ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша кхоьллинчу Ичкерин батальонан хьокъехь бехкзуламан гIуллакхах лаьцна вистхилла Закаев


Закаев Ахьмад
Закаев Ахьмад

Ичкерин дозанал арахьарчу Iедалан куьйгалхо Закаев Ахьмад вистхилла ша вовшахтоьхначу Къаьстинчу леррина Iалашонаш кхочушъйечу батальонан (ОБОН) хьокъехь долчу бехкзуламан гIуллакхах лаьцна. И батальон Украинан Интернационалан легиона йукъайогIуш йу.

"Тхайн дакъа кхин тIе а шордийр долуш ду оха, кечамаш бийр бу кхин дIа а Оьрсийчоьнан агресси йухатухуш – тхуна и доккха дозалла ду", - дIахьедина Кавказ.Реалии сайте политико.

Кремльна гергарчу хаамийн гIирсаша хьалхо дийцира ОБОН-н шина тIемалочух вовшахтоьхна бехкзуламан гIуллакх кхеле кхачийна аьлла. ТАСС, "Интерфакс" агенталлийн хаамашца, материалашкахь хьахийна ву Закаев Ахмад а, Юсупов Мурад а – уьш бехкебо терроризмана. Оцу гIуллакхехула хьалхара кхеташо хир йу аьлла дIакхайкхийна Ростов-на-Дону гIаларчу Къилбан гонийн тIеман кхелехь мангал-беттан 18-чохь.

ТАСС агенталло йаздарехь, "2022-чу шеран товбеца-баттахь Украинан дозана тIехь ша Нохчийн Ичкерия Республикин лидер ву аьлла, дIакхайкхийна Закаев Ахьмада, Юсуповн тоба а, иштта муьлш бу ца хуу нах а ВСУ-н агIор тIемаш бан йукъаозийна".

Закаев Ахьмада дIахьедира редакцига, Амат цIарца Оьрсийчоьнан талламхоша вуьйцург ша ву, хIунда аьлча, Казахстанехь иза дуьненчу ваьллачу хенахь (Сталина къам махках даьккхинчу заманчохь) цигахь гIалатца йазйина хилла цуьнан цIе. ОБОН-н командир ву бохуш Юсупов Мурад хьехийра Оьрсийчоьнан телеграм-каналаша, официалехь оцу декъан буьйралла деш Зумсо Хьаьжа-Мурд ву.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо хьалхо кхайкхамбира мехкан бахархошка Закаев Ахьмад ве аьлла. Цул а хьалха Кадыров Рамзана чIир кхайкхийра, ВСУ-н агIор тIемаш бечу Ичкерин агIончашна.
  • Карарчу хенахь Украинин эскарехьа тIемаш беш нохчийн масех батальон йу. Шайх Мансуран цIарах батальон; Дудаев Джохаран цIарах батальон; "Акха арданг" дакъа; Special Operation Group (SOG) а, Гелаев Хьамзатан цIарах батальон а.
  • Украинана шуьйрачу тIамаца тIелеттачул тIаьхьа Ичкерин агIончийн аьтто хилира Оьрсийчоьнан дозана тIехь мел кIезиг а ши операци дIайахьа – стохка аьхка а, кху шеран бIаьста а. Оцу бахьанашца Белгородан кIошта кадыровхойн тобанаш хьийсийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG