 2023-чу шарахь дайъина 1,4 миллиард сом, президентана Путинна гергарчу бизнесхочун Потанин Владимиран фондо – 5,9 миллиард, “Подари Жизнь” фондо – 1,1 миллиард. Махкахь уггаре а йоккхачу кхаъа фондан харжаш хаъал кӀезиг йу, дотацеш луш йолчу жимчу республикера регионан фондан харжашца дуьстича.
Цул сов, Нохчийчоьнан куьйгалхочо фондера терахьаш а, хаамбаран документаци а ца йеллира. 2021-чу шарахь цунна кхаьчна 597 миллион, 2022-чу шарахь – 804 миллион, стохка – 434 миллион сом. Стохка фондан йерриг а активаш йара 5,3 миллиард сом, цу юкъахь ара-чу ца баккхалун бахам (недвижимость - ред.) а, кхин болу бахам а болуш. Цуьнца цхьаьна Украинерчу тӀамна цу ахчанал 6-зза алсам ахча дайина.
Кремл кхеташ йолу практика
Пачхьалкхан нохчийн хаамийн гӀирсашкахь Кадыровн фонд хестош публикацеш йелахь а, йиллинчу хьостанашкахь цуьнан гӀуллакхех лаьцна буьззина хаамаш бац - гӀоьнан билггал дайъина ахча дӀа ца хоуьйту.
Республикан куьйгалхочо дийцарехь, цуьнан ден цӀарахчу фондо эзарнашкахь тоннашкахь гуманитаран гӀо хьажош ду Шема а, СаӀуда Ӏаьрбийчу а, ГIаззе а. 2023-чу шеран стигалкъега-баттахь Кадыровс дӀахьедар дира, фондо бӀеннаш хин гIунаш а, куьпаш а, 8 маьждиг а, 4 хьужар а йина Мьянмерчу рохинджа бусулбанашна.
Цул сов, Оьрсийчоьно Украинина дуьхьал тӀом болабелча, тӀеман Iалашонашна коьрта спонсорех цхьаъ хилла дӀахӀоьттина Нохчийчоьнан регионан фонд. Масала, цуьнан ахчанах Оьрсийчоьнан спецназийн университете схьабаьхкина йолахошна гӀирс эцна. Нохчийчоьнан куьйгалхочо хаам бира дехьадаьккхинчу патармех а, молханех а, йууьргах а, гӀирсех а, машенех а лаьцна, билгала йалла харжа а хоуьйтуш. Иштта цо дийцира Украинин оккупаци йинчу регионашкахь "денна дIакхачош долу массо а агӀор гӀоьнах" лаьцна.
ТӀедиллинарг, йолахой тIаме хьежор, амма Кремльна башха а дац, уьш муха гулбеш бу
Кадыров Ахьматан фонд цхьана а кхечу организацех тера йац, дуьйцу тӀамна дуьхьал "Весна" болам кхоьллинчу Литвина Богдана: "И фонд Нохчийчоьнан куьйгалхочун персональни хазна йу. Цуьнан "шен лаамехь хилар" Кремльна а, Кадыровна а йукъахь бина барт бу. Дагадоуьйту, ша Ӏедале веъча, Путина, харжамхошна ша Нохчийчоь "барте" йалийна стаг санна "гайтар". Цундела, цуьнан элиташна бакъо йелла, кхечу цхьана а регионехь дан йиш йоцург дан. Цхьаммо билгал ма-даккхара, иза унитаран Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а конфедераци йу, Кадыровн тоба Нохчийчохь коьртехь а йолуш".
Литвинс тидам тӀебохуьйту Путинна а, Кадыровна а йукъахь Украинера тӀамехь, Нохчийчуьра дакъош дакъалацарна барт бина хилар. Республикан куьйгалхо ша хьашт хилар а, ца хилча ца волуш хилар а регионал арахьа гайта гӀерта: "Кадыровс далочу терахьех, теша а йа талла йиш йац. Иза дозалла дар хила мегаш ду - хьажал, ма дукха ахча ду сан, сайн хьашт долчу агIор дайъа йиш йу сан".
Хаамийн гӀирсаша а, нохчийн жигархоша а дийцарехь, Кадыровн фонд тайп тайпа агIонашца белхахошкара а безнесхошкара схьадогIу ахчанца латтош йу, Сталинан заманера "пачхьалкхан кредиташ" – формалехь шен лаамехь а луш санна, дусту экономисто а, "Либеральная миссия" фондан урхаллан декъашхочо Жаворонков Сергейс: "Нагахь санна, ахчанан доккха дакъа Кадыровс тӀаме а ца хьажош шен кисан дуьллуш делах а, Москва оцу хIумна а реза йу. Коьртаниг – тIаме йолахойн тобанаш хьежор ду, ткъа уьш муха гулбеш бу, Кремльна башха а дац".
Ахча тIеман Iалашонашна хьажош ду, махкара халонаш йерзо хьажош дац
Кадыровн цӀарахчу фондан коьрта Ӏалашо пропаганда йу, Ӏедалан легитималла чӀагӀъярхьама. Иштта а Нохчийчоьнан куьйгалхочун доьзалан комаьршаллан васт кхолла, билгалдоккху нохчийн оппозицийн боламан NIYSO Ансар Дишнис: "Масалла, цара муьлхха а социалан объект, фондан чоьтах йарх лаьцна хаам бича, и ахча цуьнан киснара хьажийна бохург дац. И бохург ду, ахча бюджетера схьаэцна, амма, цара фондера делла бохуш дуьйцу. Вай тӀеман финансаш латтор дуьйцуш, Нохчийчоь цхьа пачхьалкх санна хета, шен тӀеман дакъош а долуш".
ТӀеман ахча латторах лаьцна дуьйцуш, Нохчийчоь цхьа пачхьалкх санна хета, шен тӀеман дакъош а долуш
Кхечу губернаторех цхьаммо а ца бо хаам, тӀеман йолахой а, гӀирс кечбарна дайинчу миллиардех лаьцна – цара и динехь нагахь санна, бюджетан ахчанах нийса пайда ца эцна аьлла, бехкебира бара, чӀагӀдо NIYSO-н векало: "Нохчийн массо а тӀеман структураш, Росгвардин а тIеман министраллан декъашхой бу. Тайп-тайпана махинацеш лелош, церан урхалло шайна дерзадо чудогӀучу федералан ахчанан доккха дакъа".
"Кадыровс "къамелаца" ахча луш ду, Украинера тIеман. Цо тӀамах ша дойъучул а алсам ахча доккху. Амма кхузахь вай тидаме эца деза санкцеш а, махкахь телхина экономикан хьал а, Кадыровх а хьакхаделла иза", - бохуш дуьйцу къамелхочо.
Нохчийн бахархошан тӀаме болчу хьежамах лаьцна дуьйцуш, Ансар Дишнис тӀетуьйхира, иза негативан буьсуш бу аьлла: "Бахархошна йукъахь хаттарш кхоллало, и ахча оьшучу хIумана хIунда ца хьажадо бохуш: масалла хи а, ток а, газ а, нахана даимна латто. Кест-кеста хуьлу республикехь царца йоьзна халонаш, амма цхьаннан а йиш йац хезаш хӀумма ала".
- Хьалхо Кавказ.Реалии сайто йаздора регионан куьйгалло кхайкхийна терахьаш бакъдолчуьнца догӀуш ца хила мега аьлла. Нохчийчохь, тIаме хьежор леладо- таӀзар санна, масала зулам дарна, наркотикаш лелорна, гомосексуализм йа оппозицин жигархошца гергарло хиларна. ТӀаьххьарниг нисделла ЯнгулбаевгӀеран доьзалан декъашхошца а, оппозицийн блогеран Халитов Хасанан вешица а, Ичкерин политикан Закаев Ахьмадан вешин кӀантаца а. Оцу масалша гойту, нохчашна Кремлан империн тӀамехь дакъалаца лаам ца хилар.
- Кадыров Ахматан фонд 2004-чу шарахь кхоьллина, цуьнан коьртехь йу карарчу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун 70 шо долу нана Кадырова Аймани. Олуш ду, фонд- КадыровгӀеран "альтернативан хазна" йу, цу чу массо а пачхьалкхан секторан белхахой "сагӀанаш" дала декхаре беш бу. Американ финансийн министралло "Глобалан Магнитскийн низамна" тӀе а тевжаш санкцийн тептаре йазийна йу фонд.
- Кадыров Рамзанан "альтернативни хазна" аьлла цӀе тиллинчу фондо тӀом боьдуш официалехь цо даьккхинчу ахчанах а хӀун эцна, иштта, и ахча мичара тIедогIуш ду – теллира Кавказ.Реалии сайто.